ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дог дика Лиза


Австри -- Успаева Лиза, Вена.
Австри -- Успаева Лиза, Вена.

Малхбузерчу Европехь бехачу нохчашна юкъахь дуккха а бу тайп-тайпана керла говзаллаш а Iамийна, нахана а, шайна а пайдехь къахоьгу нах. Амма наггахь бен ца нисло царна юккъехь Венера месаштойархо Успаева Лиза санна дуккха нахана бевзаш а, адамашца хаза мотт карош а говзанчаш.

Шен балха тIехь уггаре а самукъадолуш дерг зударийн шайн хазаллех тоам а бина, йоццачу ханна хилла а ирсе а хилла ша йолчура цIехьаберзар хета Венерчу месаштойархочунна Успаева Лизина.

Венехь бехачу нохчашлахь дика евза цу гIалин юккъехь Iуьллучу шозлагIчу кIоштахь болх беш йолу месаштойархо Успаева Лиза. Парикмахер Лиза аьлча нохчашна евзина ца Iаш, иштта цкъа мацах Советан пачхьалкхе хиллачу меттигашкарчу нахана а хаа, цуо болх говза а, кхачаме а, хIора а ша йолчу кхаьчначу клиентаца боккха ларам гайтарца а бойла.

Шен Венерчу Иббштрасехь йолчу месаштойаран салон чохь Лизас тукар ловзош гича хетало, иза бераллехь дуьйна и болх беш хилла олий. Амма бакъдолчехь Австре кхачале месаш тойарна кхин геноха хила йиш юй-те аьлла хета болх беш яра ша бохуш дийцира Лизас Маршо радионе, ша бечу балхана юкъара а ца йолуш.

Успаева Лиза: „ЦIахь йолуш инженер болх беш яра, Петарбухера технологин интститут яьккхинера ас. Ткъа месаштойаран дешар кхузахь Iамийна. Бакъдерг аьлча, со жима йолуш дуьйна и месаш тойеш хазхеташ а, цунах самукъадолуш а яра. Амма дешна яцара я болх бина а яцара. Кхузахь со схьаеъча, со кхийтира, айса цIахь бина болх соьга кхузахь балур боцийла.

ТIаккха соьга хIун далур дара-те аьлла, ойла а йина, интернетехула лехамаш а бина, цхьа академи карийра суна Венехь headQuarters Academy цIе а йолуш. Цигахь дийшира ас, дешна аьлла ас экзаменан бина болх массарел а гIолехь бу аьлла, хьалхара меттиг а елира суна. Ас хьалха Iамийначу инженеран говзалло-м суна вуно доккха гIо до месаш тойечу хенахь, хIунда аьлча сайн схеаманашца болх бан а Iемина, хIинца месаш тойарехь оцу сохьта коьрта чохь сурт кхоллало сан, цхьа схема санна, ас и месаш муьлхачу агIор тойан йиш ю бохучун“.

Хьахийна ма-хиллара, тайп-тайпачу къаьмнех бу шайн мас тойайта Лизина тIе оьхуш болу нах. Амма цара шаьш мичара орамаш болуш бу бохург хьаха дан а кхиале, кхета ша, уьш муьлхачу къомах я муьлхачу махкара бу бохуш дуьйцу месаштойархочуо. Тамашийнарг ду, иза цунна месийн кепах а, коьрта туьтан башхаллех а гуш хилар. Иштта тамашийна ду, хIора а къаьмнех болчу нехан месаш лелоран а, хедоран а цхьа шайн башха, юкъара амат хуьлуш хилар.

Успаева Лиза: „Цхьа адам суна тIедеъча, цуо шена хIун оьшу схьа а алале хууш хуьлу суна, цунна муха месаш тойайта лаьа, бохург, цуьнан къоме хьаьжжина. Австрихойн, масала, месаш кIеззиг а хуьлу, юткъа а хуьлу. ТIаккха царна уьш шанй алсам хоьтуьйтучу агIор кечйайта лаьа шайн мас. Славянийн орамаш долу къаьмнийн, сербхойн а, украинхойн а, оьрсийн а месаш дуккха а, стома а хуьлу, царна, мелхо а, шайн месаш юкъ.къера дIа а цоьстуш, нилха яйта лаьа. Суна со йолчу месаш тойайта баьхкинарш церан коьртах куьг ма Iоьтнехь, кхета, уьш муьлхарчу къомах бу, церан туьтийн башхаллех. Оццул карабирзина суна хIара болх кху исс шарахь.

Маршо радио: „Нохчийн зударшна муха тойеш хазахета шайн месаш?“

Успаева Лиза: „Нохчашна муха езий? Коьртахь йовлакх соцуш хилчахьана тоур ду хьуна, олуш дукхахчара. Хиджаб лелочара шайн мас йовлакх бухахь сацийта химица хьовзайойтуш а хуьлу мас. Цхьаболчарна хета, ас хиджаб лелош хилча, хIун бен ю и месаш мухха а хилча а, уьш гуш стаг а вац олий.

Вукхара, мелхо а, хиджаб охьаяьккхича, шайн хIусамдена хазахилархьама хаза кечйойта шайн мас. Къонаниш алсамох а хуьлу со йолчу оьхуш болчарна юккъехь. Нохчийн зударий мелла а шаьш къанбелча я къоналла дIаяьлча, шайн мас тойайта я эхь хеташ, я иза осала хеташ хуьлу, цундела уьш кIеззиг богIу суна тIе“.

Харц хир дара Успаева Лиза йолче вайнах еккъа цхьа месийн бала оьций боьлху я беккъа хазбалархьама боьлху аьлча. ХIора кхомалахь месаштойархойн шозлагIа говзалла психотерапевт лоруш ю, церан дукха адамашца цхьаьнакхетар а хуьлу дена, церан шайн клиенташца къамелаш деш Iедал а хуьлу дена. Иштта ду Австрера уггаре а евзаш йолчу нохчийн месаштойархочун Лизин хьал. Зударийн месашца болх бина ца Iаш, хийла церан синошца а, цаьргахь нислучу гIайгIанашца а болх бан безаш нисло ша бохуш дуьйцу хазаллин говзанчас.

Маршо радио: „Лиза, кху Венехь хьо массарна а аьлча санна вайнахана евзаш ю. Хьуна а бевза дукха нах. Ма дукха тамашийна хIумнаш хезаш хир ду хьуна кху чу оьхучу нахера?“

Успаева Лиза: „Цхьаьна нохчийн зудчо цкъа элира соьга, делахь, Лиза, хьан балхана богIу мах хьуна дIа а белла, еккъа цхьана шина сохьтехь хьоьца къамелаш деш Iийр яра-кх со, аьлла. Иштта хIума нисло хийла. Наха цхьацца шайн дахарера хIумнаш дуьйцу, хеттарш деш а хуьлу, цхьацца хьехар лоьхуш а нисло.

Кхуза со йолчу тайп-тайпана белхаш беш болу вайнах ма оьху, тIаккха цара шайн визитан карташ дуьту. Юха ас кхечаьрга сайна хууш йолу информаци дIало. Масала, берашца цхьа проблема йолуш да-нана хилча, хьажал дIогахь нохчийн ишкол ю хьуна олу ас, я хьуллахь маьждиг чохь хьехамаш беш нохчийн молла ву хьуна, я кхиндерг ду хьуна, олий. Самукъа а долу сан, сайн цхьанна гIодан я цхьа пайдехьа хьехар дан аьтто баьлча“.

Бакъдолуш, дийнахь иттанашкахь нохчи кхочу Успаева Лизина тIе. Иза Венехь лоруш йолу месаштойархо хилла ца Iаш, иштта дуккхаъчу нехан оьшучу хIуманна тIехь накъост а, доттагIа а, йиша а хилла лаьтта. Цундела а хир ду цуьнан Иббштрассерчу месаштойаран салонехь цкъа а клиентийн я хьешийн къелла ца хилар.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG