ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрига шерашкахь къинхетам боьхуш Ιа нохчийн доьзалш


Австри -- Протестан гулам дIахьош бу махкара шаьш арабаха кечбарна резабоцу нохчий, Вена, 15Тов2012
Австри -- Протестан гулам дIахьош бу махкара шаьш арабаха кечбарна резабоцу нохчий, Вена, 15Тов2012

БIе гергга нохчийн мухIажир ву карарчу хенахь Австрин Iедалша, тховкIело а ца луш, Оьрсийчу цIехьа хьажон кечвина. Дуьхьалонан акцеш ярца а, хаамийн гIирсашкахь орца дехарца а шайна цу махкахь буьсу некъ лоьху цара.


Тамаев Тамерлан гIеметтахIоьттина стаг ву. 2007-чу шарахь дуьйна Австрехь веха иза, бакъду, хIинца а цхьана а цу махкахь ваха бакъо луш долчу кехатан да вац. Цкъа а, шозза а цуьнан политикан тховкIело йоьхуш болчу кхайкхамна дуьхьал дацаре жоп делла Австрин Iедалша.

Бахьана - Iедалхошна Тамаевна Оьрсийчохь я Нохчийчохь цхьанна а кепара кхерам бац аьлла хетар ду. Бакъду, ша Тамаевс и кхерам шена а, шен доьзална а вуно чIогIа бу бохуш чIагIдо. Цо дийцарехь, иза Нохчийчохь оьрсийн эскарийн ницкъаша дIабаьхьначу шина а тIамехь дакъалаьцна ву.

Нохчийчуьра ша араваьлча, цкъа хьалха, Азербаджане ваханера Тамаев, мухIажир ваьлла. Амма цигахь хьал талха доьлча, доьзалца Австре дIавахара.

Тамаев Тамерлан: „Бакох суна а, со санначарна а кхераме хьал а хилла, кхуза схьавеанера со, сайн доьзалан мукъане а паргIат Iен йиш хир яцара теша, аьлла. ХIунда аьлча, оцу Азербаджанехь хьал тешаме дацара, цигахь Iедалша схьалаьцнарг цIахь вийна карош а нислора. Соьга цIахь сан бисинчу наха а дехарш дора, цигара дIа кхин гена валалур вацара теша хьо, олий. Ткъа кхузахь бакъонаш ларъяран гIуллакх гIолехьа ду, хIара Европа а ю, кхузахь демократи а ю, аьлла, схьавар нисделлера сан“.

Тамаевс дийцарехь, иза билггал кхеташ вац, Австрин Iедалша шен тховкIелонах долчу дехаршна дацаре жоп далар стенца доьзна ду. Хила там бу, боху цо, ша мигрантийн сервисехь интервью лучу хенахь, цIахь бисинчу шен гергарчарна зе даларна кхоьруш, цхьаццадолу шен тIеман леламашца доьзна хIуманаш цкъа хьалха башха шуьйра дийцина ца хилар цу хIуманна бехке хила.

ТамаевТамерлан: „Сайн цIахь берш ларбеш, бакъдерг дийцича, ас айса сайн пачхьалкх, Ичкери, ларъяран хьокъехь а дерриге а ца дийцинера. И хIуманаш ас кхин ма-дарра со мацах цIахь лаьцна волчу хенахь а ца дийцинера, ткъа кхузахь а цхьа мелла а кхоалуш дийцинера ас, кхарна сайх йолу информаци тоьаш хир ю моьттуш“.

Бахьана мухха делахь а, Тамаев Тамерланна хIинцале а шозза дацаре, мухIажарша шайх „негатив“ олуш долу жоп даийтина Австрин Iедалхоша. МухIажирехьа гIо доккхуш, бевзаш болчу адамийн бакъонашларъярхоша яздинчу тоьшаллаша а гIо ца дина, мигрантийн сервис цунна мукъарло деш ян.

Тамаев Тамерлан а, цуьнца цхьана бIе герга нохчийн мухIажир а, меттигера австрихойн юкъараллин жигархой а цу кепара вайнехан мухIажирш, тховкIело а ца луш, Оьрсийчу дIахьежорна шайна резадацар дIакхайкхон арабевллера Венехь.

Масех сохьатана, цкъа хьалха Цхьанакхеттачу Европан коьртачу гIишлонна хьалхахь, цул тIахьа Венин парламентна хьалхахь дуьхьалонан акцеш дIаяьхьанчу цара билгалдаьккхира, Австрин мигрантийн полицино тIамах а, Iедалийн таIзарех а бевдда баьхкина болу нохчийн муIхаиарш юха цIехьа хьежор – иза масех дуьненаюкъара низам а, конвенци а йохош долу зулам хилар. Дуьхьалонан акцехь дакъалаьцначех вара Веданан кIоштара Билал а.

Билал: „Пхи шо хан ю со кхузахь волу. Сан да а, деваша а тIепаза байна 2002-чу шарахь. Со со 2004-чу шарахь а, 2006-чу шарахь а шозза, а дIа а вигина, хьийзийна ву. Айса ца динарг а, динарг а тIелаца а дезна, цул тIахьа цIера ведда кхуза схьавеана ву со. ХIинца кхузахь „депорт“ а яийтина, цкъа хьалха ведда лийлира со, цул тIаьхьа кхин а цкъа сан кехаташ толлур ду шаьш, аьлла, и махкал араваккхаран гIуллакх цкъачунна сацийна цара сан. ХIетте а кхин башха тешаме хIума-м дац“.

Тамерлан а, Билал а санна, тховсий-кханий меттигерчу полицино, чу а лилхина, лаьцна цкъа цхьалха депортацин набахте а, цул тIахьа сихонца Оьрсийчу а хьовсорах богуш Iечу нехан терахь, адамийн бакъонашларъярхоша дийцарехь, карарчу хенахь бIе стаге кхочуш ду Австрехь. Амма цу кхерамах ларбалархьама, къайлаха, бовза-безачаьргахь буьйсанаш а йохуш, бехачийн терахь кхин а доккха долчух тера ду.

Венехь дIаяьхьина хилла дуьхьалонан акци цу нехан хьолана тIе тидам бахийта лерина яра. Иза вовшахтоьхначу адамийн бакъонаш ларъяран юкъараллин векалша дийцарехь, и санна йолу акцеш гергарчу хенахь Австрин кхечу гIаланашкахь а дIахьор йолуш ю.
XS
SM
MD
LG