ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Орцахъяла кийча ю „Нохчийн зударийн кхеташо“


Австри --„Нохчийн зударийн кхеташонан“ куьйгалхо Яхьяева Малика.
Австри --„Нохчийн зударийн кхеташонан“ куьйгалхо Яхьяева Малика.

Нохчийчуьра уггаре а дукха мухIажарш бехаш пачхьалкхе Австри хиларх терра, дуккхаъ бу цигахь керла дешарш а дешна, керлачу тIегIанашкахь аьттонца белхаш беш болу вайн махкахой.

Яхьяева Малика Астрехь ехаш йолу иттех шо ду. Тахана социалан белхаш беш йолу иза Нохчийчохь хиллане а цу кепарчу белхашца цхьа а уьйр хилла яцара, - иза Соьлжа-гIаларчу Шериповн цIарахчу мехкадаьттан заводехь болх беш хиллера шен доллучу дахарехь а.

Ткъа Европе схьакхаьчначул тIаьхьа гонахьарчу хьелашца долу дахар а кхечу тайпана хилла ца Iаш, ша дахарехь мел Iамийнарг а, мел карадерзийнарг дита а дитина, керла, шена хIинцалца схьа девзаш ца хилла некъаш долон дийзира шен, бохуш дуьйцу цуо, карарчу „Австрерчу нохчийн зударийн кхеташо“ цIе йолчу цхьанакхетараллин куьйгалхо йолчу.

Цу цхьанакххераллехь гIо до, Австрехь дIатарбала гIертачу зударшна а, церан доьзалшна а царна ког баьккха-баьккхинчехь дуьхьал хIуьттучу халонашна тIехь, хуьлда иза хийрачу Iадаташца Iоттабеллачу вайнахана шайн орамаш лардан а, хийрадерг а, шайн къомадерг а цхьаьнадало я и ши агIо ка ма - доллу лазаме доцуш берашца кхетам кхиоран болх барехь юхьаралаца.

Доцца аьлча, Малхбузенехь тIаьхьарчу шерашкахь сел чIогIа йийцаре яьккхина йолу интеграци, иштта аьлча, „нохчийн сибтаца“- иза бу Маликас куьйгалла дечу юкъаралло юхьаралаьцна олу некъ.

Цуо ша иштта дуьйцу шен цхьанакхетараллин Iалашонех лаьцна.

Малика: „Суна тIе богIуш болу нах, со санна, кхуза схьабаьхкина, дIатарбала гIерташ болу нах бу. Балхаца доьзна хуьлда иза я цхьацца кехаташца доьзна долу хIумнах ца кхеташ хуьлда иза, я шайн чохь доьзалхошца цатам нсилуш а. Тайп-тайпану хуьлу церан лазамаш. Айса и хIума Iамийна хиларх терра, царна нийса некъ хьеха гIурту со, сайн болчу ницкъаца“.

Малика ша гIеметта хIоьттинчу хенахь махках яла а дезна, хийрачу метте, кхеташ ма-хиллара, хийра мотт лелачу махка схьаена хиларна, цуо мотт Iамор а, Iамийна а ца Iаш, керла дешар а дешна, цу дешарца ша шена белхан меттиг а кхоьллина, къахьоьгуш хилар боккъал а кхечарна масала лара мегар ду.

ХIунда аьлча, цхьаццаболчу вайнехан гIеметта хIоьттинчу мухIажаршлахь яьржина хуьлу, нагахь санна хьо бер долуш я кхиазхо волуш кху Европе ца кхаьчнехь, кхузахь кога-ира хIоттавала аьтто банне а бац, боху ойла. Амма лаам а хилча, жимма кха а хьегча, хIора а стеган Европехь дIатасвала аьтто буйла гойта Маликас шен белхаца.

ХIунда аьлча, цкъа хьалха мотт а Iамийна, цул тIаьхьа деша а дешна, ша болх лаха йолаелча, ша ханна жима ца хиларна, Iедалан белхашка цхьанхьа а дIаэца ца тикира ша, бохуш дуьйцу цуо. ТIаккха кхоьллира цуо ша шена белхан меттиг.

Маликин белхашна тIехь уггаре а мехалчарех дакъа Австрехь бехачу вайнехан доьзалшкахь дай-нанойн, тIекхуьучу церан берийн юкъаметтишкахь кхоллалуш йолчу халонашца доьзна ду. ХIунда аьлча „Берийн-дайн конфликт“ олуш болу и классикан Iотбакхам боцуш ца буьссу Европехь бехаш болу нохчийн доьзалш а.

Малика: „И сингаттам бийцаре беш нисло оха. Нисло наноша, ишттаъ-ишттаъ хьал хIоьттина шен доьзалехь, хIун дича хIун хир дара те, олий, лазам балхош. Ас я цу нене а, я цу бере а юзуш, царна юккъехь маслаIат дан гIурту со. Кхеран амалах иен а, хьан амалах тен а царна атта дац, цу берашна. Вайн дай-наноша вай ваьш доьзалехь кхиийна, шича-маьхчалахь кхиийна, юьртахь а, вайн гергарчу нахана юккъехь а кхиийна. Ткъа церан и аьттонаш бац.

Вайн доьзалш вай, дукхахьолехь, беа пена юккъехь кхиош ду. ГIелвелла балхара чу еана нана а дIатевжа, йоккха йолу йиша а гIулакхш дой гIелло, ткъа и жимох долу бер ша шеца дуьсу. Вайн гIиллакхаш а, Iадаташ а Iама цхьа а аьтто бац церан. ТIаккха цара арахь шайн гуш дерг цхьа чу дахьа. Цу беран бехк а бац. „Ден-ненан а бехк бац“ олу вай, хала зама ю, олий.

Делахь а, мел хала делахь а, дийнахь цхьа сахьт мукъане а цу шайн доьзалшца дагадовла а, цаьрца къамелаш дан а хан лахийша, царна хIун оьшу, царна хIун хета бохург талла, олу ас. Сом-эппаз кхузахь Iедало нах чохь Iашшехь, луш ма ду, Делан къинхетамца.

Доьзал ма байъиша шайн, церан дагара хьовсийша. Уьш бахьана долуш вай кхуза схьадаьхкина а хилча, церан дуьхьа кхузахь Iаш а хилча. Цхьа сахьт мукъане а дийнахь ахь цу доьзалхочуьнца дайахь, цуьнан дагчуьра иза цкъа а дIадер дац заман йохалла. Вайна а лаьттина иза, царна а лаьттар ду“.

Кхин цхьа а мехала дакъа ду Яхьяева Маликас вовшахтоьхначу „Нохчийн зударийн кхеташо“ цхьанатохараллин белхан. Иза берашна нохчийн мотт Iамор ду, цу юкъаралло вовшахтоьхначу берийн курсашкахь. Ненан мотт бицбаларца, я иза тоъалла ца хаарца йоьзна йолу халонаш яккхий ю Австрехь бехачу вайнехан доьзалшкахь, бохуш дуьйцу Маликас кхин дIа а.

Малика: „ХIинций-хIинций цIадоьрзур ду вай, бохуш, дукха адам дисина кхузахь, шаьш Iамон дерг а, шаьш дендерг а ца деш, шо шаре мел долу а, ДегIастана юхадоьрзур ду бохучу ойланца. Амма хIинца кхета дуьйладелла вай, ваьш кхузахь дисина довлуш лаьттийла.

Доьзалш а кхиъна кхузахь. Цундела жимма тIаьхьадисна цу маттаца долу хIума а. Амма Даламукълахь тIекхуьуш дукхаъ хазанехасанна хьекъал а долуш, хьуьнарш а долуш нохчийн социалан белхахой а бу, цара цхьацца кхетаме пайде проекташ а кхуллуш, и ненан мотт Iамор а, гIиллакхаш Iамор а тIаьхьакхиор ду, и хIума цара лардийр ду аьлла, тешна ю со“.

„Нохчийн зударийн кхеташоно“ Iуналла до иштта Венехь боккхачу аьттонца концерташкахь а, фестивалашкахь а дакъа а лоцуш, кест-кеста хьалхарчу меттигашца шайн къинхьегаман жамIаш хаздеш йолчу „Ламан аз“ цIе йолчу берийн хелхаран тобанна.

Карарчу хенахь лерина вайнехан зударийн хьашташна кхоьллина и цхьаъ бен яц Венехь гIодаран юкъаралла, зударшна консультацеш еш а, церан баланашка ладIугIуш а, ка ма- долу царна гIо деш а. Цундела а бу Яхьяева Маликас а, цуьнца белхаш бечу тобано а юьхьаралаьцна болу некъ сел мехала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG