ТIекхочийла долу линкаш

Вена - нохчийн сатийсаман гIала


Австри -- Некъа тIехь сурташца шайн сатийсамаш "язбо" нохчийн бераша, Вена, 2012, аьхке.

Австри -- Некъа тIехь сурташца шайн сатийсамаш "язбо" нохчийн бераша, Вена, 2012, аьхке.

Кху дуьнентΙехь мичахь дика ду стагна ваха? Нийса жоп цхьаъ бен хуьлийла дац – даймахкахь. Амма, халахеташ делахь а, адамийн даймехкаш а бу кеп-кепара. Европа тахана гергара цΙа а хилла бехачу нохчашлахь дукхахберш беха Австри-пачхьалкхахь. Ткъа церан баккъала а дозалла дойла ду шайна тхов-кΙело, керла дахар деллачу махках а, цуьнан шахьарах а. ДуьнентΙехь уггаре дика гΙала ю аьлла цΙе тоьхна цунна хьелаш талла охIла йолчу дуьненаюкъарчу хьукмато. Нохчашна иштта го цигара дахар...



ДоьалгIачу шарахь тIаьхьий-хьалхий коьрта метиг яьккхина Австрин шахьаро Венас доллучу дуьнентIехь а Iер-вахарна уггаре а аьхна меттиг хоржучу къовсадаларехь.

Некъийн инфраструктура, кхерамазалла лаккхарчу тIегIана тIехь хилар, сурсатийн мехаш лахара, меттигерчу бахархойн хьаша-да тIеэцар тоьллачу амалшца хилар, гIалахь транспорт дика лелар, цIаналла, адамийн хьасане хилар – и дерриге а лорура дуьненаюкъарчу консалтинган Меркер компанино ши бIе гIалана юкъахь дIабаьхьначу къовсамехь.

Ткъа Вена цу массо а категорехь тоьллачех хилла.

ХIара гIала иштта тоьлла ю, я хир ю аьлла, шайхалла доьсина, кхузахь баха хевшина болчу нохчаша иза хаьржина, олийла дац. Амма делахь а хьахон догIу, Венехь карарчу хенахь Европерчу кхечу гIаланашкахьчул уггаре а дукха нохчий бехаш хилар. Уьш тайп-тайпанчу хьосташца 10 эзар стагал сов бу, ткъа йоллучу Австрехь 30 эзар нохчо ву мел кIезга а.

Масех шо хьалха кху гIалин дайша а, мехкан куьйгалло а дIаяьхьана мигранташца хьошалле политика бахьана долуш, дукхахболчу Европе схьаоьхучу вайнехан мухIажирша Вена хоржура Iа-ваха а, политикан я гуманитаран тховкIело еха а.

Царех цхьаъ ю шовзткъе пхи шо долу Зайнап. Зайнап Венехь еха ах шо бен дац. Германехь а, Австрехь а цхьацца ваша ву цуьнан вехаш. Германерчу вашас ша волчу шега дIакхойкхушшехь, жимахволчу вешица Венехь йисина ша, бохуш, дуьйцу цо Маршо Радионе, кхузахь аьхна а хетта.

Зайнап: „ЧIогIа тов суна хIара гIала, къаьсттина кхузара цIаналла а, нехан тIекаре хилар а. Велавелла-векхавелла ву массо а, шайга цхьаъ новкъахь воьду-вогIуш хаттахь, иза хьоьга ма-хуьллу кхеташ схьадийца гIерташ хуьлу, ванах, ас и ца хаьттинехь вас хуьлуш ма хилла кхунна, аьлла, хеттал. Цхьанна меттехь гуш Iедал дац хьуна, амма деш я зуламаш а дац, я еш цхьанна а гIело а яц“.

Австрин коьртачу гIалахь бехаш эзарнаш нохчий хиларх терра, кхузахь тайп-тайпанчу белхашкахь а, дешаршкахь а вайнах карабо. Ког баькх-баьккхинчохь аьлча санна го нохчийн туьканаш, луларчу пачхьалкхашкара а тIаьхьа вайнах хIума эца а богIуш, евзаш йолу. Хьанал-жижиг, ДегIастанахь хуьлуш долу сурсаташ, шайна юкъахь женехча а, ахьар а, нохчийн ламанца даьккхина моз а долуш, хуьлу цигахь эца йиш йолуш, ур-аталла вайнеха зударша шаьш дан а деш, духкуш долу бIараш а, йоьхьаш а. Iа юккъе даьлча, хьонка схьабаьллачу хенахь, иза а хуьлу цу базаршкахь эца.

Австри --- Венера нохчийн интернет-туька, 07ГIу12

Австри --- Венера нохчийн интернет-туька, 07ГIу12

​Нохчийн мотт хеза урамашкахь дIасалелачу наха буьйцуш. Венехь болх беш, вайнехан берашна нохчийн къоман хелхарш Iамош кхерч а бу, вайнехан культуран хIусам а ю. Иштта нохчийчо кхоьллина масех карате-клуб а ю, иттанаш вайнехан а, меттигерчу а, кхечу къаьмнийн а берашна карате Iамош йолу.

Къаьсттина вайнахана, уьш бусулба хиларна, вуно томехь метиг ю Вена. ХIунда аьлча, кху гIалахь цхьа а тайпа гатто яц хьаналчу сурсаташца а, маьждигашца а, бусулба духаршца а. Цу хIуманна тидам бо Маршо Радиоца къамел дкчу Венин яхархочо, 28 шо долчу Маккас а. Иза хIинцале а, 100 шо хьалха Австрин хIетахьлерачу кайзеро бусулба дин кхечу динашца дIанисдар чIагIдеш, низам тIеэцарца доьзна ду, бохуш дуьйцу цо.

Макка: "Бусулба динца йоккха паргIато ю кхузахь, хьанал юург ю шортта эца, эца тIедуху а, когадуха а духарш ду, бусулба динца догIуш ма-хиллара. Иза лелорна хIумма а бохуш стаг а вац цхьанге а. Деша луучунна аьттонаш бу, лаахь бусулба дешар а, лаахь дуьненан дешар а. И паргIатонаш бIе шо хьалха Австрин кайзеро тIеэцна хилла бусулба дин къобалдеш долчу низамца доьзна ду. Боккха Делан къинхетам бу иштта аьттонаш кхузахь хилар“.

Хьахон догIу, дуьнентIехь тоьлла гIаланаш лоруш ерш дукхахьолехь уггаре а езанаш хуьлуш хилар. Ткъа Вена цу тIехь а массарел тоьлла. Кхузахь сурсаташ а, юург а дуккха а йораха ю, масала, луларчу Италехьчул.

Ткъа бензин Италехьчул а, Германехьчул а дораха ду. Цундела а еза хIара гIала а, мохк а, вайнехан мухIажиршна езна ца Iаш, иштта доллучу дуьнентIерачу туристашна а. Москох я Соьлжа-гIалахьчул шозза дораха ду кхузахь кхачанан сурсаташ, бохуш, цецбуьйлу цIера Венера хьошалгIа баьхкинарш.

Ала догIу иштта, Оьрсийчоьнан коьрта гIала Москох я цхьа а кхин оьрсийн гIала а „Меркер“ тобано хIора шарахь кхуллучу тоьллачу гIаланийн рейтинга юкъа яххане а ца яхана.

Венина тIаьхьахIоьттина йогIуш ю Канадера Ванкувер а, Керлачу Зеландера Окленд а, Данин коьрта шахьар Копенгаген а.

Iер-дахарна уггаре а хала а, тешам боцуш а гIала Иракъан коьрта шахьар БагIдад хаьржина талламхоша кху шарахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG