ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь бен шайна кхерамзалла яц боху мухIажирша


Австри -- Хьалхо нохчаша хIоттийна хилла гулам, 2012
Австри -- Хьалхо нохчаша хIоттийна хилла гулам, 2012

Австрин шахьарахь Венехь гулам хIоттийра нохчийн мухIажирша шоьтан дийнан делкъал тIаьхьа. Цуьнан Iалашо яра Iедалшна цо цIехьахьийсабечу нахана тIехь мел кхерам кхозу гайтар.


Массех бIе стаг вара гуламехь. Нохчийн мухIажиршна гIортор еш, цаьрца цхьане акцехь дакъалецира австрихойн "Баьццарчу Партино" а.

Деношкахь мухIажирийн терго ечу хьукмато полицин гIоьнца, меттара гIитттош а, урамашкара дIалехьош а, вовшахтоьхна, ницкъаша 11 стаг кеманца кхачийна Москох. ХIинца оцу нахах хиндерг дац хууш.

Бакъду, Австрин полисхошна лаца а, махкахваккха а цIетоьхна, бухахь ваха бакъо пачхьалкхо яланза висинчех 100 мухIажир вара. Амма царех дуккхахберш луларчу Германехь я Францехь къайлабевлла, дIалевчкъина, бисина цкъачунна Европехь.
Шеко ю уьш кхузахь совца бакъо а кхаьчна бехар бу бохучун.

Кхин а кхераме ду мухIажирийн хьал, царалахь даьржина хабар бакъделахь - 1000 нохчийн мухIажир ву, дийцарехь, Австрин Iедало Оьрсийчоьне дIавала къастийна. Оцу жамIе тIекхаьчначух тера хета нахана Вене листинчу Кадыров Рамзанан векалш а, бухара Iедалш а.

Билггал мила, масса ву мухIажиршлахь Кадыровн администрацино шайца гамо кхобуш, Нохчийчу кхачийча хьизор волуш - иза ала дац. Амма шеко а йоцуш бан а бу Австрерчу мухIажиршлахь цIерачу тIамехь оьрсийн эскаршна а, Кадыровна гонахарчу Кремлана муьтIахьалла гайтинчу нахана а герз карахь лаьттинарш а, политика бахьанехь гамбелларш а.

Венехь гулам берзош, мухIажирша циггахь кечйина петици хьажийра Австрин Iедале. Шаьш дойур долчу хьоле ма дахахьара, махкахь дитахьара, шайца къинхетаме хилахьара аьлла ю иза.
XS
SM
MD
LG