ТIекхочийла долу линкаш

Iилманчаша теллина Австрера бусулба юкъаралла


Австри -- Венера маьждиг, 20Заз2012.

Австри -- Венера маьждиг, 20Заз2012.

Австрехь зорбане бевллачу керлачу талламаша гойту, меттигера бусулбанаш цу пачхьалкхан вуно мехала дакъа хилар а, хаамийн гIирсашкахь царех лаьцна даржош долу питане хабарш бакъдолчунна гена хилар а.

Нагахь санна хаамийн гIирсашкахь бусулба зудчух лаьцна цхьаъ яздеш хилахь, даима аьлча санна цу артикална юххе тухий Iаьржа паранджа йоьхна, шен юхьсибат къевлинчу зудчуьн сурт хуьлу. Ткъа бусулба боьршачу стагах лаьцна цхьаъ яздеш хилахь, хье тIе Iарбойн йозанаш долу баьцара тIийриг йихкина, герзах воьттинчу, хIокху мIаьргонехь вала а, вен а кечвеллча санна волчу боьршачу стеган сурт хуьлу тухий.

Шайн хIусамнаношна гIелонаш ярхий, нах а бойъуш, шаьш а леший бен кху дуьненах самукъа ца долуш цхьа тамашийна дера а, акха а адамаш бусулбанаш долуш санна. Цунах цхьа а цец ца волу, иза иштта хила дезаш санна тIе а оьцу. Къаьстина, бусулба дин телевизионехулий а, кхечу хаамийн гIирсашкахулий дийцарх бен ца девзачу наха.

Кху тIаьхьарчу масех шарахь Венерчу университетера цIеяххана болу Iилманчаш хIиттинера и тамашийна хIума талла а, цуьнан бакъдолчуьнца йолу зIе билгалйаккха а, ткъа иштта муьлш бу уьш, Австрера бусулбанаш, муха бу уьш, муха беха, бохучу хеттаршна жоьпаш лаха а. Дукха хан йоцуш шайн талламийн жамIаш цара зорбане даьхна, „Бусулбачеран Австрехь Iер-дахаран дела де“ цIе йолчу Iилман балха чохь.

Цу балхо, Австрехь вевзаш волчу профессора, бусулба Iилман говзанчано Аслан Эднана шеца цхьаьна Венерчу Исламан талламийн институтера дийна цхьа Iилманчийн тоба а йолуш дIаболийна хиллачу, гайтина, меттигерачу бусулбачу бахархойн динца йолу юкъаметтигаш юкъараллехь хетачул дуккха а къаьсташ хилар.

Иза вуно бес-бесар а, плюрализме а хилар а, цуьнан дуккха а тайп-тайпана агIонаш хилар а. Ткъа Австрера бусулбанаш – уьш цхьа, Iилман дашца аьлча, хIомогене, цхьатерра хьежамаш а, Iер-дахаран кеп а йолу тоба ю бохург - иза клише хилар а, бакъдолчунна гена хилар а гайтина цу талламаша.

Австрерачу бусулбачийн дахаран а, дин лелоран а башхаллаш толлуш хиллачу Iилманчийн тобанан декъашхо вара Венерчу университетан белхахо, социологин Iилманча Колб Йонас. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цуо билгалдаьккхира, шаьш шайн талламаш деккъа маьждигашкахь я бусулбачийн цхьаьнакхетараллашкахь дIадаьхьна ца Iаш, Австрин массо а маьIIехь бехачу могIарерачу ислам дин лелочарна юккъехь дIабаьхьна хилар, цу нехан Iер-дахаран сурт ка ма-доллу кхочуш кхоллархьама.

Колб Йонас: „Цу талламийн башхалла хIун яра хьуна аьлча, тхо, аьтто ма - боллу, герга кхача гIоьртира, кху махкахь бехачу бусулбачарна. Цу Iалашонца оха алсамох йолу тхайн фокус цхьацца маьждигашкахь я бусулбачийн цхьаьнакхетараллашкахь тобанаш кхоьллинчу жигархошна тIе а ца хьажош, могIарерачу, шаьш бусулба лоручу а, бусулба дахар дIакхоьхьучу нахана тIе хьажийнера.

ТIаккха тхайн талламийн жамIаш дан тхо хIоьттича, тхуна гира, цу нехан, могIарерачу бусулбачийн, шайн дин лелорца прагматикалле а, секуляре а йолу юкъаметтигаш вуно чIогIа хилар. И бохург хIун хьуна аьлча, Австрехь бехаш болчу бусулбачара шайн дин лелор а, динца йолу юкъаметтигаш а вуно кхиамца кхузарчу дахарца а, Iер-вахаран хьелашца а цхьадузу, цунах дIа ца къастадо бохург ду. Цу талламийн тIум ала мегар долу, цуьнан коьрта жамIа ду иза“.

Шайн талламашкахь, ала дашна, иштта Австрехь бехачу нохчашна юкъехь а дIабаьхьанчу, Венерчу Iилманчашна гучуделира, шога аьлча, меттигера бусулбанаш пхеа декъе бекъа йиш хилар. I) Динна генахь сецаш болу, я цунах кхехкаш болу бусулбанаш. 2) Динца секулярехьа теIаш йолу юкъаметтигаш лелош берш. 3) Дине эмансипацин хьесапехь хьоьжуш берш. 4) Динца юкъаметтигаш прагматикаллин хьесапехь лелош берш. 5) Бусулба динна кIоргера тIебирзина берш.

Ах миллион сов бусулба дин лелораш бехачу жимчу Австрехь цу кепара тайп-тайпаналла вуно цецвоккхуш а, мехала а ю аьлла хета талламашкахь дакъалоцуш хиллачу Колб Йонасна.

Колб Йонас: „Кхузахь хьал муха ду хьуна аьлча, Австрерачу юкъараллехь а, хаамийн гIирсашкахь кест-кеста гойтуш долу сурт – иза кхузахь бехаш болу бусулба нах – уьш цхьа вовшах терра хьежамаш а, дахар а долу, хIомогене тоба йолуш санна хуьлу.

Цара цу суьртаца гойтуш дерг ду къаьстина дин лелорна тIехь массо а кхузара бусулбанаш цхьатерра суьпа бу бохург а, уьш цхьатерра хьежамаш болуш а, цхьаттера Iер-дахаран кеп лелош а бу бохург. Амма тхан талламаша гойту, и тайпа сурт – иза диг детташ дечках яьккхина гуьйриг санна, шога а, чорда а сурт хилара , иза клише хилар а, цхьанна а кепара бакъдолчуьнца зIе йоцуш хилар а.

Цундела а лаьа тхуна юкъараллехь бусулба динах йолчу дискурсехь тхайн талламашца жигара дакъалаца, бусулба хилар вуно тайп-тайпана агIонаш йолуш хIума хилар а, юкъараллин мехала дакъа хилар гойтуш, цул совнаха и хьахийна йолу клишеш яржор сацадархьама а“.

Ала догIу, Венерчу Iилманчаша шайн тIаьххьара талламаш бечу хенахь иштта 30 эзар стаг вагарве нохчийн диаспора юккъе лаьцна хилар. Цу Iалашонца цара меттигерачу нохчийн маьждигашкахь а, культуран кхерчашкахь а, ишколашкара дешархошна юккъехь хеттамаш дIабаьхьира, йоллучу бусулбачийн юкъараллехь санна нохчийн диаспорехь а бусулба динца йолу юкъаметтигаш вуно тайп-тайпана хилар гайтина болу.
XS
SM
MD
LG