ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн доьзал цIа хьажийна Австрера


Австри -- "Аэропорт Вена" ду Венерчу аэропортан гIишлонна тIехула яздина, 2013.

Австри -- "Аэропорт Вена" ду Венерчу аэропортан гIишлонна тIехула яздина, 2013.

Къезиг бац тахана а Европехь тховкIело лоьхуш болу нохчий. Амма цуьнца цхьаьна алсам долуш ду Малхбузерчу пачхьалкхийн Iедалша цIа хьежочу вайнехан терахь а. Кху деношкахь рогIера нохчийн доьзал Москох дIахьажийна Австрерчу полисхоша.

Даханчу шарахь Европехь тховкIело лоьхучу нохчийн мухIажарийн терахь цIеххьана эзарнашна алсам дала доладелча, ткъа Малхбузера тергамхой а, мухIажарийн хьукматийн белхахой а цу хиламах цецбевлла, цуьнан бахьанаш а, орамаш а леха бевлла, немцойн цхьа могIа адамийн бакъонашларйаран юкъараллаш, шайна юккъехь Амнисти Интернешнл а, МухIажарийн кхеташо а, Хелсинкийн тоба а йолуш, лерина кхайкхам арахийцира Iедале а, нохчийн мухIажарех лаьцна питане а, харца а хаамаш баржочу хаамийн гIирсашка а. Цуьнан авторша кхетайора юкъаралла, нохчи шайн Даймахкара идаран бахьанех лаьцна. „Нохчийн мухIажарш кхераме бац - уьш кхерамехь бу“ - иштта яра цу петицин цIе.

Амма адамийн бакъонашларйархоша мел гIайгIане кхайкхамаш бахь а, нохчи мухIажарш Европехь кхераме, я мел кIезга а, совнаха санна лоруш хилар го дийна доьзалшкахь я тобанашкахь уьш тIаьхьарчу шерашкахь Малхбузерчу пачхьалкхашкара Оьрсийчу юхахьийжош хиларо.

Кху деношкахь Австрин коьртачу шахьарера Венера рогIера нохчи доьзал цIехьахьажийна меттигерчу полисхоша, нуьцкъаха кеманна тIе а ховшийна. МухIажарийн хьокъехь йолчу хьукмато цу доьзало, Тайсумов фамили йолчу, тховкIело йоьхуш динчу дехарна дацаре жоп деллачул тIаьхьа апелляци йинера ТайсумовгIара. Амма шозлагIчу инстанцехь а аьтто ца белира церан, шайн Австрехь бисса бакъо яккха.

Шо хьалха апелляцин кхелехь а дацаре жоп шайна делча, хIетахь дуьйна бовза-безачаьргахь лечкъаш, хан йоккхуш хилла болу пхеа стагах лаьтташ болу ТайсумовгIеран доьзал масех де хьалха, сахуьлчу хенахь полисхой цара буьйса йоккхучу хIусаме чу а лилхина, лийцина дIабигнера. Цул тIаьхьа, цу дийнахьехь, сихонца уьш махкара ара а баьхнера.

Шинна кхелехь ТайсумовгIеран доьзалан хьашташ векал деш хилла волчу Венерчу адвоката Граггер Штефана дийцарехь, и тайпа Iедалхоша шаьш схьалийцина болу мухIажарш сихонца цу дийнахьехь арабахар тIаьхьарчу хенахь вуно даьржина.

Цуьнан бахьана – лийцинчеран гергара нах я доттагIий хаамийн гIирсашка а, юкъаралле а, адамийн бакъонашларйархошка а бовлале, мухIажарш Австрин лаьтта тIера арабаха лаар ду, хIунда аьлча вуьшта юкъаралло я митингаш йина, я прессехь гIовгIа эккхийтина, тIеIаткъам а бой, и нах дIахеца, я, мел кIезга, церан гIуллакхаш юхалиста дезаш хуьлу.

Дуккхаъчу шерашкахь нохчийн мухIажаршца болх беш волчу Граггер Штефана билгалдоккху, меттигера низамаш а, бакъонийн векалш а нохчашца доьзначунна тIаьхьарчу шерашкахь вуно чIагIбелла хилар. Цуьнан бахьанашна юккъехь цуо Австрин хьукматхой кест-кеста Соьлжа-гIала цигарчу Iедалшкара информаци лахьон оьхуш хиларехь го. Иштта хаамийн гIирсашкахь Нохчийчуьра хьал исбаьхьа дийцарехь а.

Граггер Штефан: „Австрера мухIажарийн бакъонийн система а, хьукматхой а, гулахь аьлча, тховкIелонах долу дехарш муха толлу бохург схьаэцча, иза дерриге а хазанесанначу луьраллин хьесапе дирзина. Боккъал а, вуно холчу даьлла нохчийн мухIжаршна Австрехь кхерамазалла а, тховкIело а карон. Иштта ду кхузара юкъара хьал. Нохчийчуьра хьал дикчу агIор дуьйцу, иза дIатоделла даьлла бохуш чIагIдо.

Нехан тоьшаллаш дахкон дезаш хуьлу, шаьшна цигахь кхерам бу бохучунна. Дукхахчу хенахь цаьрга иза ца дало. ТIаккха хьукматахоша негативан сацамаш бо, ткъа цу сацамашца нах арабоху. Масех шо хьалха хиллачуьнца дуьстица, вуно чIогIа хийцаделла кхузара мухIажаршца долу хьал. ХIетахь аттоха а, либерала а дара иза. Iедал нахана орцах дала кийча дара. Ткъа хIинца орцанна гома дирзина иза“.

Кхин цхьа бахьана а ду, адвоката дийцарехь, нохчашна Малхбузехь политикан тховкIелоне кхача новкъарло еш дерг – массарна а, дийца ца дезаш, девзачу бахьанашца, бевдда Европе схьакхаьчначу нахана ма-дарра, цIераш а йохуш, дийца ца лаьа, шаьш бовдаран бахьанаш.

И бохург ду, цаьрга шайна билгал кхерам хилар тIе ца чIагIло бохург. Хьукматхошна тIаккха цунаъ дика бахьана хуьлу, царна дацаре жоьпаш дала. Карарчу хенахь ша векалалла дечу цхьана нохчийн жимстагах лаьцна дуьйцу Граггера, цуьнгахь а изза хьал ду бохуш.

Граггер Штефан: „Ша хьукматхошка дийцинарг бале далар кхоьру иза. Цундела цунна дийцанне а хIуммаъ дийца ца лаьа. Сан а яц, цуьнан адвокатан санна, и мотт кхабар дохон йиш. Дера, цуьнга дечу хеттаршна юккъехь дара, иза кхуза хIун бахьана долуш веъна, я стенах ведда веъна бохург а.

Амма цуо цунна жоп ца ло. ХIунда аьлча, цуьнан цIахь хIинца а гергар нах бу. Цундела иза чIогIа кхоьру, царна бала хиларх. Кхузахь цунна-м пайдехьа хир дара ма-дарра дерриге а дийцича, амма цуьнан цигарчу гергарчарна цунах дика болх бер бац. И дилемма ю-кх хIинца тхуна хьалха лаьтташ“.

Европерчу адамийн бакъонашларйархоша кест-кеста дуьйцу Европехь тховкIело карон а гIоьртина, цул тIаьхьа цIехьа хьажийна болу мухIажарш вуно боккхачу кхерамехь бу, бохуш.

Уьш, ма-дарра аьлча, кеманна тIера Москохарчу аэропортехь охьабуьссучу мIаьргонехь дуьйна схьа кхерамехь бу, бохуш чIагIдо евзаш йолчу австрихойн журналиста Шолл Сюзаннес, дуккхаъчу шерашкахь Москохахь а, Нохчийчохь а белхаш бина йолчу.

Амма и тайпа аьзнаш, дукхахьолехь, гIамарлахь хи санна, дов, меттигерчу хьукматхошна ца хезаш.
XS
SM
MD
LG