ТIекхочийла долу линкаш

Еарин сарахь Венехь бусулба дин лелочарна дуьхьал митинге арабаьхнера Австрерчу аьтто-радикалан партино шен агIончаш. Масех кIиранахь кечбинчу цу боламна саготта яра меттигера полици, цигахь къепе дацарш хилар кхоьруш. Амма оццу сарахь нацин хьежамаш болчарна дуьхьало ян гIевтинчу Венин бахархоша гайтира, Австрехь динан а, дешан а, боламийн а маршонаш популистийн кхайкхамел езох лоруш хилар.

Австрерчу бусулба нахана дуьхьал акцешка арабевллера меттигера аьтто-радикалан хьежамаш болу нах, амма царна дуьхьало ян гуллабелларш дукхох хилира.

„Карарчу шеран уггаре а кхераме суьйре“ - иштта цIе тиллинера Венерчу полисхойн куьйгалло еври суьйренан. Бахьана – масех кIирнахь дуьйна меттигерчу FPÖ цIе йолчу аьтто-популистийн партино шен агIончашка бусулба дин лелочарна дуьхьал леринчу акце арадовларе кхайкхина хилар. Шен кхин дин а, кхин дегIан чкъор а, кхечу къомах а болчаьрга цабезамца евзаш йолчу цу партин куьйгалло дуьххьара еш яц и тайпа юкъараллехь гамо яржош йолу акци.

Амма хIинца цуо юхтаралаьцнарг Венин Зиммеринг олучу йистахо Iуьллучу кIоштахь бусулба дин лелочара схьаелла лерина йолу дин хьоьху ишкол яра. И ишкол еллар кIоштан куьйгаллийца бертахь дийцина делахь а, амма цигахь бераш Iамор туркойн маттахь дIадахьа лерина ду, ткъа иза ян а, лелон а ахча Туркойн махкара латтор долуш ду. Цундела кхечу пачхьалкхан тIеIаткъам бийца а, цигахь берашна радикалан хьежамаш Iамор бу бохуш чIагIдан а бахьана даьлла аьтто-популистийн хIинца.

Еари сарахь и ишкол йотта леринчу кхерчана хьалха вовшахтоьхнера цара шайн агIончаша. Цу партин куьйгалхочуьн гIоьнча Гуденус Йохан вара лерина вистхила веана. Ала догIу, и Гуденус хийранарш ца безна ца Iаш, уггаре а хьалха къаьстина нохчашца а, бусулба дин лелочаьрца а гамонца гIарваьлла ву. Шуьйра даьржира юкъараллехь, цуо ши шо хьалха „хIора а нохчо, берана тIера воккхачу стаге кхаччалца кисана урс доьллина лелаш ву“ алар. Иштта иза, и Гуденус, вара даханчу шарахь Нохчийчуьрчу Iедалшца цхьаьнакхета Соьлжа-гIала вахана хилларг а, цигарчу Iедалша совгIаташ а деш, цул совнаха, бусулба динна гаррехь сел гома волу иза „Нохчийчоьнан дог“ цIе йолчу маьждиге а вигина лелийнарг а.

Амма Гуденуса а, цуьнан партин агIончаша а мел къахьегарх, Австрин юкъараллийна кхин дIа а гома бу церан хьежамаш. Иза гайтира оццу еари сарахь аьтто-популисташна дуьхало ян а, бусулбачаьрга гIо даккха а вовшахкхеттачу жигархоша. Нагахь санна ГуденусгIеран гуламе бIе герга стаг бен ца веънехь, царна дуьхьало ян арабелларш пхи бIе сов вара. Цул совнаха, Венин цхьана кхечу кIоштахь, гIалин юккъерчу Зигмунд Фройд Паркехь, бусулбачаьрца цхьаьна машарен акци дIаяхьа арабевллера кхин динаш лелочийн векалш а.

Керистан динан католикан а, протестхойн а килсаний векалш а, ткъа иштта жуьгтийн дин лелочийн Кхеташонан векалш а бара бусулба кегирхошца цхьаьна ислам дин емалдарна а, цунна гуонахьа юкъараллехь цхьаццаболчу ницкъаша а, хаамийн гIирсаша а цабезаман кампани дIахьош хиларна а шаьш резацахилар гайта арабевлла.

И акци вовшахтоьхначу Австрера бусулба къонаберш юкъараллин куьйгалхочуо Шека Тубас дийцира Маршо радионе, шаьш кхечу динийн векалшца цхьаьна арадовларан бахьана – иза нахана дин лелочийн вовшашлахь цхьа а гамонаш йоцийла, Делах тешачара массара а лоруш ерш цхьа мехаллаш юйла дIагайта лаар ду.

Шека Туба: ХIара оха тахана дIахьош йолу акци – иза оха тхаьш машарехь хилар а, гIелонаш а, ницкъ барна а дуьхьал тхаьш хилар а дIагайта лерина ю. Цундела Австрерачу „Католикан дин лелош болу къонаберш“ цIе йолчу юкъараллийца цхьаьна коопераци а еш, хIара суьйре кечйина оха. Тхуна тхайн боламца дIагайта лаьа, тхо дерриш а цхьа мехаллаш йолуш хилар а, цхьатерра хьежамаш болуш хилар а. Тхо вовшах дика кхеташ хилар а.

ХIара тховсалерниг оха дуьххьара цхьаьна беш болх бац, дуккха а ю тхан юкъара проекташ, оха кхин дин лелочаьрца дIахьош. Ткъа тховса кхузахь гулбелларш - тайп-тайпана дин лелош берш а, банне а динехь боцурш а боламаш вовшах а кхетта, - цхьа юкъара машаре ойла нахе дIакхачон арабевлла бу“

Иштта цу акцехь дакъалоцуш хиллачу жуьгтийн динан Кхеташонан кегирхойн декъан куьйгалхочуо Фрайер Сарас шен къамелехь билгалдаьккхира, юкъараллехь тIаьхьарчу хенахь юх-юха а тайп-тайпанчу динийн башхаллаш а, царна юккъера цакхетамаш а бийцаре беш хилар, мелхо а, церан юкъарадерг хьехорна метта.

Фрайер Сара: „Иштта тхо а, „Австрера жуьгтийн къонаберш“ Кхеташонан декъашхой, ду, барт барехь а, нах вовшашлахь тарбаларехь а, церан диалог хиларехь а къуьйсуш. Тхо а ду цхьаццаберш йистахтеттарна а, ницкъ барна а, дискриминаци ярна а дуьхьал. Цхьа хIума дийца лаьа суна доца. Даханчу шарахь сан сайн кIантаца хилла долу. Сан кIант даханчу шарахь ишколе ваха волавелла.

Цигахь цуьнан уггаре а гергара ши доттагIа хIоьттина бусулба кIант Жунайдий, католик волу Леополдий. Цу кхаана ялх шо бен доцушехь, дика хаа царна, шаьш кхоъ тайп-тайпан дин лелош вуйла. ХIунда аьлча динан урок йола ма еллий, и кхоъ тайп-тайпанчу классашка дIаса вуьгу. Амма и урок чекх ма яьллий, вуно самукъане цхьаьний буьрках ловза воьду и кхоъ. Цу кхаанна кадаьлла, динан башхаллаш хьалха а ца тоьттуш, адамийн юкъаметтигаш толийта. Цаьрга иза да делча, вайга, баккхийчаьрга а, дадала ма деза иза.“

Цу хенахь Венин Зиммеринг кIоштахь бIеннаш полисхоша а, ВЕГА цIе йолчу Австрерчу Iедалийн леринчу ницкъаша а хаддаза деш ха а долуш, дIахьош яра шиъ дуьхь-дуьхьала митинг. Нагахь санна аьтто-популистийн митинге церан хьежамаш боькъучийн цхьа жима тоба бен ца гулйеллехь, царна дуьхьал арабевллачу аьрро ницкъашна а, бусулба юкъараллийн векалшна а белшаш гIортон баьхкинера дуккхаъ меттигера бахархой.

Церан карахь „Тоьар ду бусулбачу нахе гамо яржон!“, „Нациш, арабовла тхан парламентера“ я „Нациш махкара аракхийса, мухIажарш чубахкийта!“ боху йозанаш тIехь долу транспаранташ яра. Иштта цара мохь бетташ, кхайкхош йолу паролаш а яра, немцойн мотт ца хуучарна а дика кхетар йолуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG