ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу КIоршамечу Хьолана Цхьана Декъана Бехке Лору Эксперто Европера Политикаш


Нохчийчоь -- Чехин хилла волу президент ХIавел Вацлав ву ПрахIехь хиллачу "Нохчийчоь: тIаьххьара сацам" цIе йолчу суртийн гайтамехь.
Нохчийчоь -- Чехин хилла волу президент ХIавел Вацлав ву ПрахIехь хиллачу "Нохчийчоь: тIаьххьара сацам" цIе йолчу суртийн гайтамехь.

Дукха хан йоццуш Австрера маршонан партин цIарах делегаци хилира Нохчийчохь, шен коьртехь арахьарчу политикехула векал волу ХIюбнер ЙохIанес а, цу партин куьйгалхочуьнан когаметта Гуденус Йохан а волуш. Австрерчу газеташ ма-яздара, и визит къайлах йина яра оцу наха Соьлж-гIала.


Австрера маршонан партин делегаци цхьанакхийтира Малхбузено адамийн бакъонаш талхош ву, бохуш, вуьйцуш волчу Кадыров Рамзанца. Иза кхеташ дац, Гуденус дукха хан йоццуш массо а нохчий кхераме бу, бохуш, дIахьедарш деш хилла хилар тидаме эцча, яздо, масала, Австрехь арадолуш долчу Die Presse газето.

Соьлж-гIалара цIабирзинчул тIаьхьа шайн махкахь бехачу нохчашна юкъахь, шайн цIа гIо, бохуш, агитаци йолийна цу наха. Ишттаниг дуьххьара хуьлуш дац цу махкахь. Австрерчу радикалан ойланаш йолчу политикаша харжамаша тIе мосаза кхочу а ойъуш ду и хаттар.

Иштта хилира, масала 2008-чу шарахь а. Цу хенахь нохчий адамашна тIехь ницкъ бан лууш къам ду, цундела царна Австрехь баха бакъо ялар сацон деза, аьлла, шайн Iедалшка кхайкхам бинарг вара ультра-аьттонехьара политик ХIайдер Йорг, ша некъахьовзам а хилла валале хьалха.

Томаш Вршовски Чехера вевзаш волу бакъонашларярхо а, Къилбаседа Кавказехула эксперт а ву. Австрерчу нохчийн мухIажаршна тIеIаткъам бар муха туьду ахь, аьлла, хаьттира Маршо Радионо цуьнга.

Вршовски: Нохчийчуьра уьдуш болчу нахана юкъахь шайн дахаран хьелаш тодаран Iалашонца махках бовлуш берш а хир бу. Амма цу гIуллакхе шуьйра хьовса деза вай. Адамаш болх цахилар бахьана долуш, я кхин долу социалан хьелаш цахилар бахьана долуш дIадоьлхуш хилла ца Iа Нохчийчуьра.

Цигахь хIинца а къоршаме талхош ю адамийн бакъонаш. Адамаш маьрша садаккха йиш йолуш дац цигахь. Цундела Австрехь а, Чехехь а, кхийолчу Европерчу пачхьалкхашкахь а, «ксенофобаш» ала мегар долчу, политикаша беш болу кхайкхамаш эхье хетало.

Уьш ма-бу Нохчийчохь 1999 шарахь дуьйна, юха а тIом а эккхаш хIоьттинчу кризисна ,цхьа а тIеIатIкъам бан ца белла болу Европера политикаш.

Цундела суна эхь ду, аьлла, хета, Европерчу политикийн а бехк болуш, шайн махкахь хIоьттинчу хьолах къелхьара бовла гIерташ болчу нахана дуьхьалонаш яр.

Маршо Радио: ЦIадоьрзур ду шаьш, бохуш, хуьла нохчий. Хьуна дукккха а гина цу кепара кризис хIоьттинчу регионера бевдда, кхин дахар лоьхуш болу нах. Муха нисло церан кхолламаш?

Вршовски: Нохчийчохь кризис дIайоьду масситта шо ду. Ткъа Нохчийчуьра мухIажарш, коьртачу декъана, доьзал а оьций, арабовлу. Керлачу меттехь церан бераш школе доьлху. Баккхийчарна болх карабо.

ТIаккха цхьа хан яьлча и керла дахар хийца,
шо шаре мел долу а, хала хуьлу царна.

Маршо Радио: Делахь а махках бевлла вайнах даима а шаьш кестта цIагIур ду бохуш дуьйцуш хуьлу. Иза хезний хьуна нохчашкара?

Вршовски: Хьалха кхузахь коммунистийн режим йолуш Чехословакера дIабахана нах,дукхахберш, цигахь бисира. Ткъа кхузахь бархатан революци хиллачулла тIаьхьа цIабаьхкинчу нехан юха кхечу махка бахка дийзира.

ХIунда аьлча, цу нахана махкал арахьа керла дахар карийнера. Цундела, суна хетарехь, даймахкал арахьа масситта шарахь бехаш болу нохчий цигахь биса мегаш бу.

Маршо Радио: ЦIа оьхуш болу нах а бу нохчашна юкъахь. Уьш дукха бу, аьлла хетий хьуна царна юкъахь?

Вршовски: Бу, цIабаха лууш болу нах а бу. Даймахкана сагатдеш болу нах а бу. Цхьаберш цIа а боьлху. Амма церан терахь мел ду ала суна хала ду. ХIара интервью дуьххьара зорбане елира 2008-чу шеран Дечкен-баттахь.
XS
SM
MD
LG