ТIекхочийла долу линкаш

Австрин Маьлх-Аьзни 2012 хаьржина Даги Амина


Австри -- Австрин Маьлх-Аьзни 2012 хаьржина цIера Дагестанера йолу Даги Амина, 31Заз2012

Австри -- Австрин Маьлх-Аьзни 2012 хаьржина цIера Дагестанера йолу Даги Амина, 31Заз2012

Австрехь цхьаболчара мульти-културан юкъараллин концепци эшна бохуш дуьйцуш лаьтташехь, цу концепцин жамIаш хаддаза гучудуьйлуш ду. Масала, кху деношкахь "Мисс Австрия" цIе йолчу хазаллан къийсамехь Австрин уггаре а хаза йоI хаьржинарг ю Дагестанера мухIажар йолу Даги Амина.


17 шо долу и юккъерчу ишколан дешархо 2003-чу шарахь, шен бархI шо долуш, ХIинж-гIалара едда шен доьзалца Австре яха схьаеана ю. Цо журналисташка дийцарехь, Дагестанера политикан а, экономикан а хьал дукха ирча дара, цундела цу махкара дIадаха сацам хилира цуьнан ден-ненан. ХIетахь дуьйна Австрехь Блуденц цIе йолчу жимчу гIалахь ехаш ю иза шен гергарчаьрца.

Ма-дарра дийцича, Даги Амина бохург цуьнан псевдоним ю. Ткъа бакъйолу цIе ю цуьнан Мирзаханова Амнат. Амма ши шо хьалха шена Австрин яхархочуьнан паспорт луш цо и цIе Даги Амина, аьлла, хийцира.

Цо ша ма-аллара, шен бакъйолу фамили Австрехь цхьанна а стаге нийса яккха ца луш, дукха чолхе хиларна дира цо иза. Ткъа Даги бохург сихха ша мичара ю бохург кхетош а, шен даймохк шена дагатуьйсуьйтуш а цIе ю, элира цо. Карарчу хенахь Даги Амина туризман Iилма Iамочу лерринчу ишколехь доьшуш ю.

Даги Амина Австрера уггаре а хаза йоI ю, аьлла, „Мисс Австрия“ харжаро дуккха а нах цецбаьхна цу махкахь. Меттигерчу хаамийн гIирсашкахь цо толам баккхар иштта дикачу интеграцин толам санна бийцаре беш белахь а, Даги Амина „Мисс“ хаьржича уггаре а хьалха цхьацца болчу тидамчаша билгалдоккхуш дара, и йоI бусулба хиларна, цунна хIинца радикалан бусулбачара кхерамаш тийса там бу, уьш чIогIа реза хир бац, цо оцу тайпана маьрша духарш гойтучу къийсамехь дакъа лацарна, бохуш.

Бакъдолуш, реза боцурш сихха гучу а бевлира. Амма уьш радикалан бусулбанаш бац. Уьш меттигера бахархой бу, оццу хаамийн гIирсашкахь могIарерачу Австрин бахархойн цIарахь цу сацамна реза боцуш, дош доьхуш берш.

„Мисс Австрия“ а ца олуш, „Мисс Малхбале“ ала дезар цу къовсамах“, „австрихошна юкъахь хаза йоI ца йисина теша, Дагестанера еанарг ца хаьржича?“, „Иза „Мисс“ харжаран бахьана цуьнан хазалла яц, интеграцин политика ю“ - иштта ду бIеннаш могIарерачу бахархоша меттигерчу газеташкахь а, цу газетийн интернет - сайташкахь а яздеш долу йозанаш.

Ала дашна, массо а журналистийн хаамашкахь Даги Амина оьрсий санна юьйцуш ю, цо ша суьйли а ю, бусулба а ю бохуш чIагIдахь а. Ша харжар бахьана долуш реза боцучеран хьокъехь ша журналисташка динчу дIахьедарехь наха дуьйцург шена бен а дац элира цо, шен толам цхьаьнге а къахьлур бац, аьлла. Ша „Мисс Австрия“ харжар дикачу интеграцин тоьшалла ду, цхьаболчарна иза халахеташ далехь а.

Мухха а далахь а, гергарчу цхьана шарахь Дагестанера мухIажар Даги Амина Австрехь официалан декъехь уггар хазчу йоьIан даржехь хир ю. Австрехь бехачу суьйлийн диаспорин векалша я Аминин даймахкара, Дагестанера а, цу хьокъехь цкъачунна йина цхьа а комментарий яц.
XS
SM
MD
LG