ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажарийн терахь ду 38 миллион стаг


2014-чу шарахь, шайн хIусамаш а юьтуш, дIабаханчу нехан терахь ду 38 миллион стаг. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Норвегерчу мухIажирашкахула йолчу комитето динчу дIахаийтарехь. Стохка шайн махкахь тIеман конфликт хилар бахьана долуш шайн хIусамаш йитина 11 миллион стага.

Комитето динчу дIахаийтарца а догIуш, хIора дийнахь мухIажираш бовлучу нехан терахь ду 30 эзар гергга стаг. Гуманитаран организацеш доьху дуьненаюкъаралле, конфликташ совцо гIорторна а, мухIажираш бовлучу нахана а тIе тидам бахийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG