ТIекхочийла долу линкаш

Эзарнаш австрихой тIехIиттина мухIажиршна


Австри -- Вена, Эзарнаш австрихой тIехIиттина мухIажиршна. 31.08.2015

Австри -- Вена, Эзарнаш австрихой тIехIиттина мухIажиршна. 31.08.2015

Шайга кхаьчначу аьттонах цецбевллачу мухIажирша оцу сохьта дIасаийцира Мюнхене боьдучу цIерпоштина массо а билет. ТIанк аьлла мухIажирех йоьттина, ког ловза меттиг боцу, цIерпошта Австрин дозанна тIе яьллча, цу чохь терго ян тIе бевлла австрихойн полисхойн шайн бIаьргашна гучух ца тешаш биснера.

Амма цара а тамашийна хIума дира – Дублин 2 конвенцица цу цIерпошти чохь мел волчу мигрантера пIелгийн лораш яха декхарийлахь болчу цара, хетарехь, хирг дIа хир ду аьлла, и процедура а ца еш, я цхьа а талламаш а ца беш, мухIажарийн цIерпошта кхин дIа Вене кхаччалца дIаяхийтира.

Вене схьакхаьчча, кхин цхьаъ тамаша хилира – цигахь меттигерчу цIерпошта некъийн концерно ОьББс, мухIажиршна новкъарло-м тешна а ца йира, царна мелхо а кхин масех цIерпошта елира, кхин дIа Германе дIабаха луучарна паргIато хилийтархьама, охьахаа меттиг боцуг ирахь латтан церан кхин дезар доцуш.

Ткъа Австрехь тховкIело езаш охьабевлчарна цхьа а новкъарло ца хилийта, полисхой бара гулбелла, церан хьашташка хьовсуш. Иштта сурт Венерчу Вестбанофехь оршот сараллца а, шинарин сахиллалца а лаьттира. Масала доцу къинхетам мухIажаршца цIеххьана полисхоша гайтина ца Iара, и къинхетам кху тIаьхьарчу беттанашкахь даима санна гайтира меттигерчу бахархоша а.

Уьш Вестбанхофе оьхура, хаддаза схьаоьхучу мухIажаршна хи а, стоьмаш а, кхиндолу сурсаташ а оьций. Шинари сахуьллучу хенахь Маршо радион корреспондент хьоле хьажа цу цIерпошта вокзале яхча, хIинца а австрихой бара цигахь, тIеоьхучарна шайн чотах юург латтош, берашна марзолгаш а, ловзоргаш а эцна бахана.

Венгрино мухIажарш маьрша дIасалела битаран бахьанах кхеташ вац цхьа а. Амма шеконе ду цигарчу Iедало и хIума цIеххьана самадаьллачу адамаллин бахьанца дина бохург. Хетарехь, шайн махкахь сел дукха мигранташ гулбаларна цара гIаттам эккийтарна а, иза юха социалан къепедацаршка дерзарна а кхерарна динчух тера ду цара иза. Мухха делахь, шинари дийнахь а хаддаза Австре а, Германе а схьаоьхуш ю Будапештера мухIажарш йоьттина эшелонаш, адамийн бакъонашларйархошна а, шаьшна мухIажаршна а боккха кхаъ хуьлуш.

Цу юкъана Венин бахархой гулбеллера оршот дийнахь тIаьхьарчу пхийта шарахь уггаре а йоккхачу демонстраце, мухIажаршна шаьш белшашгIортош хилар гайта а, меттигерчу Iедалшка сихонца шайн мигрантийн политика хийца а хийций, тIебохучаьрца къинхетам гайтаре а, адамийн сий деш долу хьелаш царна кхолларе а кхойкхуш.

Венерчу Мариахилф-майданахь сарахь ялх сахьт даьлча дIайолаелла йолу демонстраци буьйсанна I0 долуш Австрин парламентан гIишлонна хьалха дIайирзира.

Фейсбукехула цхьана Венин вахархочуо „гул лой вай“ аьлла кхайкхам а бина, вовшахкхетта болчу „Австрехь адам хилла висса“ цIе йолчу цу боламе 20 эзар сов стаг веара, цхьаъ бен доцучу адамо мел дукха хIума дан йиш ю бохучуьн масала а хуьлуш. Цаьргахь карахь „МухIажарш, марша догIийла!“, „Цхьа а адам дац кху лаьттахь иллегала!“, „Австрехь адамалла гайтархьама!“ боху йозанаш тIехь долу плакаташ дара.

Къона а, къена а, лакхарчу социалан хьелашкара а, башха таронаш йоцурш а – тайп-тайпана бара цу демонстраце гулбелларш. Церан юкъарниг – лерина цу суьйранна тIедоьхна кIай духарший, карахь летта чкъурамаший, уьш цу майдане арабаьхна йолу адамаллий дара. Цхьаццаберш шайн кегийрачу берашца цхьаьна баьхкинера, ур-аталла гIудалкхаш а хаьхкина баьхкина заьIапхой а бара.

Шен жима бер чохь долу берийн гIудалкх а теттина, митингехь дакъалоцуш хиллачу Венин яхархочуьнга Бойме Йоханне хаьттира Маршо радионо, цунна стенна мехала дара цу боламехь дакъалацар аьлла. Бойме Йоханна иштта дийцира, балхара яьллачул тIаьхьа берийн бешара шен ши шо долу кIант схьа а эцна, ша демонстраци ечарех дIакхетарх лаьцна.

Бойме Йоханна: „Суна Австрехь мухIажаршна гIо деш адамаш дуйла дIагайта лаьа. Суна вуно гIайгIане а, кхераме а хьал хета, политикаш мухIажаршка гIо даккха кхоьруш хилар, нагахь санна шаьш мигранташна гIо дахь шаьшна кхин харжамхоша кхаьжнаш ца тассарна уьш кхерар. Нагахь санна адамалла гайтар бахьана долуш харжамхойх уьш бовлуш белахь, тIаккха цхьа хIума харц ду -кх кху дуьненахь“.

Оршот де а, суьйре а дерриге а мухIажаршца солидаралла гайтаран хьаьрка кIелахь дIаделира Австрехь. Сарахь нийса ворхI сахьт даьлча Австрехь мел йолчу килсано пхеа минотана бекон болийра килсан горгалиш, Европе кхача гIерташ мел кхелхина волу мухIажар дагалоцуш.

И санна Австрехь мел йолчу килсан горгалиш цхьатерра бекор тIаьххьара 2003-чу шарахь Цхьаьнатоьхна Штаташ тIамца Иракъе чугIоьртича хиллера, килсан дайша а, могIарерчу бахархоша а шаьш цу тIамна дуьхьал хилар гойтуш. Ткъа хIицна и горгалиш бийкира, килсан дай а, меттигера бахархой а Европин мигрантийн политика емал деш хилар гойтуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG