ТIекхочийла долу линкаш

Авторханов Iабдурахьман дагалоьцу нохчаша


Авторханов Iабдурахьман

Авторханов Iабдурахьман

Соьлж-ГΙалахь историка-Ιилманчас Хатуев Ислама жайна арахецна гоьваьллачу политологан, историкан, Советан Ιедал харц режим хилар дуьненна а гойтуш ваьхначу Авторханов Ιабдурахьманан дахарх, кхолламах а, кхолларалах а лаьцна. Иза кхаъ хилла тΙе а эцна бахархоша.


Политикан дуьненахь мехала а лоруш, хакъйолу меттиг дIалаьцна ву Iилманча-историк, дешан говзанча Авторханов Абдурахьман. Нохчашлахь хьовха,ерриг Оьрсийчохь а, тIера кирхьа дIа а доккхуш, Сталин а, цуьнан Iедал а, дуьххьала чуьра дуьйна довзийта гIоьртинчех, цхьаъ ша хиларе терра, боьдуш Дуьненан ШолгIа тIом а болуш, махках ваьлла, дIавахна дезна Теркйист кIоштан Лаха-Неврехь вехаш хиллачу Авторхановн. Малхбузехь цуьнан цIе гIараяьлла йолаелла.

Советан Iедалан бакъсурт гойтуш цуьнан белхаш арадийла дуьйладелча - «Сталин Iедалехь», «СССР-хь историн Iилманан хьал», «СССР-хь къаьмнаш дайар. Нохчийн къам хIаллакдар», «Сталин а, Советан коммустийн парти а» и кх. дIа а.

Амма къаьсттина иза кхиаме кхачийнарг бу «Iедалан технологи» цIе йолу талламан болх. 1959 –чу шарахь зорбане баьккхинчу цу тIехь цо дуьйцу Сталин Iедалан коьрте хIоттарх а, цо и Iедал шена кIел хьарчадарх а. Лаа дац , историн Iилманан кIоргенаш евзинчу говзанчаша а, цхьамогIа политикаша а Авторханов Абдурахьман 20-чу бIешеран тоьллачарех тоьлла Iилманча лоруш хилар.

Цунна тоьшалла лара догIу, гарехь, политологан чолхе, атта ца деъна дахар ахкаме дуьллуш, историн Iилманан кандидата, яздархойн кхеташонан декъашхочо Хатуев Ислама язйина « Авторханов Абдурахьман : дахар, къийсам, кхоллараллин хазна а» цIе йолу жарга а. Кху деношкахь дешархошна и йовзийтар дIахьош ду Соьлжа-гIалин зорбанан цIийнехь.

«Ткъа шо сов хан ю со и болх язбан волавелла, - боху авторо. - Хууш ма-хиллара, иза нажжаз вина вара Советан Iедало, цуьнан цIе яккхар а дихкина а долуш. 1980 –чу шерашкахь хьал хийцаделчий бен иза кхето волийна а вац. Дукха къахьегна цо Малбузехь шена некъ боккхуш, Iилманчийн гонехь ша тIеэцийта а. Дуьххьала цо мах а хадош, къастаме биллина демократин режим-дIахIоттам боху кхетам. Цо дуьххьала юкъабалийна "партократи" бохург санна, цхьамогIа кхетамаш а.

Муха дагавогIу махкахошна и цIарна цIе яхана Iилманча-политолог? Цуьнан хьокъехь тхан тасаделлачу къамелехь иштта элира Теркйист кIоштарчу историка Бетризов Руслана:

"Советан пачхьалкхехь хIоьттинчу идеологин чарх гучуяьккхина цо, «Технология власти" книги тIехь чIогIа яздо цо. Вайна ма-хаъара , уггаре лакхара партишкол чекх а яьккхина, функционер ма вара иза, чуьра дуьйна и ситема йовза а евзаш. Цундела, и шена хааре терра, масалш а, дустарш а далош, фашизмах, нацизмах, коммунихмах дуьйцуш, синонимаш а ялош, ша ма-дарра Советан Iедал а довзуьйтуш, Сталин а вовзуьйтуш, доккха дакъалаьцна цо".

Маршо Радио: Дуьххьара Сталин вийца ваьккхинчех цхьаъ Авторханов ву ала тарлуш дуй?

Бетризов Руслан: "Ву дера-кх. Цо яздина дош дагахлета чIогIа. Цхьанхьа яздо цо Сталинах.: «Осиновый кол в его могилу". Цкъа а диц ца ло суна иза. Оццул Iаьткъина хилла цунна цо гойту къизалла а, цо адамаш дайъар а. Дуьйцуш цхьаъ долуш, деш кхин а долуш. Цо билгалдаьккхина, кху дуьнентIехь, ша юха а и дацахь, цул боьха Iедал кхин цахилар. Массара а, постсоветан мехкашкахь бехачара хьала а айвина лело везаш вара Авторханов. Оццул мехала, доккха гIуллакх дина цо, вайна хаахь".

Маршо радио: Сталинан Iедало иза къоман мостагI ларар бух болуш ду-кх тIаккха?

Бетризов Руслан: "Ду дера-кх. Фашистийн агIонча, ямартхо, бохуш, кхайкхош, вен кхачийна хилла иза-м Iедало. Цкъа а диц ца ло суна цо цIеначу нохчийн маттахь «Маршо радиохь" а, "Немцойн тулгIенехь» а нохчийн къоме деш хилла хьехаме къамелаш. Хаза кхаъ хуьлура суна цуьнан аз хазар. Цо санна ма-дарра Iедалх бакъдерг дуьйцуш нах бацара. Оццул жигара дакъалаьцна, ницкъала политолог, советолог ву иза. Цо язйинчу киншкех жима а еша хууш волу стаг ца кхоьтийла дан а дац".
XS
SM
MD
LG