ТIекхочийла долу линкаш

Бадуев СаIид. Iимран.

…ТIаьхь-тIаьхьарчу дийнахь Iа чIагIделла догIура. Цу деношлахь а къаьсттина цхьа де деара, шийла хиларал совнаха, луьра мох а хьоькхуш. Ша тIехь гуш бераш а дацара, иштта цу жимчу юьртарчу урамашкахь гуш хIумма а дацара, хIара юрт эккхийта санна Iуьйранна хIоьттина шело массо а маьIIехь луьрачу махо цIийзош хазар бен.

Дийнах дикка хан а дIаелира, ЗайнагIеран бIаьрг боцуш долчу корах йоьллина хIума ца юьтуш, мох жимчу цIа чу гIертан а болабелира.

Кхечу жимчу пешара цIе цкъа йовш, тIаккха цIеххьана серлайолуш гора, Iимрана, ша хьуьжаре вахале, лулахошкара дечиг а деана, шайниг кхачадаларна латийна йолу. Хьалха санна шен Хьасан мара а къуьйлуш, шелонна юргIа тIе а ийзош Iеш йолу Зайна хIума яаза яра, кхо чIогIа сатуьйсура, сарахь цIа вогIу волчу Iимране, хIара иштта цхьацца ойланаш еш Iеш, де шен рожехь суьйрангахьа лестира.

Арара мох, кIордийча санна лагIбелира, кхеран йогу цIе а яйра, пеша кIелахь Iуьллу цициг, бий а ког а хьаькхна, са а даьлла дIатийра,моцалла а, шелонна а кIедисина долу.

Зайнина и делла Iуьллу цициг ца гора, хIара чохь пена тIехула бIаьргаш а къерзош Iара, шен хаза дIадаханчу денойн ойланаш а еш. Иштта Iечу кхунна цIеххьана дагадеара, шен цIийнан да валале цхьана дийнахь цо шега аьлларг: «Хьажал хьо, зуда, хьуна ма гарра, вайшиъ дижина цаIилларна хIара хьуна гун кхо до хьаьжкIийн бу вайн, кхунах даан ахьар а дер ду, кIади эцан йохка хьажкIа а ер ю, цул тIаьхьа а дикка буха а юьсур ю.

Айхьа къастийначу кху хьаьжкIаш тIе кхин а йохка ахь кхоккха тускар, вайшинан бераш а ца хаьа муха лелар ду а, вайшиъ дIаиккхинчул тIаьхьа», аьлла, цо шайна юххахь лаьттачу ахьар дехан даьхкинчу кхаа берана тIе а вахана, «шайн хьаьчкIаш мел ийши, дуьххьал кху керта схьадуьйлалаш» аьлла, шайн вордана тIе церан хьачкIаш а йоьттина, уьш цIа хьовсабар.

И дагадеъча, Зайнин бIаьргех мела хи хьаьдира, и хин тIадамаш кхуьнан карарчу Хьасанна тIе а оьгуш, и кхуьнга гIийла бIаьра а хьоьжуш Iеш йолчу кхуьнан кийра цIе летан елира, тIаккха шийла хорша кхуьнан дегIах хьерчан йолаелиоа.

Зайна холчу хIоьттира – цхьана агIор, меца а волуш, шеллуш шен карахь Iуьллучу Хьасанна хIун дийр ду ца хууш, шозлагIа, чохь йогуш цIе а йоцуш, хоршина шен гIорош доллучу дегIана хIун дийр ду ца хууш.

ХIара иштта холчу хIоьттинчу заманчохь Iимран, неI йиллина чу а ваьлла, хIорш дийна хиларх воккха а веш, кхарна тIеволавелира.

- Iимран! Хьайн кетар Хьасанна тIетасалахь, суна хорша еана, - аьлла, Зайна, са а ца тохаделла, чехка юргIана кIел юьйлира. ТIаккха Iимран, шена тIера кетар чехка схьа а яьккхина, велхан а ийзош Iуьллучу Хьасанна тIе а тесна, Зайнина тIера юргIа тодан хIоьттира.

Оцу заманчохь кхеран цIентIе богIучу новкъа чехкачу боларца цхьа лекха адам догIура. Коьртахь кIайн месала куй а болуш, дегIа тIехь еха, йоккха холхазан кетар а йолуш. Цуьнан сийна, боккха ши бIаьрг чехка лелара дIа-схьа, цуьнан ехачу юьхьа тIехь къежъелла маж лоргуш яра, цуьнан богу бос башха цуьнан оьгIазвахаре хьажна а бацара.

Мила хила веза-те оцу тайпана чехка кхаьрга вогIу стаг? Иза, кху жимчу юьртарчу хьуьжаран молла вара, шена, ша мутаIеламашна дарс дешна а ваьлла, араволуш, Iимран ша гулдинчу ахьарх шен киса дузуш воллуш а гина, шена и иштта гича, юха а ваьлла, цул тIаьхьа Iимрана ахьарх хIун до техьа аьлла, цунна тIаьхьаваьлла лелаш волу.

ХIара молла чехка кхечира кху гIийлачу цIийнан неIар тIе. ТIаккха цIеххьана вон неI йоьллуш ша чуваьлча, Iимран, киснашкара ахьар текха чу духкуш воллуш а карийна, вон бIаьргаш а къерзош, неIарехь а сецца, элира: - ХIай нажжаз-нажжаз… ХIара хилла-кх ахь хIинццалц лелориг! ХIара хилла-кх хьан дешар а, хьо дешан валар а. Хьо а, хьайн цIе а санна боьханиг бен, кхин хIун дер дара хьоьгара?.. Хьайн дас-нанас Iамийнарг ду-кх ахь лелориг! Ва жулик!.. эхь дацара хьан басна а, кху тайпана ца лелча…-аьлла, тайп-тайпана бос а хийцалуш лаьттачу Iимранна тIе а вахна, цкъа лерга юххе чIогIа тIара а тоьхна, , моллас Iимран пенах дIатабийра.

Шена тIе йовха кетар тесча набаран тар тесна Хьасан, чохь гIовгIанаш яьлча сама а иккхина, ша Iуьллучохь: -Iимран! Iимран!..Сискал йина ца яьлла вайн? Со мац-м велла, - аьлла велхан озийра.

Кхеран гIовгIанаш а хезаш, дуьйцург къастан а ца къаьсташ, хорша тIе чIогIа ярна, юргIана кIел йоллучу Зайнина цIеххьана шен ший а кIант воьлхуш хезира, тIаккха шен хорша йиц а елла, шен доцчу гIоранца кIегархиинчу кхуьнан, охьа а кхевдина, ахьар чохь долу текх схьаоьцуш воллучу моллех бIаьрг кхийтира.

ТIаккха кхунна цIеххьана дагадеара, наха шайн говр а лачкъийна, дан амал доцуш шина бераца кIелдисинчу заман чохь, и молла волчу а яхана, цуьнга: - Тхо гIаддайна кIелдисина, хIинца ахьа вайн маьждигехь тхуна жимма хIума ца тасийтахь», ша аьлча, моллас «хьо цкъа маре ца яхча ер йоцуш ю, со кху сохьта зуда йоцуш ву, хьо соьга ян езара, Зайна…» аьлла.

…Нахана и дIахиънера, моллин гIеххьа сий дайра. ХIетахь дуьйнна ЗайнагIаьрца массоа хIуманна тIехь вон вара иза…

Зайнина, хIара шайн чохь дерг хIун дов ду, ца хаара. ДIахьаьжча Iимран а воьлхуш воьжна Iуьллуш гира, йиллина лаьттачу неIаре хьаьжча, ахьар дIа а кхоьссина, деса текх а дохьуш, вон бIаьргаш а къерзош чувогIу молла а гира. И сурт гича, цуьнан дегI чIогIа эгон доладелира, гуттар а хих буьзна лаьттачу шина бIаьргах луьстта мела хи хьаьдира.

Шен дуткъа дог чIогIа лаза даьлла, катоьхна шен доцчу гIоранца шена юххе Iуьллу Хьасан кара эцна, и шен мара а къуьйлуш, цаI алан юьйлира, тIаккха елхаран мохь а баьлла, хIумма а ца алалуш йисира.

Iимрана, цхьана куьйга шен ге а лаьцна, вукху куьйга йогу бесни а лоьцуш, бIаьргех хин тIадамаш а оьгуш, халла хьала а айъавелла,дIавахан дагахь араволуш воллучу моллега элира: - Аса-м и ахьар цигаьрканаш эцан а, я кехатех ловзан а ца кхоьхьурий… цIеххьана, Iимранан вистхилар а хадош, юха а кхоьлина, вон тIе а чевхаш: - Кхин соьга схьа ма лелахь, ва къу!..тIаккха а, хьо велла дIаваллалц хьуьжаре а ма волалхь! – аьлла, молла, чIогIа неI а тухуш, дIавахара.

Цул тIаьхьа, моллас дина дов Iимрана шега ма дарра дийцича, Зайнас элира: - Ва Iимран, ахь и ахьар хьайна мутаIеламаша ло ца бохура?

- Ас лачкъийна кхоьхьийла хиъча, ахь дуур доцу дела олурий аса-м и цара ло, - олуш, Iимран воьлхучуьра тийна, ЗайнагIарна тIе а вахана, цхьацца дийцина: - баба! – ас миччахьара деана а ахьар а, дечиг а дахьар ду вайна хIокху сохьта, Хьасан хьайца юргIана кIел виталахь, аьлла, Iимран кетар тIеюхан хIоьттича: - Iимран!Дукха ма хьелолахь, Хьасан меца ву хьуна, аьлла, Зайна, шена а, Хьасанна а тIе юргIа а тодеш, агIоръелира.

- Со-м дукха хьелур вац хьуна, баба, аьлла, Iимран меллаша ара а ваьлла, вахара.

Оцу заман чохь суьйре Iаржъелла йогIура, буьйсангахьа мел лести шел а луш. ТIаккха буьйса йоьлча, аре хийцаелира, хьоькхучу мохо, диллина Iуьллу лом а массо а маьIIехь ловза а деш.

Зайна, чохь латийна лампа а йоцуш, юргIанах а хьаьрчина, мацалла воьлху Хьасан шен мара а къуьйлуш, шен мацъялар Хьасане ца хаийтан гIерташ дагахь а йоьлхуш, цхьацца ойланаш еш Iуьллучу заман чохь, арахь мох тIеттIа чурабуьйлуш, чIогIа хьекхан болабелира, доккха Iуьллу ло, кIа оручу машино кегаш санна, массо а маьIIе кхуьссуш, ловза а деш.

Массо а урамехь шакарца цIийзаш луьра мох а бара. ГIорийна лаьтта гIеххьа кегийра дитташ кеглуш, охьадетталора, цхьадолчу цIенойн ледара тхевнаш а чуоьгура, андийчу тхевнаш тIера ледара туьнкалгаш а мохо чуеттара, хьуьнхахь дечиг доккхуш санна, мохо чуеттачу кертийн гIовгIанаш а яра геннара а хезаш; урамашкахь дохк хIоьттича санна лайн кIур бен гуш адам дацара, нах чIогIа кхералуш чутийнера цу буьрсачу буьйсанна. ЗайнагIеран чохь йогуш цIе яцара, жимчу корехула чу кхуьйсуш шийла дарц а дара.

- Баба! Со-м мацвеллий…баба! ..со-м шеллой..баба!...- бохуш, тIаьхь-тIаьхьа велхарна чуьра а вуьйлуш, Iуьллура Зайнин марахь Хьасан.

- Хьасан! ХIинцца Iимран схьакхочур ву, собардехьа…сатохахьа!..аьлла, йистхиллачу Зайнин хьалхе дуьйна а бIаьргех оьху хин тIадамаш луьстта эгон доладелира. Цуьнан дукха хенахь дуьйна схьа цIийза дог, лаьцна куьйра санна, цIийзарна сихделира, цуьнан цомгаш дегI хIора минотехь гIелделла доьдура, мацаллина а, шен меца доьзалхо гарна а.

Зайна тIаьххьара а легаш а дакъаделла, мацалла гIора а кхачийна, елхар а, йистхилар а доцуш йисира.

ТIаккха цIеххьана шийла, луьра хорша цуьнан шийлачу дегIах хьаьрчира, цергаш, вота етташ санна, эгон йолаелира. Хорша тIе чIогIа ярна, мацалла воьлхуш Iуьллу Хьасан цунна вицвелира.

Арахь хьоькху луьра мох моллина кIезиг хаалора. ХIара молла, шуьйрачу цIарца йогучу пеша юххехь лаьттачу нар тIехь, гIайби тIе а хиъна, шен йоIа дина хингалш дууш Iара, даьттанах буьззина кад хьалха а хIоттийна, наггахь ша Iечохь шайн сирлачу цIа чуьрчу пенах дохкучу кузашкий, цIенкъарчу истангашкий а хьоьжуш, юкъ-юкъа корта а лестош, тахана шена гучудаьллачу Iимранан къоланан ойла а еш….

- ХIан-хI, тахана ас ахьар схьа а даьккхина, меца битарххий, Iимран хьуьжарера дIаваккхарххий декха ца ло, цо сан дайъина сий, царна дан дезаш кхи цхьаъ ду, - аьлла, цкъа корехула уьйтIа а хьаьжна, нара тIера охьа а воьссина, чехка шен йовха кетар а, мачаш юьйхина, коьртах башлакх хьарчийна, араиккхира иза.

Арахь юткъачу шакарца луьра хьоькхуш мох бара. Гуш, хIара молла воцург кхи садолу хIума а дацара. Кху буьрса хьоькхучу мохо нехан кертех а, цIенойх а бертал а ветташ, молла халла веана ЗайнагIеран цIийна юххе кхечира.

ТIаккха хIара чехка цу цIийнах гIортийна йоллучу дечгах тасавелира. Цу гIорторах моллин цкъа бIаьрг кхетта ца Iийнера. Цуьнга молла, кху цIийнан юххехула болучу готтачу новкъахула ша маьждиге а, базара а мосазза воьду, лоррий хьожура.

ХIара молла, Зайнас нахала ваккхарна бекхам бан аьтто ца болуш лела дукха хан яра. ХIара наггахь, царна «дарехь» цаI дан тохалора, тIаккха а, ЗайнагIеран цIийнах цаI бекхаме вер ву-кх, олий, кхера а лой, IадIара. Кху юткъачу шакарца, лайца уьдучу мохехь вехха ваьллира молла и дечиг схьа ца яккхалуш.

ТIаккха цIеххьана шен гIорагIоддаха тасавелла, и схьа а яьккхина, цIийнан юххе охьа тесна, цу хьоькхучу луьрчу мохехула шен цIа а вахана, паргIатвелира.

Арахь буьрса хьоькхучу мохо, ЗайнагIеран цIийнан, моллас гIортор дIаяьккхина агIу, чIогIа тата а доккхуш, чутуьйхира, царна тIаьххье кху цIийнан ах тхов а чубеара.

Воьлхуш Iуьллу Хьасан, цIеххьана чIогIа тата а даьлла, шийла дарц шайн ах цIа чу хьовзийча, кхеравелла, луьрчу маьхьарца Зайнех хьерча волавелира: - Баба!..хIара хIун ду?..Баба!..-бохуш.

Шен шийлачу хорши тIе, чухьийзо шийла дарц а хаадела, шелонна са ца тохалуш, йовхо ца карош етталуш Iуьллу Зайна, шен мара Хьасан воьллича цунах жимма йовхо а хааелла, чIогIа и шен мара къийла елира, ша хIун леладо а ца хууш, Хьасане гIийла узарш а дойтуш.

Вехха къийлира Зайнас Хьасан мара, и марахь саца а ца туьгуш. Вуьшта мацаллина а гIор дIадаьлла волу Хьасан, кхо чIогIа мара къийлар ла а ца делла, са а дукъделла, велира. Цул тIаьхьа меттах ца хьовш, Хьасан Зайнас вехха мара къийлира.

ХIара ишта йоллучу заманчохь, кхера чоь мохо луьра чудеттачу лайн дарцана дикка кIайъеллера, кху доьхначу цIа чохь дохк хIоьттича санна, чухьийзаш лайн кIур бара. Цул тIаьхьа, мох а жимма лагIбелира, цIа чохь гIаьттина лайн кIур а байра, кхеран чоь жимма серлаелира, жимма къаьсташ арара нехан цIенойн къорза тхевнаш а гуш.

Зайна, тIера хорша лагIъелла жимма саметтаеара, тIаккха дIахьаьжча шайн чукхетта цIийнан агIо а гира, мохо чудиттина ло а карийра.

Шена гург гIан ду моьттуш Iуьллучу Зайнас, цIеххьана шена марахь шан гIорза йоллуш санна хетта, шена карара Хьасан дIакарчийра, юха а шен кIант дага а веана: -Хьасан!.. Хьасан!..-бохуш, юргIана кIел куьйгаш хьаькхначу цунна, ша санна шел а велла Iуьллуш карийра Хьасан.

- Хьасан!..- аьлла, дIа-схьа хьавира Зайнас иза. Амма, вист-м ца хилира. ТIаккха Зайнин кийра шийла ша биллира, цуьнан эгIазчу дегIа тIе йовхонан хIон толгIе хьаьдира, дегIан пхенаш цхьаммо дIаийзош санна, ийзон доладелира.

Нанна хиира, Хьасан мацаллий, миллий веллийла. ХIокхо шийла мохь хьаькхира: - АллахI!..Ва, везан дела!.. хIара хIун ду?..хIун ду тхуна хилларг?..тхоьга деанарг?.. Хьасан?..Со яла хьан, Хьасан!- аьлла, Зайна Хьасанах хьаьрчира, цуьнан мецчу кийре и валар ца лалора, цIеххьана бIагор хьаьвзира, дерриг дуьне а хьийзаш ду моьттуш.

И чIогIа дарц хьовзийча, новкъахь цхьа зулам даларна кхоьруш, схьа ца воуьйтуш волу Iимран, цIерачарна чIогIа сагатделла, цкъа лечкъана араэккха воьлча гучуваьлла, сацийнера хIусамдас. Цул тIаьхьа, хьоькху мох жимма лагIбелча, Iимран лечкъана цIа ван араиккхира.

ХIара бай хьоькхучу мохехула кийра цIе леташ вогIура, шен кисанаш наха деллачу ахьарх а дуьзна, пхьаьрса кIел ягон яхьаш жимо дечиг а йоллуш, шен нена а, вешин а мацалла яйъан сихха цIакхачархьара-кх ша, бохуш.

Iимран наггахь шен жимчу кетарх а хьерчаш, мохо ло тIедиттина гуш некъан лар а йоцуш, кIоргачу лайлахула халла веана шайн керта кхечира.

ТIаккха дIахьаьжча, шайн ах чу а кхетта лаьтта цIа гина, кийра ша а биллина, бIагор а хьаьвзина, Iадийча санна мохь а хьаькхна, ша волччахь сецира.

Вехха лаьттира Iимран чувахан а ца ваьхьаш. ТIаккха велхарна лахара балда а ийзош: - баба!..- аьлла, шайн ах даьллачу цIа чу а иккхина: - Баба!..Самаялахьа! Баба!..Хьасан!..-бохуш, шийлачу маьхьарца, Iимран дехха меттахъхьедира Зайнин, Хьасанан ши дегI. Амма уьш меттах-м ца хьайра.

И ши дегI, вовшашца шелдалар къевсича санна, шийла Iуьллура.

Баду́ев, СаIид Сулейма́нович - нохчийн яздархо а, байтанча а, цул совнаха, нохчийн литературан бухбиллархо а ву. Бадуев СаIид вира 1903 шеран марсхьокъу-беттан 28-чу дийнахь, Соьлж-гIалахь. Цуьнан да махбархо вара. Жималлехь да-нана доцуш, байлахь висира иза. Иза Соьлж-ГӀалан реалан доьшийлахь (училищехь) доьшуш волчуьра дӀаваьккхира цуьнан дешарх дӀадала ахча ца хиларна. 1922-чу шарахь цо Буру-ГIалахь чекхъехира кооперацин курсаш . 1938-чу шарахь Совет Пачхьалкхахь яьржина хиллачу репрессийн таIзарна буха нисвелла, бехказа чувоьллира иза. Бадуев СаIидан дахаран некъ хедира Гулагехь, гIуран-беттан 20-чу дийнахь, 1938-чу шарахь. Ала догIу, Iедало репрессиш емалйиначул тIаьхьа, цуьнан цIе меттахIоттайира. Шен йоцачу оьмарехь ларийра иза иттанаш дийцарш а, байташ а язъян, цул совнаха, иза 15 пьесин автор ву.

XS
SM
MD
LG