ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баиев Хьасан: Суна ца моьттура Бостонехь ишттаниг хир ду


Нохчийчоь -- вевзаш волу нохчийн лор Баиев Хьасан дуккха а шерашкахь ваьхна Бостонехь.
Нохчийчоь -- вевзаш волу нохчийн лор Баиев Хьасан дуккха а шерашкахь ваьхна Бостонехь.

Дуккха а шераш даьхна гоьваьллачу нохчийн лоьро Баиев Хьасана Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Бостон-гIалахь. И кхеташ вац, муха нисделла ЦарнаевгIара цигахь зулам дар.


Тахана Нохчийчохь меттигерчу а, тIебаьхкинчу а дархошна лоьралла лелош ву цхьа хан хьалха Iамеркахь "Дуьненан Лор" цIе елла волу пластикан хирург Баиев Хьасан.

Бостонехь ваьхна иза маситта шарахь, цигахь беха цкъачунна цуьнан доьзал а.
Хьасана дийцарехь, цхьакIеззигчу тобанах бен лаьтташ а яц цигара а, гонахарчу гIаланашкара а нохчийн диаспора.

Баиевна гIеххьачул хезна ю ЦарнаевгIеран цIерш - лелхийтаршна бехкевечу шиннан а, Штаташкахь бехачу церан девежарийн а. Шена цкъа а вочу агIор уьш хьахош хезна а дац аьлла дийцира Хьасана Маршо Радиога.

XS
SM
MD
LG