ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пионтковский: Нохчашца я керла тIом, я дIасакъастар


Оьрсийчоь --Журналист, публицист, оппозиционер Пионтковский,2015
Оьрсийчоь --Журналист, публицист, оппозиционер Пионтковский,2015

Дерриг нохчийн къам а зорбанехь тидаме эцначу, вевзаш волчу политикна, публицистна Пионтковский Андрейна хетарехь, Оьрсийчохь уггаре халачех а, пачхьалкхах дIакъастийна юьстахйита езачех а ю Нохчийчоь.

Дахначу шарахь Оьрсийчоьнан журналисто, либерало, «Яблоко» партин декъашхочо Пионтковский Андрейс архецнера «Кадыров проект» цIе а йолуш артикл. Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а юкъаметтигех лаьцна яра иза.

Кху деношкахь, цунна тIе а тевжаш, рогIера кхин цхьа артикл арахецна Пионтковский Андрейс.

Цуьнан коьртехь даладо цо, шен политикехь хьехархо хиллачу Фурман Дмитрийс нохчех «Оьрсийчоьннна уггаре хала къам» аьлла цIе а йолуш арахецна хилла болх дага а лоцуш.

«Нохчийн къоман кхетамехь 1944-чу шеран шен депортаци жуьгташна Гитлеран геноцид, эрмалойшна 1915-чу шарера геноцид санна лазаме ю.

Иза луьра чов ю, цуьнца боьзна дагалецамаш тахана а иэсехь бу хIора а нохчочун, и ирча сурт шайна юха гарна кхерам лаьтта цаьргахь. ТIеман шераша юха а карладехира царна шаьш махках даьхна къиза шераш.

Нагахь санна, цхьана Делан ницкъаца, гIора а гулдина, Нохчийчоь вай къарйина, Федераци юкъаозийча а, вай тарлур дара шен дегIаца сахьто юлу бомба йоллучу адамах, и бомба цхьана муьрехь оьккхур а йолуш».

КхидIа шеггара яздо вевзачу журналиста, вай Нохчийчоь цхьана бозбуанчаллашца санна озийра Оьрсийн Федераци юкъа, амма тахана, оцу эккха гергаяханчу бомбанан сахьтан гIовгIа Оьрсийчоьнан хIора а вахархочунна хезаш ю.

Вай цхьа къастам бан беза, боху Пионтковскийс, уггар халчу къомаца йолчу вайн юкъаметтигийн.

ХIунда бина вай шозза тIемаш Нохчийчохь? Нохчийчоь Оьрсийчоьнан декъахь хилийтархьама. Нохчашна хаийта, уьш тешо, оьрсий санна, уьш а Оьрсийсоьнан бахархой хиларх.

Амма оцу юкъанна, вай хIаллакйира церан шахьарш, ярташ, маьрша нах лечкъийра, ткъа церан декъий тIаьхьа керадора, ницкъбина, тIех къизалла лелийна.

Амма вешан нохчашка болчу хьежамашца, юкъаметтигашца вай хоуьйту царна, вай уьш тIецалацар, вайна уьш Оьрсийчоьнан бахархой ца хетар, я церан ярташ, гIаланаш герга ца хетар. Оцу боларца вай доллу Кавказан къаьмнашна хаийтира, уьш вайна хийра дуйла.

Шайна гайтинчу масалх хьесап а дина, уьш кхийтира нийса.

Кавказехь тIом а болийна, цу тIамехь эшначу Кремло кепаш хIитторца, беза мах бу Кадыровна луш, цунна санна кхечу мехкашкарчу криминалан элитанна а.

Оцу ахчанах оьцуш ду гIаланийн хьесапехь цIенош, дашо тапчанаш мехкийн куьйгалхоша.

Ткъа социалан хьелаш лахара долу, къона чкъор я жихIадхойх дIакхета, я оьрсийн гIаланашка дIаоьху.

Къаьмнийн менталитет вовшах къаьсташ хиларна, жимчохь дуьйнна тIеман кIуьрлахь кхиинчу кавказхойн берашний, оьрсашний юкъахь барт а ца хуьлу.

Москох кхиазхой, «Тоьар ду Кавказ кхаба», бохуш, маьхьарий а детташ шахьара юккъехула буьйлало, ткъа кавказхой оьрсийн гIаланашкахь дукха эвхьаза лела, цабашарца, аьрха. Шаьш тоьлларш хеташ психологи кхоллаелла царлахь.

«Эккха кийча йолу бомба» аьллачу шен публикацехь Пионтковский Андрейс яздо, тахана Оьрсийчохь хIоьттинчу хьолехь, ши некъ го шена: Нохчийчохь юха тIом эккхар, я Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъастар.

Ткъа махкарчу куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша набахте ваха а реза ву, боху, ДегIастахь юха тIом ца балийта.

Маршо Радио зIене елира арктиклан авторца, журналистца, оппозиционерца Пионтковский Андрейца.

Нохчийчохь карарчу беттан 22-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаяьхьначу «Кадыров Рамзан – Оьрсийчоьнан патриот ву» аьллачу гуламех шена хетарг элира цо, къамел долош.

Пионтковский: «Со суо а ву оппозицин могIаршкахь. Бакъдерг аьлча, ас дIоггара тIе а ца лоцу цуьнан кхерамаш. Немцов вийра... Немцов нохчаша шайн лаамехь вийна а вацара, Кремлан лаам кхочушбина цара. ХIинца Кадыровс лелораш декъаза кепаш ю.

Путинна шен тешам, ша муьтIахь хилар гайта гIертар ду. И митинг цхьана стагана лерина яра, иза я къайле а яц. Оцу Кадыровна шена а хууш ду, дукхахболу Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахой, ФСБ, эскар, уьш къаьсттина реза бац Кадыровна, резабацара юьхьанца «Кадыров прект» йолочу хенахь дуьйна а.

Кадыров Ахьмад вийра. Дукха хан йоццуш, иза верах дика элира, бехк-Iоттамашца Венедиктовс шен программехь. Цо дагадаийтира и де, цул совнаха, бехкечун цIе яьккхира цо, халкъалахь Лорд олучу Даудовн.

ХIетахь иза ма вара, Кадыров Ахьмадан хадархо. Цуьнан кхерамзаллех жоп дала хьакъ вара иза. ТаIзар-м муххале а ца дира цунна, мелхо а даржехь лакхаваьккхира.

Путина дIахецна ву аьлла хета суна Кадыров, кхин цхьаъ а ду, Нохчийчуьрчу тIамехь эшна ларало Оьрсийчоь, цундела ахча дIахецна Нохчийчу.

Ткъа хIинца Кадыровн карзахвалар, Путинна муьтIахь ша хилар гайтар ду. Амма йоллу Оьрсийчоьнан юкъаралла даръелла, оьгIазе ю Кадыровс къаьсттина тIаьххьарчу хенахь лелочунна. Ца деза-кх тхан къоманна регионан куьйгалхочо йоллу Оьрсийчоьнан доладар.

Нохчийн къоман кегийчу наха оьрсийн гIаланашкахь сонта лела, Москохахь а, цхьаьна. Кадыров даржера вохон лаам болчу ницкъаллин структурийн гонаш стамлуш ду. Уьш Кадыров вохийна совца лууш а бац, шайн Iедалца цигахь а дIахIитта лууш бу. Кхерам бу юха а Нохчийчохь тIом эккхарна, иза трагеди ю йоллу Оьсийчоьнна а».

Зорбанан хаамашкахь дийцаредаьккхаина тIаьххьарчу заманчохь, эххар а Оьрсийчоьнан президент хила тарло Кадыров Рамзан, бохуш. Цхьаболчу бевзачу политикаша шайн шеконаш а яц боху, и бакъ хир дац аьлла. Хьуна хIун аьлла хета, тарлой и хила, аьлла шега деллачу хаттарна, Пионтковскийс доцца жоп делира.

Пионтковский: "ХIан-хIа, иза беламе хIума ду. Суна цуьнах лаьцна я дийца а ца лаьа".

Пионтковский Андрейна хетарг тIех дестийна ду аьлла хетарш а хеза зорбанехь.

Делахь а, нохчийн къомах, цо ши тIом лайнера аьлла къинхетам а а ца хаало.

Иттех шарахь бIеннаш эзарнаш нах хIаллак а беш бинчу оцу тIемех шегара зулам лоруш а вац Оьрсийчоьхь цхьа а куьйгалхо я хиллачаралахь а, я танахалерачаралахь а.

Ткъа Путин я Кадыров тахана ву, кхана - вац. Юкъаметтигаш иштта дIайолхахь, ала дац Пионтковский Андрей кхоалгIа тIом баларна кхерар, эрна ду.

XS
SM
MD
LG