ТIекхочийла долу линкаш

Балтин къаьмнашна деана хилла къематан де


Латви -- Махках даьккхина адам Сибрех дIадуьгу цIерпошт, 1941

Латви -- Махках даьккхина адам Сибрех дIадуьгу цIерпошт, 1941

Кху деношкахь эстой а, латвихой а, литвахой а дагалоцуш бу 1941-чу шарахь Советан Iедало шайн иттаннаш эзарнаш махкахой цIерабахар. Царах дуккха а эзарнаш кхелхира Сиберх.

1940-чу шарахь аьхка Советан пачхьалкхо дIалецира Эстони а, Латви а, Литва а. Иза жамI дара нацистийн Германино а, Советан пачхьалкхо а 1939-чу шарахь Товбеца-беттан 23-чу дийнахь тIеэцначу Молотов-Риббентроп олучу Пактан.

Цул тIаьхьа, цхьана шарахь кечам а бина, НКВД-н а, эскарн а ницкъашца цу Балтин хIордаца Iуьллучу кхаа пачхьалкхехь дIадоладелира адамаш лецар.

1941-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 16-чу дийнахь тIеэцначу ЦК ВКП (б) а, СНК СССР а сацамца, Эстонин а, Латвин а, Литван а НКГБ-на а, НКВД-на а бакъо елира, 5-8 шо хетанаш а тухуш, лецнарш Сибреха баха дIахьовсо

Контрреволюцин вошахтохараллин декъашхой а, Советан Iедална дуьхьала болу нах а, националисташ а, белогвардейцаш а вовшахтохараллин декъашхой а, хилла гIаролхой а, жандармаш а, полицин хьаькамаш а, набахтийн белхахой а, хьал долу нах а, фабриканташ а, Iедалан белхахой а, Польшин а, Литван а, Латвин а, Эстонин а, КIайчу а армийн эпсарш а чубоьхкина хилла нах а, церан доьзалш а, кхи болу бахархой а.

И сацам кхочуш беш цхьана Литвара махках ваьккхинарг хилла 130 эзар стаг. Уггаре а хьалха Советан пачхьалкхан Iазап лелочу машено лецна Сибрех хьажийнарш бара къоман юкъара дешна нах а, Iилманчаш а, эпсарш а. Вуьшта аьлча, вай ма-аллара, интеллигенци яра бохуш дуьйцу Литван Чехехь волчу векло Раудоникис Эдвиласа (Edvilas Raudonikis).

Раудоникис Эдвилас: «Хаьлхарчу тулгIенехь бара вай интеллигенци олучу тобан векалш а, эпсарш хилла нах а, хьехархой а. Царна юкъахь бара Советан пачхьалкхо Литва дIалаьцначул тIаьхьа малхбузене дIацабоьлхуш севцна хилла Iедалан хилла болу белхахой а. 1941-чу шарера 1955-гIа шаре кхаччалц 135 гергга стаг махках ваьккхинера Советан Iедало. Коьртачу декъана уьш дIахьовсийнера Сибрех».

Ткъа муха нисбелла церан кхоллам?

Раудоникис Эдвилас: «30 эзар гергга стаг царах велла Сибрех а, цига дIабуьгуш новкъахь а. Амма Сталин веллачул тIаьхьа махкахбаьхначу нахах доккхах долу дакъа цIадирзира.

Делахь а царна бако цаелира шайн хIусамашка юхаберза. И бахьана долуш царах дукхах болчера дийцзира Литвана гонах йолчу меттигашкахь баха ховша - Латвехь а, Беларусехь а, Калининград регионехь а.

Сталинан депортаци а, цул тIаьхьа хилла ШолагIа дуьненан тIом а бахьана долуш цхьа стаг ваза цу хиламаша Iаткъам база цхьа а доьзал бац литвахошна юкъахь. Литван бахархойх кхолагIа дакъа махкахдаьллера депортаци а, ШолагIа дуьненан тIом а бахьана долуш".

Даханчу Шинарин дийнахь Балтин кхаа пачхьалкхан а, Полшин а, Украинин а юстицийн министрш цхьаьнакхеттера 75 шо хьалха Литван бахархой махках баха болор дагалоцуш. Цара емал йира 1941-чу шарахь хилла депортаци.

Министрша тIеэцначу дIахьедарна тIехь аьлла ду, Советан пачхьалкхан декхарш шена тIеэцначу Оьрсийчоьно цхьа а хIума цадина и инзаре луьра таIзар лайначу нахана компенсаци ялар Iалашонца аьла.

Йозуш йоцу демократин пачхьалкхаш дIа а лаьцна, Советан пачхьалкх Iалашо йолуш яра цигара бахархой доьналлах бохо, церан дагчура шайн пачхьалкх хилар дайа. Амма адамаллана дуьхьал динчу зуламе эша цабелира цера маршоне болу лаам аьлла ду министрша тIеэцначу документана тIехь.

XS
SM
MD
LG