ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь - карчам, дуккха а бу белларш


Шоьтан буса Iедал шен караэца лерина, карчамбина Туркойчохь тIеман ницкъаша. Министрийн кабинет а, парламентан комплекс а шайн карахь ю аьлла эскархоша буьйса юккъе йоьдуш.

ТIеман ницкъийн векалша хаамбина, шаьш конституцин низам метта а хIоттор ду, адамийн бакъонаш а чIагIйийр ю, къепе а тойийр ю аьлла.

Президента Эрдоган Тайепа а, премьер-министро Йылдырым Биналис а дIахьедина, эскархой карчамбан гIоьртина пачхьалкхехь, аьлла.

Анадолу агенталло буса бинчу хаамца, беракеманаш дара Iедалан гIишлошна тIехула хьийзаш. Хонкаран маьI-маьIIехь хезара дуьйлу герзаш. Оццу агенталло дечу тоьшаллица, тIеман техника сацо гIертачу маьршачу нахах массех стаг герзаш тоьхна лазийна эскархоша.

Президент Эрдоган кхерамзаллехь ву, хаамбина, хьостанашна тIе а тевжаш, Си-Эн-Эн Тюрк телеканало.

NTV телевизионо хаамбина, тIеман камано беракема чудожийна, аьлла. Цо бахарехь, 17 стаг хилла дохийначу беракеманчохь.

Iуьйранлера хаамаш

Анадолу агенталло бахарехь, 750 эскарпа лаьцна Туркойчоьнан Iедалан ницкъаша махкахь карчамбан гIортарна. Лецначарна юкъахь ву, туркойн хаамийн гIирсаша дийцарехь, цхьа контр-адмирал а. Пхи инарла а, 29 лаккхарчу даржера эпсар а дIаваьккхина балхара.

Рейтерсо бечу хаамца, гулбелла бахархой летта гIаттамхойх Хонкарарчу Босфоран тIайтIехь. Полицино хIоттийна къепе.

Туркойчоьнан Iедало ша гIаттам хьаьшна бохуш даржадо. Ткъа гIевттинчу эскархоша шаьш кхидIа а латтош бу къийсам аьлла даржийна. ТIаьххьара болчу хаамашца, лаххара а 90 стаг велла гIаттамхойн карах.

XS
SM
MD
LG