ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

8 эзар полисхо а, 30 провинцин губернатор а балхара дIаваьккхина Туркойчохь


Туркойчоь - Iедал хийца гIортарна бехке хила мега аьлла лецна эскархой балийна полицино Хонкарарчу юстицин хIусаме. Товб.18, 2016
Туркойчоь - Iедал хийца гIортарна бехке хила мега аьлла лецна эскархой балийна полицино Хонкарарчу юстицин хIусаме. Товб.18, 2016

Шоьтан буса масийтта эскаран дакъа гIоьртира Туркойчохь тIеман карчам бан. И бахьана долуш вийна лаххара а 290 стаг. Цуьнца доьзна эскархошна а, полицин белхахошна а, Iедалхошна а юкъахь бехкенаш лоьхуш ду Туркойчоьнан Iедалш.

Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, 8 эзар гергга полисхо а, жандарм а балхара дIаваьккхина Шоьтан буса эскархой Iедал карчо гIортар гIорасиз хиллачул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам бина Anadolu олучу туркойн хаамийн агенталло. Цо дийцарехь цу нахера, тIе а кхайкхийна, дIадаьккхина герз а, даржехь хилар тоьшалла дон кехаташ а.

Цул сов, Hürriyet Daily News газето бинчу хаамца, тIеман карчам беш дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш даржера дIаваьккхина 30 провинцин губернатор а, 47 кIоштан куьйгалхо а. Ерриг а Туркойчохь ю 81 провинци. Амма и нах Iедалша лецна аьлла хаам кхаьчна бац.

Шоьтан буса Туркойчура масийтта тIеман дакъа Iедал хийца гIоьртира махкахь. Царна дуьхьало еш вийна лаххара 290 стаг. Дуккха а нах чевнаш хилла бу.

Iедална карчам беш дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш лаьцна ву 6 эзар гергга стаг. Уьш бу эскархой а, суьдхой а. Лецначерна юкъахь ву 103 инарла а, адмирал а. Царна юкъахь ву ТIеман хIаваан ницкъийн буьйранча инарла Озтюрк Акин а, инарла Эркан Ван Бекир а – НАТО Инджирликехь йолчу тIеман базан буьйранча, ЭрдохIанан коьрта тIеман хьехамча Язиджи Iела а.

ДIалецначу лаккхарчу даржашкахь хиллачу инарлех 10 стаг чувоьллина ву. Царна бехке диллинарг ду Конституци йохор а, нуьцкъала Iедалан кеп хийца гIортар а.

КIирандийнахь Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа дIахьедар дира 2004-чу шарахь дуьйна дихкина долу стаг вуьш кхел яр юха а юкъадало мегаш ду аьлла.

Туркойн Iедалша махкахь Iедал карчо гIортарна бехке бина Iелим стеган Гюлен Фетхуллахан агIончаш. ЭрдохIанца дов даьллачул тIаьхьа махках ваьлла волу и стаг карарчу хенахь вехаш ву Iамеркехь. Гюлена тIе ца дитина Туркойчохь Iедал карчо гIортарца ша уьйр йолуш ву бохург.

XS
SM
MD
LG