ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малайзин кема дожийнарг сепаратистийн ракета лору


Си-Эн-Эн телекомпанино Iораяьккхина Украинан стигалахь стохка Малайзин кеман эккхийтар толлуш Нидерландерчу кеманийн кхерамзаллин кхеташоно кечдечу документан проект. Донецкерчу сепаратистийн карарчу лаьтта тIера хецна яра Эм-Эйч-17 рейсна тоьхна ракета, боху оцу кхеташоно. ДIахьедар официалехь дина дацахь а, талламан жамI ишта дуйла хууш ду хIинцале.

ТIемаш лаьттачу меттигашна гергахула пассажирийн кема дIахьажорна бехке лору кхеташоно Малайзия Айрлайнс компанин куьйгалхой. Талламхоша проект дIасахьажийна Iамеркан Штатийн Халкъан кхеташоне а, Iамеркан авиацин администраце а, «Боинг» кеманаш дечу компане а, хаамбо Си-Эн-Эно. Амстердамера Куалу-Лумпуре доьдуш стохка аьхка чудаийтира кема, цу чохь хиллачу 298 стагах цхьа а ца висира дийна. Бехк цхьаммо а ца эцна шена тIе.

Ткъа кеманчохь беллачу нехан гергарчара Iамеркахь кхелевелла Донецкехь сепаратистийн дакъошна тIехь куьйгалла латтош хилла Оьрсийчоьнан эпсар Гиркин Игор, бохамна иза бехке а веш. Веллачу 18 пассажиран гергарчара Гиркинера 900 миллион доллар доьху шайна хиллачу цатомана дуьхьал. Оцу нахана хетарехь, оьрсийн герз ду кема дохийнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG