ТIекхочийла долу линкаш

Зарратан станцеш яхка бохку Нохчийчохь...


Германи -- 17 жима зарратан электростанци ю немцойн, кхераме хиларна, уьш ерраш а кестта дIакъовла сацам бина церан Iедалша.

Германи -- 17 жима зарратан электростанци ю немцойн, кхераме хиларна, уьш ерраш а кестта дIакъовла сацам бина церан Iедалша.

Махка энергин токхе йоссо ойла йолуш, керла проект йийцаре ян йолийна Нохчийчоьнан Ιедалша Белгера баьхкинчу бизнесхошца. Юьллур ю боху мехкан маьI-маьΙехь ток йоккху 10 зарратан станци. Оцу хаамо шина декъе бекъна нах, цхьаберш кхоьру Нохчийчоь зарратан кхерама кΙел яхарна, вукхара сатуьйсу и станцеш ехкича къомана тоькан кхачо а хуьлуш, и гΙуллакх санехьа дерзаре.



Масех де хьалха Нохчийчу веъначу СаIуда Iаьрбийн паччахьан кIанта шайха Абдулазиз бин Турки бин Талал Ал-СаIудис кховдийначу оцу проекто гIеххьачул цецбаьхна Нохчийчуьра куьйгалхой. Kriva-Rochem компанин коьртехь волчу цо а, фирмин говзанчаша а йинчу презентацига хьовса баьхкинера дуккха а министрш а, кхинболу даржхой а.

Зарратан итт станцино 400 мегаватт электроэнергии йоккхур ю боху говзанаша. ХIора станцехь шишша реактор хир ю. Уьш кху дуьненахь уггаре а эвсара, керлачу технологица йина ю. Цундела кхерамазалла цхьаьнхьа а йоцучу кепара лекха ю, боху цара.

Цкъачунна Iедал ойланашкахь ду. Iаьрбаша шайга схьакховдийнчуьна дала жоп дац церан. Амма гIуллакх чIогIа ойла йойтуш а, пайде хила тарлуш а ду. Делахь а зарратца бегаш бойла доцийла кхета уьш - сацамбар говзанчийн караделла цара.

МогIарерчу наха уьш ян мегар ду боху, нагахь санна къомана а, Iаламна а зене хир яцахь. Ишшта элира,масала, Соьлж-ГIалин кIоштарчу вахархочо Адама.

Адам: «Вайн халкъана пайденна хир ялахь, кхечанхьара ток оьцучул, вайн цIа иза йоккхуш хилча дика ду. Иза йорах а хир елахь. Цхьана агIор дика ду иза. Нахана белхаш а хир бу. Нагахь санна цуьнан кхерамазалла лаккхара яцахь, мегар дац иза дан. Массане хуьлу, эккхахь? ТIаккха вайна ца оьшу аьлла а хета суна».

Нагахь санна, зарратан энергех ток а йоккхуш, нахана цуьнан мах ша ма-барра а болуш, иза дозанал ара дIаюхкуш хилахь, дуьхьал ву Адам и электростанцеш яхкарна.

Хьалха-Мартан кIоштарчу Русланна а хета и электростанцеш Нохчийчохь яхка мегар ду аьлла, амма цунах йолу са къомана хила еза, боху цо. Коммуналан хьаштех, тоьках, газах ахчанаш дIа а ца далалуш, хийла доьзал махкара баьлла, боху цо.

Руслан: «400 мегаватт зарратан электростанцеш вай махкахь схьаелла вайн латта а дац я хьал а дац. Бакъдерг дийцича, вайн цIахь мохк а ца бегабо, хи тIе а ца долу. И тайпа бохамаш Нохчийчохь хуьлуш бац. Зарратан станцеш ян ма еззара еш ялахь, уьш новкъа-м хир яц. 400 мегаватт энерги йоьхкича боккха пайда хир бара-кх. Газах а ,тоьках а дIадала ахча дац аьлла, дозаналла ара а бевлла, доьзалш дIабахана дукха меттигаш ю».

Руслана дуьйцуьнна тIетов Веданан кIоштахь веха Супьян а. Амма, массара а санна, цо а билгалдоккху, нагахь санна зе хир долуш ялахь, и станцеш оьшуш яц Нохчийчохь.

Супьян: « Итт станции Нохчийочхь оьшуш ма яц. Цара Iалам бехдаррий бен кхин хIума хир ма дац. Ши-кхоъ йича мегар дара. Цхьаъ йича а тоьар дара. Шайна бизнес ян гIерташ хир бу-кх. Экологина зене елахь, аьттехьа а ца оьшу. Йолчу тоьках тоам а болуш Iаш дац вай, цара цхьа жимма мах охабаьккхичхьана...».

Супьян вехачу ЧIебарлойн махкаца дIадоьдуш доккха Iин ду, цхьа бIе а, ши бIе а метр кIорга. Даима мох а хуьлу цигахь. Оцу Iинан бухе йоккха биргIа а яхийтина, лакхахь мохо хьовзабен бера хIоттийча, цо а йоккхур яра ток, я хино а йоккхур яра, бохура Супьяна.

Супьян: «Ламчохь вехаш ву со. Ток тIеялон гена ду кхузахь. Цига цхьа мотор хIоттийча, цхьана юьртана тоъал ток йоккхур ю цо. Цхьа а зарратан станцеш а ца оьшу цигахь».

Шен керта баьлла лулахойн етт арабоккхучо, цо хIумма а ма ца дина, хIунда етта ахь цунна, аьлла, хаьттича, жоп делла, боху, кертахь асар деш далахь а оьшуш бац-кх иза шена, аьлла. Иштта жоп лурш а кIезиг бац махкахь. Амма и заррат электростанцеш яхкар - ца яхкар могIарерчу бахархойх доьзна дац. Iедалшна лаахь, уьш хир ю, нахе иза хоьттур а дац.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG