ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дуьне гатлуш хета, де дийне мел дели..."


Франци -- Беляева Бирлант, нохчийн яздархо, Париж, 2013
Франци -- Беляева Бирлант, нохчийн яздархо, Париж, 2013

Беляева Бирлант - Парижан яхархо, байтанча, прозаик. ...Цунна-м хьашт дацара пана-махкара цхьа а хазанаш, ша шен махкахь, шен жимчу юьртахь яха йитинехь. Иштта нисделлачу хьелашкахь, дела денна ойланашца "цIехьа а оьхуш", хилларг, лелларг могIанашка а дохкуш еха иза. Муьлххачу а нохчийн мухIажиран-яздархочун санна, сакъийзаме ду Бирлантан йозанаш. Сакъийзаме-мерза.



ДоттагΙаллехь – комаьрша, шовкъ ца кхоош, билггалчу беснашца, са уллерчунна дΙадала кийча. МостагΙаллехь а - иштта комаьрша, къизалла ца кхоош, кхин иза кIаргйойла доцуш, йистте кхаьчна доза дΙашордан хууш долу къам!

Дуьне цецдаьккхина ца Ιаш, хьуо хьайн цецдаккхал, оцу шина бердан йистош евзина деха къам!

Хьо стенга кхочур ду, ахь маца хьаор ду, Терко шен хиш санна, кегийна хьайн дахар?!

Иштта ойланаш хьаьвза коьрте даймахках, Декъастанах къаьхкина, дуьненан кхечу маьΙΙе ваьлла, вадарх, сих хада ца торуш, хьоьца йисинчу Нохчийчуьра керла кхаъ хезча. Ткъа и кхаьнаш-м бац дог делош а.

Шина гаране даьлла дисина доллуш лаьтта халкъ. МостагΙ – цигахь, мостагΙ – кхузахь. Цигахь – децΙахь, кхузахь –Малхбалехь, Малхбузехь.

Доза герзхошна юкъадоьлла ца Ιа. Массо а гонийн ду шайн-шайн дозанаш. Ду дозанаш, масала, нохчийн журналисташна а, яздархошна а юкъахь.

Деношкахь Соьлж-ГΙаларачу цхьана журналан коьрта редактора дов дина шен белхахошна, аш стенна магадо махкал арахьарчу, цуьнан дешнашца аьлча, «закардонни» поэтийн байташна, прозаикийн дийцаршна зорбане кхача, аьлла.

Шозза дуьненан пен-клубо, массо а мехкашкарчу яздархойн похΙма зуьйчу гоно, шен лаккхара совгΙат дина волу Германера поэт Бисултанов Апти, массех жайна цΙахь ара а даьккхина, шен сил дукха ненан мотт а безаш, Норвегехь веха прозаик, кинорежиссер Эльсанов Ислам, дуьнено а шен «ДΙаьндаргаш тΙера йозанаш» доьшу Яшуркаев Султан, нохчийн маттахь хьовха, бухарчу шведийн маттахь а гуларш арахоьцуш поэзехь къахьоьгу Юсупов Ιилман дΙа ма хезийла шен къоманна, докъаза байла уьш, бохург ду Соьлж-ГΙаларачу журналан буьйранчо дΙахьедийриг.

Делахь а, шайн ешархошна юьстаха белахь а, царна лерина йозанаш а деш, цкъачунна бен хьашт дац аьлла шайна хетачу тΙорказа а дохкуш, ойланаш кехате ерзор ца дуьтуш схьабогΙу Европера а, Малхбалера а, Ιаьмеркара а нохчийн меттан говзанчаш – байтанчаш, яздархой.

Царех цхьаъ ю Парижан йисттехь шен доьзалца цхьана яха дисинехь а, дог дуьззина даймахкахь а лаьтташ, прозехь а, поэзехь а шен хьаьркаш юьтуш лела Беляева Бирлант.

Цуьнан амал ган, йовза аьтто луш, ас диалоган кепа дерзадо къамел.

Линкана тIе


Беляева Бирлантан байташ йовзуьйтуш, ала деза, вуно хаза, хьан дегΙан чкъор Ιаламан хΙоттамца а дузий, и Ιалам хьан сине кхачош, дешан сурт хΙоттадо цо.

Ишттачух ю, масала, Бирлантан «ДогΙа» цΙе йолу байт. ДогΙанах лаьцна, бакъдерг аьлча, наггахь поэт а хир вац язданза. Амма Бирлантан догΙа, иза пана махкахь а ехаш, ДегΙастахь, цуьнан децIахь, СаIди- КIотарахь догΙу, цуьнан бераллехь догIуш хилла догΙа ду. Аьлча а, цуьнан бΙаьрхиш, даймахках хьаьгна, доьлхучу деган бΙаьрхиш.

ДогIа

ЦIаьххьана кхохкаели стигал...
Мархин кирхьа духьал тесна шена
Тийналла къехкош догIа чIерки...
Iарша ятIош, стелахаьштиг туьйхи...
Чухьовда кийчча, дазделла лаьтта
Мархийн тIалбанех тасаделла кхозу догIан серий ...
Хьалхарчу тIадмаша некъаца айи чан...
Ченаца ий тIуьначу бецан хьожа...
Карзахдели Iалам...
Махо гола тоьхна, шуьйрра дилли кор…
Синтем байна тхевнeх хьекхало баьллийн генаш...
ЦIена хIаваъ…
СЕМА СА...
Сино гIаттий ДегI...
Жимчу куьйго йилли неI...
НеIарехь - сийна кIархаш...
КIархаш ца оьшу... Хьоду когаш Iуьйра…
Маса-Маса...
-Хьо...Стенга йоьду хьо?- реза йоцуш, тIаьхьа кхойкху Баба.
– ХIинцца схьайогIу… кхузахь… кхузахь...
Кхузахь хаза ма ду...
ДогIа... ДогIа...
ДогIан хелхар...сан хелхар...
ДогIанца хелха юьйлу со...
-ДогIа! ДогIа...
-Къорша-къули!
Латта Iадийна хьан сихалло
БIаьрг буьзна хьан хазалло
...ДогIу догIа
Сиха-Сиха...
...ДогIу догIа
Мела-мела...
Iаьмнаш… Iаьмнаш…
Iаьмнаш чохь - лоппагаш,
Лоппагаш –догIан тIадамийн дегнаш...
Берзина когаш
ТIеда бедарш
Кхиссало дог
Хьийза бIагор
Хьийза со...
Соьца хьийза дуьне…
ДогIа... ДогIа...
Чехка-чехка
ДогIа...ДогIа...
ГIийла-ГIийла
... ДогIа… ДогIа...
...
ДIатий Iалам, серлабели арц…
Iаьнарца гIуьтту лаьттара тов...
...СтелаIад...И лаца айделла куьйгаш…
-Ва дуьне... Хьо ма хаза ду... Тамашена хаза...
Синтеме – мерза...
...ЙогIу суьйре...
ГIелделла техка диттийн баххьаш,
Хебина лаьтта юьйцина керт,
Хьаьдда богIу бода, чета теIош кIайн кир тоьхна цIенош,
Ткъа цIеноша, айкхдуьйлуш, летадо шайн корийн чиркхаш...
...
- И гинарг гIан дара?.. Я туьйра?
...Ва-а ,елла яла со, дакъаза ма яларг...
ГIан санна, ма даьржи
сан дахар паналлехь
ЦIет дина даьхьи и
Беъначу балано...
Ас мичахь лаха и?
Ас хьаьнга хатта и?
Мичара мича со
кхаччалца кхойкхуш...
...Мичахь ю сан Iуьйре?
Мичахь ю сан суьйре?
Мичахь ду бераллин
Сан хаза дуьне?
Сан жима дуьне...
Сан юрт
Сан жималла
Сан лазам
Сан догIа…
...Мичахь ю со?
Мичара кхойкху соь:
Син мерза ойла?
со юха йоьху ойла
со кхача хьаьгна мохк
со генаяьлла латта
со лелла урамаш
ас тесна битина бинжолаг
со техкийна ага
сан бешахь гIийла техка кхор...
сан Маьрша Нохчийчоь - бIаьргашчохь тартуьссу гIайгIа…


Зудчун поэзехь, хуьлда иза муьлххачу а заманара, безам юьстах бисина аьлча хир дара беламе. Беляева Бирлант къастало цунна, шен могΙанашкахь юьхьара йохуш безаман цΙе а йоцуш, иза говза гайта хаарца.

"Сингаттаме мукъамаш" цIе йолчу цикл юккъера

Масар

Ша-ламан даккъашкахь,
Дорцан кIур хьийзачохь..
Чу яха хьех йоцуш,
Буьйсанна тIе юьссуш,
Мецачу зорханна
Къаж-бецан хелаг а
Берг хьоькхуш ша лайла
Доккхуш и халонца.
Шех ижо ян дагахь,
Тебачу цIоькъанах
Кур лекха шен ийбеш,
Къехкарца дIауьдуш.
Таллархойн шокъалех,
Мокхачу тархашлахь
ДIалечIкъа шен дезаш,
Ша къайла йийларца
Ламанца лелачу
Масачу масарах
Сан безам тера бу-
Вала цхьа Iу воцуш,
Эсала хьесталуш,
Да воцу буо санна,
И хьайна тIебеъча,
Куралла ахь ярна...

Ала деза, Беляева Бирлантна ша уггаре хьалха поэт ю аьлла а ца хета – прозаик лору цо ша.

Цуьнца дешначара дукха хан йоццуш, совгΙат деш, СаΙди-кΙотарарчу школан сурт даийтира цунна интернетехула. Цо кхоьллина ойланаш – эссе язйира Бирланта дукха хан йоццуш.

Г IайгIане туьтеш

...Сурта-м ду доггах даьккхина... Доккха диллина луо... Цу лайлахь дIасаидинчу берашa йитина кегийра ларш... Iаьнан юккъерчу баттахь къеггина хьаьжначу малхо хазахетарца Iанийна зIаьнарш...

Дера леррина хьажа хуучунна дуккха а кхин хIуманаш а ма гур ду цу тIехь, ткъа цу уьйтIахь лаймежаргех левзинчарна-м хIетте а........................

ХIара зама дIайоьду сихдинчу боларца, ларамза хецаделла туьйдарг санна, вайга ша йоьду а ца олуш... ХIара сиха ма ю, чIогIа сиха ... Кхуьнан сиха хилар тера-мера а ма дац, ....кхо шена ма тов ма хуьйцу кху дахаран куц-кеп а, бос а, чемаш а ....... Эзарнашкахь гIишлош а харцайо, юха дукха сиха, бехкала яхана кеп а хIиттош , керланаш хьалаайо, берд хаьрцинчохь юрт а юьллу, юрт хиллачохь Iам a хIоттабо... ХIара иштта ю-кх, хIара зама!

... ..........Ткъа дахар? ..Стенах олу" дахар"... Дахар заман букъ юккъера тIум ю-кх....... Дерриге а шена чохь кега а дина, дуьххьара хьуна мерза ю а моьттуш, къаьхьа чам беттало, тIум................

Дахар.......... Цо вай ловза а ца до вайна мел лаарх.. .Ца даьлла, цкъа наггахь хьаста-м хьосту, амма чeхадар алсамо нисло... Чехадар, чевнаш яр .............

Чевнаш....... Уьш мел дукха йо цо.... Дикка бала а кхаьчна, хьажа аьтто а хилла, хьаьвсича, еккъа цхьана чевнех дина хира дар-кх вайн дегнаш... И чевнаш оьшур а яц вайн, дуьненчохь мел дукха дахарх... Ткъа уггаре а кIоргачу чевнех цхьаъ , соьга хаьттича, ша винчу махкара мича воьду а, маца юхавоьрзур а ца хууш, дIаваха араваьллачо шеца дIахьошъерг ю...................
"Йинчу юьртах къаьстича, мегара ма яцара со"- бохуш, цу юьртара урамашкахула ченаш кегош, еддий-хьаьддий лелла йолу хьо, цхьана хазчу... хIа-хIа, цхьана кхоьлинчу дийнахь, цIаьххьана хьала а оьккхий, дIайоьду, вас хилла кхиссало дог аьтто куьйгаца сеца а деш....

Хьо дIайоьду дуьненан йистте...уратталла юха а ца хьожуш.......Юхахьажа лаа-м лаьа хьуна, амма ца хьожу-кх...................... Цу дуьненан йисттехь ахь бен а бо, марзонаш а лоьху, хьалха хьайн цкъа а дуйла а ца хиинчу урамашкахула йолалой а лела, хIора дийнахь цхьа "даккхий" дезарш кхочуш а деш, уьш кхочушдан ца кхиарна а кхоьруш, хьо мила ю а, хьена ю а ца хуучу нехан де дика а, суьйре дика а деш, ирсе хила а гIерташ...... амма ирсе-м ца хуьлу хьо.................цигахь хьо цкъа а ца хуьлу ирсе, хьо хьайх тера а ца хуьлу........... хьо хаддаза йоьлу, хьо хаддаза йоьлху, наггахь, гIаддайча, "Ас хIун леладо-те,суна хIун хилла -те?"- олий айхьа хьайна хьалха хаттарш а хIиттадо, юха цу декъачу хаттаршна жоп ца кардича, холча а хIутту.

............................Цхьана къизачу куьйгашца оззийна лаьттара шен орамашца схьадаьккхина дитт санна хуьлу xьo... Цхьанна а оьшуш а доцуш, некъан йистехь Iуьллуш долу... хьуна ца тоьу хIаваъ, дог дассалo, ойланаш язлой, яьржа... Ткъа дуьне гатлуш санна а хета, де дийне мел дела а.

................Хьо йоьлху, хьо йоьлу...елхарах-еларах ца Iебаш, тIаьххьара а мокхачу цхьаллин хIусаме а кхочу... Цуьнца хьан барт а хуьлу .......... Хьуна гондхьа болучарна ца хаьа ахь хIун леладо, ткъа и хьайн гIайгIа царна ца гайта, ахь леррина дIалечкъайо елакъежаран кирхьана тIeхьа......хьо йоьлху, хьо йоьлу, ахь даккхий синош а доху, чов хиллачу дагчохь хорамех туьтеш а дуцу... Царех, дукха хан ялале, дехха цхьа кочар а кхуьу.....

.... ДIаоьху денош... де, кIира, шо... Юха а хьо йоьлху, хьо йоьлу, массо а санна, массара а санна ахь зезагаш а кхиадо, "Ма хаза ду хIорш", - бохуш... Амма хьо ирсе ца хуьлу...
Денош шерел дахлуш хета, тем байначу сино шен шийла туьйранаш а дуьйцу лерехь, хаддаза шабар-шибарш а деш, хьо ирсе ца хуьлуьйту цо!....... Юха а, юха а хуьлу хьо цхьа хIума яйна стаг санна. Хиллачух кхета гIерта, дерриге а дусту, терзан тIе а дуьллу, хIора сарахь коре а хуьйшуш, гIийла ойланаш а йо... Хаддаза «ХIунда? Маца? Маццалц?» - бохуш чIуг етташ хьийзачу хеттарша са бIарздой а карадо.

Иштта дIаоьху денош-шераш: цхьаъ, шиъ, кхоъ, берхIийтта... Юха хьо кIадло, хьо гIелло... леха яйна хазна, кIадло сатийса а... ТIаккха ахь олу... Цхьаьнгге а ца олу – Хьайга: «Ванах, хIара дуьне массанхьа а цхьатерра хаза а ма ду, ас хIун лоьху-те, ас хIун боху-те, со мича дикане кхача гIерта-те?»

........ Жим-жима айхьа хьо Iехо гIертаран дуьххьарлера билгалонаш гучайийла а юьйлало...Юха хьо йоьлу, хьо йоьлху, ахь тедо са цхьана йоццачу ханна... тедо... амма мел чIогIа хьуна лаарх, са дIате ца туьгу, хьоьга хьо Iеха ца ло... Юха а адамаш... урамаш... денош... шераш дIауьду... Юха а хьо йоьлху, хьо йоьлу, амма ирсе-м ца хуьлу...............
Юьхьанца, хецаделла туьйдарг санна, едда яхана зама, хIинца сихонца, дукха маса, шен уьйриг бан йолало... ТIаккха ...хьо, бIаьргнегIар тоха а ца кхуьуш, йоккха хуьлу... Юха а, хьалха санна, хьо елха а йоьлху, ела а гIерта…хьо йоьлу, амма йишхаьлча санна юьсу..................................

Цхьана хазачу, малхо эсала хьоьстучу дийнахь, хьо хуьлу урамновкъа а хIоьттина, сихачу боларца схьайогIуш, даимна санна хьайн ойланаш а еш. Шайн урамехула хьо чуйолаелча, некъо голатуххучехь, цхьа хаза, лерина хьаькхна Iуьллуш буц хаало хьуна... Ахь дукха ойланаш а ца еш, сихха иза схьа а оьций, цуьнан хьожа йоккху... Хьо тешна хуьлу, цкъа мацах, бераллехь, Дадас мангал тухучу хенахь санна, цунах иза йогIург хиларх... Тешна хуьлу, амма .................

Амма цунах цхьанна а тайпана хьожа-м ца йогIу...ХIоллам санна латта юьсу хьо некъа юккъехь........................ Xеттарш... дагалецамаш... ойланаш – шадерриге а дIахуьлу хьалхара...Уьш хьуна кхин ца оьшу...хьо кхета... кхета... кхин дика кхета йиш а йоцуш... Дерригенах сел дика кхетаро балдаш дегадо...дуьне техкадо...................... Хьо кхета... амма тIакхха а хьо ирсе-м ца хуьлу.............................
XS
SM
MD
LG