ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берашна баледаьлла герз


Хьалха-мартан кIоштера вахархочун, полицехь болх бечу Джабраилов Романан тIехь, меттигерачу кхело долийна гIуллакх дахлур долчух тера дац. Кхелхошна хала гIуллакх дац иза. Схьагарехь, кху деношкахь къастора ду кхело цунна хиндолу таIзар.

Цо иза ца дича а, бехке лоруш верг, иштта а ву хиллачу бохамо сиинкхетаман Iаткъам а бина, чолхечу хьолехь. Бехк а бац. Хилларг хIара ду: шайн ден герз кара а дина, иза ловзош, кIанта шен жимах ваша вийна. Талламо къастийна, герз догIуш ма хиллара сейф чохь дIа а лачкъина хилла хилар а, берашна цуьнан догIа кара а деъна, цунна тIекхаьчна иза хилар а.


Хьалха-мартан кIоштера полисхочун доьзале беанчу бохамо, цуьнан а, куьйга бехке волчу кIентан а велла дIаваллалца дагахь лаьттара долушду, аьлла, царех дог лозуш олу, оцу хиламах шайна хезча муьлхачо. Соьлж-ГIалара Итаева Разета иштта элира цуьнах.


Итаева: «Бобккха сингаттам хилла царна. Денна а, кIантана а шаьш белла дIабовлалца дагахь-балам хира бу цуьнах. Доккха хIума ду иза. Вайн нохчаша чIогIа эвхьаза леладо и герз. Низамхошка ала а дара сан: и герз лардахьара аш».


Герз ларамаза даьлла, цхьан карах ваша, доттагI, лулахо кхиверг а велла аьлла, хаамаш хуьлу Нохчийчохь. Уьш, сихонца дижадо юккъараллехь. Ша а полицехь болх бечу Майрсултанов Казбека цуьнах вистхуьлуш, элира, герзаца йолу эвхьазло мел кхераме тIаьхьало йолуш ю.


Майрсултанов: «Герз-ловзош хIума ма яций. Хийла меттигаш ю-кх и герз нийса ца лелийна, цуьнах зулам даьлла. Тхоьга-м олу иза, хIора дийнахь, герз ларде бохуш».


Масех шо хьалха, Хьалха-Мартан кIоштера санна бохам хилира ШаIми-юртарчу цхьана доьзалехь а. Цигара цIе а волуш, дукха хена дуьйна Iера-дахар Соьлж-ГIалахь хиллачу полицийн эпсар веллера, шен йоIан карах.

Хьелаш а изза дара: ларамаза шен ден тапча караяхар. Сонталлийца а леладо цхьаболчу нохчаша герз. ХаьнтIехь иза гойтуш лелор сов, цIахь а хуьлу уьш иштта, аьлла кхин дIа а дийцира полисхочо Майрсултанов Казбека.​


Майрсултанов: «Низамхоша, цхьаболчара сонталлийца леладо герз. Цуьнца забар ца яр дика дара. Хьо мел цуьнах тешаш валахь а, йохьIаьржо мичар йогIу ца хууш хуьлу. Вай цуьнах ларделча, дика хира дара».


Иттанаш эзар полисхойх а, эскархойх а махкара ницкъаллийн структураш хIоьттинахиларо, герзах болу кхерам лакхабоккху цкъа а ца хилчу агIора. Цул совнаха, цига а, кхечанхьа а балха воьдуш, лоьрашкара коьртаца дика ву а, наркоман а вац аьлла справкаяьккха вонуо атта ду, цхьаболчу лоьрашна тIебоьду некъ хьуна карийчхьана.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG