ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун Iалашо яра Березовский Борисан Нохчийчохь?


Оьрсийчоь -- Березовский Борис (аьтту агIорхьара хьалхарниг) Москох оьрсийн-нохчийн дагадовларшкахь, 11Товб1997
Оьрсийчоь -- Березовский Борис (аьтту агIорхьара хьалхарниг) Москох оьрсийн-нохчийн дагадовларшкахь, 11Товб1997

Хьолада Березовский Борис валаран бахьана толлуш ю Британин полици. Цу хеннахь цу стеган дахарх лаьцна дуьйцуш бу цуьнан доттагIий а, бевза-безарш а, мостагIий а. Березовскийс шен лар йитина вайнехан исторехь а.

Нохчийчохь хьалхара тIом дIабоьрзуш жигара политика дIахьуш вара иза, Оьрсийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан гIантден когаметтан даржехь а волуш.

Цу хьокъехь ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. ХIун Iалашо яра аьлла хета шуна Березовский Борисан Нохчийчохь?

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина, охаьйилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724 0I 9832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com
XS
SM
MD
LG