ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сингаттамо а самадоккху похIма...


Германи -- ТIаьрсигах исбаьхьа сурташ, хIуманаш кхуллу говзанча Мадалов Зараъ
Германи -- ТIаьрсигах исбаьхьа сурташ, хIуманаш кхуллу говзанча Мадалов Зараъ

Германехь ехачу нохчийн исбаьхьалхочун Мадалова Зараъин тIаьрсигах динчу сартийн гайтам дIабаьхьна кху деношкахь меттигерчу исбаьхьаллин кхерчахь.




"Исбаьхьалло гIо до ца дуьйцуш Iа Iелуш дерг, амма ала а, дийца йиш йоцуш ду аьлла хеташ дерг дийца" - иштта аьлла дуккхаъ шераш хьалха вевзаш волчу францхойн яздархочуо Гюго Викторс.

И дешнаш Германехь ехачу вайн махкахочун Мадалова Зараъин исбаьхьаллех лаьцна ала мегар дара. Цкъа а исбаьхьалхо санна ша гина йоцучу, я шегахь цу хIуманна похIма хила там бара аьлла дагахь а ца хиллачу цуо, ца яьлла ДегIастанах а къаьстина, хийраллехь ша йоккхучу хенахь шен йинчу махкана сагатдалар а, ДегIастанца йоьзна гIайгIанаш а, бевза-безачаьрца бисина дагахьбаламаш а – дерриге а, шен сих луьттуш, шерашкахь чекхйаьккхина йолу и шен гIайгIа дагахь а доцуш гучуяьллачу шен корматаллехь юьйцу. ТIаьрсигца болх беш ю иза.

Мадалова Зараъ: „Ас дуьххьарлера цхьа зезаг дина диъ шо герга хан ю. Цуьнца догIуш дуккха а кегийра хIумнаш ма хуьлий. Кило нисдала деза, тукар хила деза хьан карахь вуно аьхна Iаш, хьуна луург цу тIаьрсиг тIехь дан а деш. И ас тIаьрсигца беш болу болх муьл-муьлхачу а кхечу материалаца балуш бац. КIадешца, масала. Шен цхьа башхаллаш ю цуьнан.“

Ша цкъа а исбаьхьаллехь болх беш ца хиллехь а, амма ша цу некъа ялар - иза шен дахарехь хиллачу лехамийн, ойланийн жамIа хета шен бохуш дуьйцу Зараъс.

Мадалова Зараъ: „Суна-м ца хаа...Цхьа мелла а ойла а, куьйгаца къахеьгар а алсамох тIедаха дезаш долу хIума суна даима а дукхох дезна, атта далучул а. Иза хIун ду ца хаа суна. Я къийсам бу иза, сан сайца болу, даима а тола гIертар суо сайх. Цхьа лехам бу аьлла хета-кх суна иза“.

Там бара, ша Нохчийчоьнах къаьстина ца хиллехь, ша кху пана-хийрачу махкахь ца нисъеллехь, шена цкъа а и тайпанчу материалаца болх бан дага а ца дан, бохуш дуьйцу Зараъс. Амма нагахь санна шен махкахь шена дела денна гуш а, ша марзо оьцуш а дерг дукхахьолахь башха сих а ца хьакхулш дисахь, хийраллехь дерриге а кхечу агIор тIеоьцу, хIора а дагалецамо син пиллигаш хьедеш. Иштта ду Мадалова Зараъах исбаьхьалхо хилар а.

Мадалова Зараъ: „Ша шеца адам дукха ойланаш ма йо. Ткъа цу ойланийн реманаш дIаоьхуш, оьхуш, цхьана йисте кхача ма езий церан. Цара чакхенехь цхьа синхьаам луш хIума хила ма дезий царах. Со суо кхузахь а хилча, Даймахках къаьстина а хилча, ца тоур-кх суна еккъа и цхьа ойланаш. ТIаккха йолаелира со и болх бан.

Тхан нус ю Нохчийчохь ехаш. Суна суо кху некъа тIе ялар оцу сайн несах даьлла беркат хета. Цуо Нохчийчохь берашна хьеха а хьоьхуш, цхьацца Iаламерчу материалех, патарш хуьлда уьш, генаш хуьлда уьш я хIу, царех хIумалгаш ян Iамадо царна. И говзалла ю цуьнгахь. Цунах даьлла беркат хета суна сайна хIара хIума марздалар. Ткъа сайн цу ойланашкахь мел дерг, - сингаттам белахь а, лазам белахь а, марзо елахь а, - куьйге долуш кхолладелла ду-кх и сарташ“.


Германи -- Мадаева Зураан суртийн, вастийн гайтамехь
Германи -- Мадаева Зураан суртийн, вастийн гайтамехь
Ша дуьххьарлера бокказах цхьа зезаг дича, цу хьаштана шен тиша тIоьрмиг а цестина, шена тIаьрсигах исбаьхьа хIумалгаш муха йо бохург данне а хууш дацара боху Зараъс. Амма хьан сина цхьа хIума гергар делахь, цуо хьо шена тIеийзош велахь, тIаккха Iема-аш Iемаш хиллера корматаллийна тIе ца оьшург. Цунах хенаца кхетта Зараъ.


Мадалова Зараъин ша-башха корматалла нохчашлахь хьовха, Европерчу исбаьхьалхошна юккъехь а наг-наггахь бен нислуш йоцуш, шен башхаллаш а, шен похIма а оьшуш хIума ду. ХIунда аьлча, цIеяхначу исбаьхьалхоша а мукIарло дарца, вуно экама а, лело хала а материал ларалуш ю тIаьрсиг. Амма вайн махкахочунна Зараъна и болх хIинцале а дика карабирзина хиларна тоьшалла ду, цуьнан хьастагIа ша ехачу гIалахь дуьххьарлера гайтам дIабаьхьна хиларо а, иза цигахь нисбеллачу исбаьхьалла йовзархоша кхечу немцойн гIаланашка керлачу гайтамашка кхайкхина хиларо а.
XS
SM
MD
LG