ТIекхочийла долу линкаш

"Макондо" - нохчийн доьзалан керла хIусам


Германи -- Минкаилов Рамазан, Макондо филмехь.

Германи -- Минкаилов Рамазан, Макондо филмехь.

Кхушарахьлерачу 64-чу Берлинерчу кинофестивалан программехь гайтинчу „Макондо“ цIе йолчу фильмо вуно боккха Iаткъам бира хьовсархошна. Австрехь бехачу нохчийн мухIажарийн дахарах йолчу цу фильмехь цхьа а профессионалан актер вацара, беккъа мухIажарш бара.

„Макондо“ боху дош нохчийн лерсина тамашийна хета, Къилбаседа Iамеркерчу индхойн маттера долуш санна. Ткъа Европерчу хьовсархошна-м моттадала там бу, и дош нохчийн маттера ду аьлла. Ткъа хIун бохург ду иза, и кху деношкахь „Берлинале“ кинофестивалехь хьовсархой йийсаре лаьцначу филман цIе кхоьллина долу дош?

Иза дера ю Венерчу цхьана кIоштанахь Iуьллучу мухIажарийн лагеран халкъалахь лелаш йолу цIе. Зиммеринг - кIоштанахь, цхьанхьа кеманийн портан гIовгIанний, Дунайн хийистошний, малхбалерачу автобанний юккъехь Iуьллуш ю и лагер, дуьненан йеъа маьIIера 3000 сов мухIажарш шена чохь бехаш йолу.

Вехаш ву йигахь иштта II шо долу нохчийн кIант Рамзан а, шен ненаций, шина йишийций. Рамзана да тIом болуш оьрсаша вийна, ткъа ша иза, дукха хьалхехь воккха хила дезна волу, хIинца шен нанна а, йижаршна а жоьпаллехь ву.

Венерчу Макондо лагерехь, Сомалера а, ОвхIанера а, Пакистанера бевдда баьхкинчаьрца цхьана тхов кIелахь хене бовла гIерташ бохкучу цу нохчийн доьзалехь дерриге а хийцало, цхьана дийнахь цу лагерехь цхьа Iиса цIе йолу стаг гучуваьлча, ша Рамзанан де гергара доттагI вара бохуш волу.

Цкъа хьалха гергарло а, уьйраш а тассало жимчу кIентан шен ден доттагIа вара ша бохуш волчу цу стагца. Къамелаш до цуьнца, шен дех лаьцна хоьтту, марзо эца гIерта да воцуш кхуьуш волу жима кIант цу хийрачу , амма шен да цунна вевзаш хилла хилар бахьана долуш шена сел гергара хетачуьнца.

Амма тIаьхьуо шекволу иза цунах, реза ца хуьлу, иза шайн доьзалехь дукха йоккха меттиг дIалаца гIертийн те аьлла шен синхаамаш хилча, шен де меттиг лаца гIертий теша иза аьлла хета, жим-жима кхоллалуш цабезам а, эмгарала а кхолладолу цуьнан жимчу дагчохь.

„Макондо“ фильм яьккхинарг австрихойн евзаш йолу кинорежиссер Мортезаи Судабей ю. Судабей ша ГIажарийчохь йина ю, шен шийтта шо долчу хенахь Австре шен деца-ненаца мухIажар санна схьаеъна а, цигахь кхиъна а, режиссер санна гIараяьлла а ю. Цундела а ю цунна шена ша хIинца яьккхичну рогIерчу фильман сюжет гергара а, дика евзаш а.

ХIинцалца схьа дуьненаюкъарчу совгIаташца билгалъяьхна йолу документар фильмаш яьхна йолчу Судабейс нохчех лаьцна яьккхинарг цуьнан дуьххьарлера ловзоран фильм ю.

Цуо ша дийцарехь, и фильм йоккхуш цуо шуьйра пайда ийцира шен доьзалан а, шен а мухIажараллин зеделлачух. „ Со Австре яха схьайогIучу хенахь суна мелла а немцонй мотт хаьара, амма хIетте а вуно хала дара тхуна цу махкахь орамаш хеца, шераш дIаихира, тхо тхайн керлачу дахарах дIа ца иэлуш.

Цундела со дика кхета, Рамзанас а, цуьнан доьзало а лайначух. Керлачу культуран дуьненахь нисбеллачу нахана мел хала хуьлу хаьа суна. ЧIогIа хала ду хийрачу махкахь ваха хаа“, - бохуш дийцира цуо шайн картина „Берлиналехь“ гайтинчул тIаьхьа хиллачу пресс-конференцехь.

Шен коьртачу турпалхочун рол ловзийна волчу Минкаилов Рамзанан актеран похIамаллин лакхара мах хадийра режиссеро. „Цхьа а сценарий а йоцучу хенахь, оха цу ролана мегар волу кIант хоржуш, импровизацеш ечу хенахь вуно боккха тIеIаткъам бир суна Рамзанан корматалло. Вуно доккха хьекъал а, говзалла а, шен синхьаамаш гайта хаар оьшуш рол яра цуьнаниг. И дерриге а цуьнца карийра суна“, - бохуш дийцира режиссеро.

„Берлиналехь“ пресс-конференцехь дакъалоцун ша къона похIманча Рамзан а вара. Ша кхин дIа а киношкахь ловза дуьхьал хир вацара бозуш дийцира цуо гулбеллачу журналисташка. „Амма нагахь санна кхин ролаш ловзо сайга кхойкхуш ца хилахь, ишкол дIа чекх йоккхур ю ас“, - элира Рамазана, массо а гулбелларш бела а беш.
XS
SM
MD
LG