ТIекхочийла долу линкаш

"Буьззина могуш болучарна бан а болх ца хилча, заьIапхой буьйцучохь а дац"


Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь дахначу шарахь маса инвалид балха нисвина теллира Кавказ.Реалии портало.

Могушаллица проблемаш лаьтта стаг атта балха ца оьцу хьукматийн, организацийн, офисийн куьйгалхоша, цундела пачхьалкх декхаре ю белхан меттигийн дола а деш, уьш дIасаекъа.

ЗаьIапхошна белхан меттигийн квоташ яларан хьокъехь долчу мехкан низамашкахь хийцамаш бан лерина бу ГIалгIайчоьнан депутаташ.

Инвалидашна белхан метигаш латторхьама, низаман проектца а догIуш, Iедало Iалашо лаьцна, мел лахара а 35, мел лакхара а 100 стаг штатехь волчу организацехь заьIапнахана аьлла 2 % меттигаш хилийта.

Пачхьалкхан организацешкахь а санна, и низам лелар ду доларчу компанешкахь а.

Масала, ГIалгIайчохь дахначу шарахь белхазаллана тIехь Iуналла латточу центраша 214 инвалид балхахь дIатарвина.

Мехкан къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министралло Кавказ.Реалиига дийцарехь, 119 инвалид бухара белхахо накъосталла дан тIе а ца хIоттош балха дIаэцна, ткъа 95 заьIапхо тIехьожуш хьехамча а волуш.

Нохчийчохь стохка 200 инвалидна карийна болх.

Могушаллица кIезиг таронаш йолчу нехан бакъонех дийца долийна кху кIиранах Кхарачойн Чергазийчохь а.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин заьIапхойх йолу Конвенци а, "Аьтто болу хьелаш" цIе йолу пачхьалкхан Программа а кхочушъярехь жоьпалла меттигерчу Iедална тIедожийра мехкан куьйгалхоша.

"Стохка цхьана 10 беттачохь 130 инвалидна болх хилира"

2013-чу шарера 2016-гIа шо кхаччалц "Аьтто болу хьелаш" программехула Кхарачойн Чергазийчохь адаптаци йина заьIапхошна лерина 128 социалан объектна, дахначу шарахь оцу программана юкъаяхийтина белхазаллана тIехь терго латтон центраш а.

Стохка цхьана 10 беттачохь 130 инвалидна болх хилира.

Иштта ГIебарта-Балкхаройчохь стохка могушаллица таронаш ледара йолу 211 стаг балха нисвина.

ХIинца а, къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министро Тюбеев Альберта билгалдаккхарца, 800 сов заьIапхо ву болх боцуш висина.

"Алапа шен-шен хенахь схьалучу пачхьалкхан а, муниципалан а хьукматашка болх бан дIанисбан гIерта тхо заьIапхой", дIахьедина Тюбеевс.

Стохка аьхка Къилбаседа Кавказехь дуьххьара ГIебарта-Балкхаройчохь схьайиллина юкъараллан экспертизан а, сертификацин Центр.

Пачхьалкхан "Аьтто болу хьелаш" программа кхочушъярехь гIо кхачор ду оцу Центро.

Амма хIетте а, бахархоша латкъамаш бо, махкарчу дуккхаъчу объекташка шайна кхача йина таронаш цахилар далхош.

"Ледара ду пандусашца дерг а, дукха хьолахь, цIархазмана ехкина карайо уьш"

ЗаьIап бер кхиочу Налчикерчу яхархочо М.Ларисас Кавказ.Реалии портале дийцира, гIаличуьра дукхахъйолчу гIишлошна тIе кхача а, я чу ваха а цхьана а кепара гIудалкх чохь лелачарна йина таронаш цахиларх, хIиттийна пандусаш кхачо йоллуш ехкина цахиларх а.

"Ледара ду пандусашца дерг а, дукха хьолахь цIархазмана ехкина карайо уьш, вуьшта аьча, пайден яц. Сайн бер чохь гIудалкх теттина тIе а ца яхало", элира яхархочо.

Дагестанехь дахначу шерачохь къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министраллан гIоьнца 2,2 эзар инвалид балха дIанисвина. Амма цигарчу бахархоша а аьрзнаш до, гIали юккъе довлар онда проблема ю шайн бохуш.

ТIаьххьарчу шина шарахь Дагестанан прокуратуро 900 сов заьIапхошца доьзна низамаш талхийна меттигаш Iораяьхна: дуккхаъ гIишлош ю гIудалкх чохь тIегIойла доцуш, пандусашца таронаш ца йина. Ламеш лекха хиларна, хIусам чу кхаьчча а, дуьхьалонаш хьоьгу, парггIат дIасаваха таро йоцуш.

"Буьззина могуш болучарна бан а болх ца хилча, заьIапхой буьйцучохь а дац. Ткъа вайн гIаланаш гIудалкхаш хехка аьтто боцуш йина ю. Белхан меттиг нисъеллачунна а ницкъ хуьлу вогIуш-воьдуш, нагахь санна машен цуьнан яцахь. Юкъараллин транспорт чу вала а йиш яц, пачхьалкхан хьукматашкахь лела а хьелаш дац. Масала, хIордан йистехь ехкина пандусаш тIех хьаьвзина ю, цхьамма юьхь а лаьцна бен ваха-ван йиш а йоцуш", бохуш, даредо ХIинжа-ГIаларчу цхьана заьIап вахархочо.

"Кавказ.Реалии" портало хьалхо дийцира, изза проблемаш Къилбаседа ХIирийчуьрчу инвалидаша а хьоьгуш хиларх.

Билгалдоккху, 2016-чу шеран чакхенехь ХIиричуьра 1000 инвалид чоьте эцнера белхазаллана тIехь терго латточу центраша.

"Республикехь хьал ледара ду заьIапнах балха нисбарца", аьлла, къера хилла Къилбаседа ХIирийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхо Тускаев Таймураз цхьана кхеташонехь.

Стохка 150 инвалидна бен белхан меттигаш яла таро ца хилла церан.

XS
SM
MD
LG