ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эксперташна хиина Малайзин Боинг чудаийтина халар


Нидерландаш -- Малайзин Боинг чудар толлучу комиссин хьалхара хаам. Гезг 9, 2014
Нидерландаш -- Малайзин Боинг чудар толлучу комиссин хьалхара хаам. Гезг 9, 2014

Нидерландийн пачхьалкхан кхерамазаллин кхеташоно зорбане даьккхина товбеца баттахь Украинерчу сепаратисташа доладечу кIоштахь маьрша некъахой чохь болу кема чудаийтарх лаьцна долу официала рапорт.

Нидерландийн кхерамазаллин Кхеташонан интернет сайта тIехь еша йиш ю цу пачхьалкхан талламхоший а, кеманийн а, стигалнекъийн говзанчийн а тобаной даханчу аьхка сепаратистийн карахь йолчу Донбассехь чудоьжначу Боинг кеман хьокъехь кейчина йолу рапорт. 34 агIонах лаьттачу цу документехь Нидерландийн Iедалшна карийна долу коьрта жамIа – иза шена чохь 298 маьрша некъахо хилла волу кема арахьарчу бахьанашца чудоьжна ду бохург ду.

Кема чудеанчу меттехь карийна долу цу чохь тIаьхьарчу мIаьргонашкахь хуьлуш хилларг дIаяздеш долчу Iаьржачу гIутакхаша а, радиолокацин станцеша а, тIурненехь даьхначу сарташа а шаьшна хьалха хIоттийна долу сурт талла а теллина, цу бух тIехь бина бу талламхоша шайн сацамаш. Цара цхьанна а кепара хила йиш йоцуш лерина, кема ша цхьа муьлха а техникан кхачамбацар йолуш хилла хилар а, цу кеман пилоташ а, йоллу экпипаж а, цхьанна а агIор шайгара гIалат а далийтина, хиллачу бохамна бехке хила йиш хилар а.

„Кеман фюзеляжан хьалхарчу декъа тIехь а, экипаж чохь йолчу кабини тIехь а карийна йолу йохорш, схьахетарехь, арахьара дуккхаъчу терахьашкахь йолчу хийрачу, совйоккха чехкалла йолчу а, лакхара энерги йолчу а объекташ йина ю. Цу объекташ кеманна Iуьргаш дахар бахьана долуш, кеман чархин чIагIалла йоха а йоьхна, иккхина ду ала мегар ду Боинг 777.

Цу йохорийн аматаш цхьанна а кепара хIинцалца схьа евзаш йолчу кеманийн техникан проблемашца цхьаьнайозуш яц. Кеман дакъош латтахь йоккхачу территори радиусехь дIасакхийсина хиларо тIечIагIдо, и кема стиглахь долшехь дакъошкахь доха а доьхна, чудеъна хилар“, - иштта яздина Нидерландийн эксперташа шайн рапортехь.

Цул совнаха, цара билгалдаьккхина, Боинг чу догIучу хенахь цунна 30 чакхарма уллехь цхьа а кхин кема хилла ца хилар а. Ткъа иштта, цу кеманна тIера массо а система йоьхна, дIасацале нийса 4 секунд хьалха а экипажо, гаррехь, цхьана а хIумана шек а йоцуш, шен могIарера хаамаш лаьттарчу диспетчершка бина хилар.

Хьахийна ма-хиллара, арахьара дуккхаъчу терахьашкахь йолчу хийрачу, совйоккха чехкалла йолчу а, лакхара энерги йолчу а объекташ дохийна кема ду аьлла чIагIдеш делахь а, цуьнан авторша билгал ца даьккхина, хIун ю уьш, и къайлене объекташ? Мичара евлла я хIун аматаш долуш ю уьш, и 300 тонна доккха долу кема мIаьргонехь дохон ницкъ болу? Дац цу тIехь ур-аттала гергарчу хьесапехь дина шайхаллаш а, цу объектийн йоккхалех а, церан сибатех я уьш цу кеманна тIе хецначийн аматех а.

Цуьнца цхьаьна рапортехь дахкийна ду дохийначу кеман дакъойн сарташ, шайна тIехь дуккхаъ кегий Iуьргаш а долуш, хIинцалца схьа а хийлаза хаамийн гIирсашкахь зорбане даьхна хилла долу. Нагахь санна Нидерландашкарчу талламхоша и Iуьргаш стенах девлла ду боху хаттар доп доцуш дитнехь, хьалхехьуо тайп-тайпанчу тергамхоша и тайпа лараш „латта-стигал“ цIе йолчу ракетан даьндаргех дисса йиш ю бохучунна тIе тидам бахийтинера. ХIинца, и рапорт зорбане даьллачул тIаьхьа, и верси тIечIагIйелла хета тергамхошна а, журналисташна а. Украинин куьйгалло а, ткъа иштта цхьа могIа Малхбузерчу аналисташа а кема чудеъначу муьрехь а билгалдоккхуш дара, маьрша некъахой чохь болу Боинг Оьрсийчоьнгахьа болчу сепаратисташа, Украинин тIеман кема ду моьттуш, чудаийтина ду бохург.

Цуьнан тоьшаллийна дахкадора цара, чудаийтинарг маьрша кема дуйла гучудалале хьалха, иза чудаийтинчу мIаьргонашкахь сепаратисташа шаьш интернетехь сонталлийца дитина хилла долу йозанаш, шаьш рогIера Украинин тIеман кема чудаийтина бохуш. Ткъа хIаллакдинарг 300 бIе герга бехк-гуьнахь доцу маьрша стаг чохь волу хийрачу пачхьалкхан некъахойн кема дуйла хииинчул тIаьхьа цара и йозанаш сихонца дIадайъинера. Ткъа уггаре а коьртанаг, цу тергамхошна хетарехь, и кема чудаийтина хила тарлуш йолу „латта-стигал“ ракеташ Донбассерчу сепаратисташна яла меттиг бац, Оьрсийчоьнерий бен. Ткъа иза, шен рогIехь, хиллачун бехк цу пачхьалкхана тIе балош долу хIума ду.

Иштта хеташ ву Венерчу политолог, Малхбалерчу Европех эксперт волу Чапханов Руслан а. Маршо радионе цуо дийцарехь, цу катастрофехь Оьрсийчоьнан бехк хилар шеконе дуьллуш дац дуьненан юкъаралло.

Чапханов Руслан: „Массо а хаамийн гIирсашкахь и кема Оьрсийчоьно чудаийтича санна бехкаш дохуш яздеш ду цунах лаьцна. Оьрсийчоьно цхьаьна жоьлгашна герз а делла, цара шайна луург лелош хиларна хилла иза. Оьрсийчоьне дукха хенахь дуьйна дуьненан юкъаралло бохуш а дара, и нах жоьлгаш ю, цаьрга и герзаш ма лахьара аш бохуш. Делахь а, цара керисталла дора шайн бехканна. ХIинца гуш ду-кх вайна иза“.

Нидерландашкарчу Кхерамазаллин Кхеташоно шен рапортехь билгалдоккхуш ду, билгал а, тIаьхьарлера а долу кема чударан бахьанаш къастон кхин цхьа могIа экспертизаш а, кхин цхьаъ таллам а оьшу бохург. Цу Кхеташонан официала векал йолчу Ферной Сарас журналисташка динчу дIахьедарца, тIедогIучу шеран товбеца баттахь кийча хир ду талламхойн тIаьхьарлера жамIаш довзуьйтуш долу рапорт.

XS
SM
MD
LG