ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукхаха болчу Iамеркахоша къобалдина Асадна тохарш дар


Iамерка - Трамп Доналда телефонехула баркалла элира USS Porter тIеман хIордан кеманан командирана Слау Андриана, Шемарчу ТIеман базина кхиамца ракеташ тохарна.
Iамерка - Трамп Доналда телефонехула баркалла элира USS Porter тIеман хIордан кеманан командирана Слау Андриана, Шемарчу ТIеман базина кхиамца ракеташ тохарна.

Иза гайтина CBS News телекомпанино юкъараллана хетарг къастош биначу талламо.

ДIадаханчу кIиранах Iамеркан хIордан тIеман кеманаша ракеташ туьйхира Шеман президентан Асад Башаран режимана дуьхьал. Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Трампан и сацам къобулбина дукхаха болчу Iамеркахоша.

Иза гойтуш бу CBS News телекомпанино юкъараллана хетарг къастош бина таллам.

Оццу талламца а догIуш Трампан рейтинг 43 проценте хьлаяьлла.

Цуьнца цхьаьна CBS News телекомпанин талламехь дакъалаьцначу 49 процент наха жоп делла президентан болх къобул ца бо шаьш аьлла, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Шемарчу тIеман базана «Томагавк» ракеташ еттар къобулдо шаьш аьлла жоп делла 57 процент респонденташа.

Делахь а, авиатохарш а деш Iамерка сацар лууш бу и нах. Iамерко Шема эскарш хьажо деза аьлла хеташ бу 18 процент бахархой.

75 процент респонденташна хетарехь, Шемахь кхин дIа тIеман гIулчаш яхале Трампа Конгрессе къобулбайта беза шен сацам.

Республикан партин агIончех 50 сов процент нах а бу иштта ойла йолуш.

Талламехь дакъалаьцначу нахах 80 процент Республикан партин декъашхоша шаьш тешна ду аьлла, Трамп доьнал долуш хирг хиларх Шемара хьал дIанисдан. Оццу хенахь, нисса бIостанехьа ойла йолуш бу 84 процент Демократин партин декъашхой.

CBS News телекомпанино шен таллам дIабаьхьна ингалсан а, испанхойн а шина маттахь, Охан беттан 7-чу а, 8-чу а, 9-чу а деношкахь телефонехула. Цу талламана юкъаозийна хилла 1006 стаг.

XS
SM
MD
LG