ТIекхочийла долу линкаш

Большой театран гIоттуш болу "седа"


Контратенор Магомадов Владимир

Контратенор Магомадов Владимир

ТIаьххьарчу шерашкахь нохчашлахь гучубевлла дуккха а похIма долу йиш-лакхархой.

Маршо Радионо гуттар шен тидамехь латтош бу нохчашна юккъехь похIмалла долу нах. Оха тхайн ладогIархошна, масала, дуьххьар вовзийтира тенор Умханов Шарип. Масех баттахь сатийсамца хьийжира вай оьрсийн телевизион чохь «Голос» къийсамехь дакъа лоцуш хиллачу Шарипе. Дукха нехан деганаш дуьйхира, оцу къийсамера Умхановн дIаваха дезча.

Дукха баланаш лайна болчу нохчийн бахархоша Умханов юкъарваккхар тидира тахана Оьрсийчоь, нийсо хьалха а яьккхина, сацам бан кийча цахиларца. Амма боккъал иштта дуй те иза? Цхьана масало шеконаш кхуллу оцу чIагдарех.

Оццу 2013-чу шарахь кхечу нохчочо толам баьккхира «Большая опера-2013» цIе йолчу телевизионан къийсамехь. Вай вуьйцург Магомадов Владимир ву. Шарип санна, шуьйрра вевзаш вацахь а, Владимир - Большой театран солист ву. Магомадовн ша-тайпа, вуно башха, божаршлахь наггахь бен хуьлуш доцу аз ду. Хьалха заманахь и тайпа аьзнаш долу божарий леррина гулбеш хилла Ватиканехь. Хьовса контратенора Магомадов Владимира локхучу арига:

XS
SM
MD
LG