ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бомбанаш тоьхна юха а иттаннаш бераш дайина Шемахь


Шема -- ХIаас эвла бомбанаш тоьхна, ГIад.26, 2016
Шема -- ХIаас эвла бомбанаш тоьхна, ГIад.26, 2016

Цкъачунна билггала хууш дац муьлха кема хилла и зулам динарг. Амма хууш ду иза Оьрсийчоьнан тIеман кесма дацахь, Асадан ницкъийн кема хилар.

26 стаг, коьртачу декъана бераш, дайина Шемахь, ХIаас олучу эвла бомбанаш а тоьхна, Кхаарин дийнахь. Бомбанаш тоьхнарш ду я Оьрсийчоьнан, я Асадан ницкъийн тIеман кеманаш. Орцанхоша дийцарехь, тохарш дина школа йолчу меттиге.

Шемарчу Iедалан телевизионо хаам бина, ХIаасехь бомбанаш йиттина шайн кеманаша тIемалойн позицешна аьлла.

ЮНИСЕФ олучу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин берийн фондан куьйгалхочо Лейк Энтонис дIахьедар дина, нагахь цу меттиге бомбанаш тохар леррина динехь, иза тIеман зулам дар ду аьлла.

Reuters генталло бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан цIарах Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь волчу векало Чуркин Витайлис дIахьедар дина, иза вуно ирча хилам бу, шаьш цунна бехке дац аьлла сатесна ву ша аьлла.

Шена атта дара шаьш дац цунна бехке ала, амма ша жоьпалла долуш стаг ву, ша собар дийр ду шайн тIеман министралло хIун олу хьожуш, бохуш вара Чуркин.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG