ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джонсона ойла хийцина Москох ваха


Британи -- Арахьарчу гIуллакхийн секретар Джонсон Борис
Британи -- Арахьарчу гIуллакхийн секретар Джонсон Борис

Британин арахьарчу гIуллакхийн секретара Джонсон Бориса юхаяьккхина кху беттан 10-чу денна вахна лерина Москох визит. Цуьнан хьукматан вебсайто кхеторехь иза доьзна ду “Шемара хьал хийцадаларца”.

“Сан приоритет хIинца Iамеркца а, кхечу партнёрашца а, контакташ дIаяхьар ю G-7 цхьаьнакхетар хилале, дуьненаюкъарчу юкъараллин цхьана эшшарехь (Шемахь) тIом сацорна гIортор яр кхиорхьама а, политикан процесс жигара баккхархьама а”, - даладо Джонсонан дешнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG