ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦарнаевгIар бехке бо Бостонехь динчу лелхийтаршна


Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ -- Бостонехь эккхийтар дарна бехке бечу вежарех ЦарнаевгIарах цхьаъ - ДжовхIар, Вконтакте - машанера сурт.
Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ -- Бостонехь эккхийтар дарна бехке бечу вежарех ЦарнаевгIарах цхьаъ - ДжовхIар, Вконтакте - машанера сурт.

ПΙераскан буса полици шайна тΙаьхьаяьлча, лелха герзаш а кхуьйсуш, духьалваьллачу шиннах цхьаъ лазийна. Иза дарбан цΙийнехь дΙаваьлла. ШолгΙаниг «Мерседес» машенца ведда, кΙелхьараваьлла Кембриджна уллерчу Вотертаунехь. Уьш бу вежарий ЦарнаевгIар - Тамерлан а, ДжовхIар а, Дагестанан шахьарахь ХIинжа-ГIалахь вехачу нохчочун Царнаев Анзоран бераш.




Полицино хаам барехь, нахера ядийна хилла цаьргара машен, иштта туька яьхьина а хилла цара. Талламаша гайтарехь, ГΙиргΙазойн махкара Дагестане дΙакхелхинчу доьзалх схьабевлла вежарий ЦарнаевгΙар. Велларг ву 26 шо кхаьчна Тамерлан, ткъа хΙинца лоьхуш верг – 19 шо долу ДжовхΙар.

Лаххара а 10 шо кхаьчна хилла ши ваша ЦарнаевгΙар а, церан ши деваша а Ιамеркахь беха. Царнаев ДжовхΙарна Массачусетехь делла машенлелорхочун кехат а ду, боху полицино.

Дешна ДжовхΙара ХΙинжа-ГΙалахь а, Кембриджехь а. Школа 2011-чу шарахь чекхъяьккхина. Цул совнаха, школехь доьшуш 2500 доллар грант елла а хилла цунна, тоьлла спортхо а хилла школехь.

Вежарий ЦарнаевгΙар «Ал-Кхайдица» зΙенехь бара аьлла даржийна хаамийн гΙирсаша. Амма алархьама бен и ца боху аьлла хетало Царнаев ДжовхΙара Вконтакте-машанехь деш дисина йозанаш дешча.

Кхо де хьалха Бостонехь бахархойн чехка бовдаран марафон дΙахьочу урамехь эккхийтар дира, кхо стаг а леш, ши бΙе гергга лаза а веш. Оцу зуламан куьг-бехкенаш лохуш яьлла полици шина вешин лар тΙе – хьалхо даржийнера церан сурташ а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан администрацино шена хетарг а даржийна зорбанехь. Пресс-секретара Керимов Ιалвис, вежарий ЦарнаевгΙар махкахь я бевзаш а, я цигахь Ιийна а бац боху.

Изза чΙагΙдо Дагестанехь, ХΙинжа-ГΙалахь, вехачу церан дас Царнаев Анзора а.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG