ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашна тIе ца доьжна бехказбийла


Iамерка -- Маршонан хIоллам.

Iамерка -- Маршонан хIоллам.

Кху тIаьхьарчу ткъех шарахь массо а агIор хьехош болу нохчий даиман а ладегIа Iемина кху дуьнентIехь цхьа вониг хилча. Амма Iамеркехь, Бостонехь, марафон дIахьуш болчу нахана юкъахь лелхийтарш дина аьлла хезча, цхьана а кепара дагадогIийла дацара цу юкъахьакхабелла вайнах хир бу бохург.

Амма хIинца, гарехь, шеко къезиг ю йисина и тIелатар динарш вежарий ЦарнаевгIар Тамерлан а, Джохар а хиларх. Масала, “Washington Post” газето бинчу хаамца, Царнаев Джохара даре дина и ши эккхийтар дина хилар ша а, шен вашас а леррина кеч а дина дина хилар.

Цу бохамах лаьцна хилларг билггал хIун ду хууш дац. Таллам дIабоьдуш бу. Ткъа хIора денна гучубуьйла цу хиламах лаьцна хаамаш, цхьацца хенахь нисса бIостанехьа хуьлу.

Делахь а, цуьнга хьажна доцуш, хIораммо хIоьттуш дерг ду, хIун бала боьссийна хилла царшинга Iамерке а вахана маьрша наха байъал? Хьанна бекхам бан, мила кхеро, хьанна бала боссо гIерташ хилла и ши стаг. ХIунда ваьлла и шиъ, шаьш дийцинчух теша а тешна, шайна тхов-къело еллачу нахана дуьхьал? ХIунда хьаржина ЦарнаевгIара Iамерка шайн мостагI.

Бахьанех хьехаош дерш ду бусулба дин, буслба дино Делах тешар доьссича, ара а валий адамаш дайар хьохуш долуш санна, бохуш эргIад оьху цхьаберш. Нагахь Иракъехь, ОвхIанистанехь а Iамерко тIеман операциш дIахьош ю аьлла куьйгайина бомбанаш лелхийта араваьлла и шиъ хиллехь, цулла а хьалха цIахь бацара царшинна мостагIий бохуш хоьтту вукхара.

Бостонехь хилларг новкъа деана бара оха цу хьокъехь къамел дина болу нах. Царах ву Нохчийчохь шолгIа тIом болалуш 18 шо а бен хилла воцу, цу тIеман уггаре а хьехош долчу тIематасадаларшкахь дакъала кхиийна волу Садаев Рамзан. Цуьнан цIе, кхеташ ма хиллара, хийцина ю.

Мел чIогIа ойланаш ярх ша тIаьхьа кхууьш вац цу шина жимачу стага динчунна, ша цхьамма царах пайда ца эцнахь бохуш дуьйцу Рамзана.

Садаев Рамзан: «Суна хетарехь, цхьана агIор цхьана наха юкъанисбеллачух тера ду уьш, Iаьрбийн мехкашкарчу нахана юкъа. Тахана яздеш дерг иза ду царах. Дерг ца хаьа суна. Иштта цхьана нахана юкъа а кхаьчна, цхьаммо пайда эцна аьлла хета суна. ХIунда аьлча, цхьа идеяш а эцна (лелаш ца хилла) ... Iамерка мичахь ю, вай мичахь ду?..

ХIинццалц цу махко вайна дина (во) хIума хааделла дац. Мелхо а, дуьнено а, Оьрсийчоьно а террористаш вайх олучу хенахь, вайх гIаттамхой а олуш лелла мохк бу иза.

Амма со вехачу махкахь... карахь газет а ду сан, таханлера газет ду хIара. СМС-аш ю дIасакхоьхьуьйтуш. Соьга цхьа 20х кхаьчна хир ю уьш. Митинг ян еза вай кху гIалахь Iамеркан векалаллана хьалха, и кIант дIалацарна аьлла, яийтина ю уьш. Ткъа газеташкахь яздина ду нохчий террористашкахьа лоцуш бу аьлла».

Нохчаша кху тIаьхьарчу шерашкахь ондда бала Iоьвшина. Ткъа вайна дукхах болчарна гинарг царшинна гиначух тера дац бохуш дуьйцу Рамзана.

Садаев Рамзан: «И бала Iевшина хир бу аьлла ца хета суна цара. Кегий бу уьш. Вайн махкахь вайна тIе яйнашкахь и бомбанаш ца кхиссинехь а, стигалара а, кхечу гIаланашкара а тIе ма йиттиний вайна уьш. Вайна и хьал гина, ткъа кегийрчерна иза гина дац. Со кхеташ вац цу нахах. Аса тIелоцуш хIума дац иза».

Канадехь вехаш волу Мохьмад Бостонехь тIелатар динчу Царнаев Тамерланал а 3-4 шо валахь бен кхин воккха вац. Цундела мехала ду цунна хетарг хаар а, цуьнан ойланаш йовзар а. Луларчу Iамеркехь динчу лелхийтарех лаьцна кху деношкахь ойланаш еш ву ша бохуш дуьйцу цо.

Мохьмад: «Дуьххьар иза хьа дина хууш дацара. ЦарнаевгIера фамили евзуш яц. Ткъа уьш нохчий бу аьлча, чIогIа цецваьллера со. Цкъа дуьххьар оьгIазло йоьссира соьга, кхара хIун леладо аьлла. Вуьшта а дика цIе йоккхуш дацар вай аьлла. Царшинна цхьа боккха тешнабехк биний те аьлла шеко йолуш ву со. Бусулба а, нохчий а болун дела.

Дуккха а пачхьалкхашкара бусулба нах бу кхузехь Азера а, Европера а. Цкъа юххара гергарло таса гIиртир уьш соьца. ДогдетIа хьо цхьа вай хетча. Дукха чIогIа майра къамелаш дан уьш буьйлабелча, ванах, и майра къамелаш дан веана хIара кхуза олий ойла кхоллалора. Шайн пачхьалкхашкахь йоцуш йолу бакъо царна луш ю кхузахь. Царна генахь сецна со, цу балхана.

Яхье ваккха атта ву нохчийн стаг. Цундела Iехавелла аьлла хета суна и шиъ, адамаш бен ма дац вай".

Канадехь вехачу Мохьмаде а хаьттира Маршо Радионо Бостонехь маьрша нах а бойуш, кхераман тIелатар динчул тIаьхьа, нехан хьайца йолу юкъаметтигаш эгIар ю аьлла хетий хьуна аьлла

Мохьмад: "Дуьххьар тIехтухур ду моьтутуш вара со. Тхо нохчий дуй хаа (кхузахь) тхо къезиг далахь а. Амма тIех тоха гIерташ а, къелхула хьоьжуш а стаг ца хаавелла суна.

Цхьаболу нах интрнетехь майралла гойтуш хуьлу. Иза майралла яц. Цхьаберш хуьлу интернетехь гIазот деш. Дина хIума а доцуш, бехке хуьлу цхьаболу «пекъарш». Дог Iаьржа а, къиза а нах ца хуьлу уьш.

Амма кху дуьнентIехь цхьа а къам дац, шайн къомах схьаваьллачу стагах жоп луш. Цундела цхьа декъаза хила веза аьлла а ца хета суна нохчий хиларх. Вай къам Дала кхоьллина ду. Цхьаннелла а даладелла а дац вай, я оьшуш а дац вай».

Вевзвш волу Iилманча, филологин доктор Байсултанов Дауд Бельгехь вехаш ву. Бостонехь хиллачу бохамах лаьцна ойланаш йо цо а.

Байсултанов Дауд: «Уггаре а хьалха и во хиларна нохчашна санна халахетта хир ду аьлла ца хета суна. Вайнахана оцу вонан мах хаьа. Цундела хилла долу во Iамеркахошна хилла ца Iаш, адамашна хилла. Ткъа адамашна хилла во нохчийн дегнашкахь йоккха меттиг дIалоцуш ду. Политикан а, динан а Iалашонаш кхочуш ян дина ду аьлла ца хета суна иза».

Хилларг дикка талла дезаш хIума ду аьлла хета Байсуотанов Даудана. Амма шена цхьа хIума хаа бохуш, кхин дIа а дьуйцу цо.

Байсултанов Дауд: «Со талламан говзанча вац. Наха доьшшург ду аса газеташкахь а, интернетехь а доьшург а. Амма суна цхьа хIума хаьа. Нагахь вай вайна юкъара зIенаш хедаяхь, цу тайпа зIе хаьдда стаг шена луург дан маьрша хуьлу.

Кхуза схьабаьхкина болу нах дикка тIаьхьабисина шайн берел а. Маттаца а боху аса, хааршкахула а, техникан агIор а. Цу хIуман тIехь вайн берийн хьалхе ялахь а, мотт а, культура а, истори а шайн карахь йита еза йоккхучу тIаьхьено. Шайн тIаьхьенашца зIе ца хадор, Даймахкаца зIе ца хадор а, вайн ламасташ карладахар а Iалашо хила еза йоккхучу тIаьхьенан. Кху дахарехь гIортор еза вайна, ткъа и гIортор вайн къоман ламасташ а бен ца хуьлу»

Шишани Мурад вевзаш волу журналист ву, Б-и Б-и Си-н аналист ву иза. Бостонера бохам нохчашца бузуш халахетта Iаш ву ша бохуш вара иза.

Шишани Мурад: «Малхбузехь со веха дуккха а хан ю. Вовшашца дика тIекарло ю вайн. Кхечу махкашца а дика юкъаметтигаш ю вайн. Цхьа а дов дац вайн Iамеркахошца а, я Къилбасадерчу пачхьалкхашца а.

Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча цхьаберш буьйлабелира исламан тобанашкахьа узуш, исламан дешнаш лелон а, исламан байракхаш хьалийа а. Цу хенахь дуьйна цхьа кIеззиг хийцамаш хуьлуш бара. Амма уггаре а радикалан ойланаш йолучерна ахууш дара шен тIом а, шайн дов а оьрсийн пачхьалкхаца хилар.

ХIара цхьа цIеххьана хилларг, Бостонехь хилларг дуьйцу аса, кхеташ дац хIунда хилла, и ши кIант цу агIор хIунда вирзина а, церан Iалашо хIун яра а. ХIинца а цунна жоп делла стаг вац.

Бакъдерг дийцича, чIогIа халахийти. Даиман а дозалла деш дара вай. Лулахошка вист хилча а дийцара тхо нохчий ду, тхан адамашца мостагIалла дац, тхуна халонаш тIекхаьчна 200 шо ду бохуш. Цхьа дов ду тхан, амма кхечу пачхьалкхашца машаре даха лууш ду тхо бохуш, иштта кхиина нах ду вай. Юха дийца вовлавелча, газеташ тIехь «чечен» аьлча хьахийча, корта оллийна Iан везаш хир ву».

Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка баьхкинчу а, кхочучу а нохчийн мухΙажиршна юридикан накъосталла латточу адвокатийн Нью-Йоркерчу хьукматан куьйгалхо ю юрист Роховански Альмут. Бостонерчу бохамна вежарий ЦарнаевгΙар куьг-бехке хила тарло аьлла даржаро боккха бала боссийна Ιамеркарчу массо а нохчашна тΙе, аьлла дийцира цо Маршо Радион корреспонденте Солаш Ричарде.

И интервью гочйина Чабаев Лоьмас.

М.Р.: Бостонехь лелхийтарш динарш нохчий бу аьлла баьржина хаам муха тΙеэцна Ιамеркарчу нохчаша?

Роховански: «Хаамийн гΙирсаша дехарш дахкийтира, шайна нохчашца къамелаш дан лаьара аьлла. Бохамах лаьцна шайна ма хеззина, соьца зΙене елира мехкан малхбалехь еха кхо нохчийн зуда. Уьш Ιадийна бара, боьлхура-кх. Царна хала дара хилларг лан.

Царел тΙаьхьа ас дуккха а нохчашца къамелаш дина – уьш массо а бу боьхна. Шаьш кхузахь кеп-кепара кхетам-ойла йолуш дуйла хаийла шуна, боху цара. Оьрсийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а санна, кхузахь шаьш дерраш а террорхой ду бохийла ца лаьа царна».

М.Р.: Хиллачуьнца доьзна шайна кхузахь репрессеш ярах-м ца кхоьру нохчий?

Роховански: «Юьхьанца дуьйна а олу цара, «со аравала (араяла) а ца хΙутту, суна суо кхерамзаллехь а ца хета. Нохчийчуьра тхо дуй хиича, гома хьоьжур бу тхоьга нах». Суна ца хета, уьш массо а шайна тΙелетарш дарна кхоьру аьлла, амма сингаттамехь-м бу уьш.

«Нью-Йорк Таймсе» Бостонехь Ιийначу нохчийн лоьро Баиев Хьасана а даийтина кехат, ша оьгΙазвахана зуламхошна, уьш муьлш белахь а, ткъа уьш нохчий белахь, цара сийдойъу шен къоман, аьлла. Ιамеркахошна нохчий хаза лаьа, амма нохчашна ца хаьа, шаьш хΙун дийца деза цаьрга».

М.Р.: Шун адвокатийн тоба хΙумма а дан лерина юй шайна зе хиларна кхоьру нохчий синтеме балош?

Роховански: «Оха Facebook агΙо cхьайиллина нохчий а, Ιамеркахой а вовшех дагабовлийта. "Нью-Йорк Таймсо" дийцира ишттачу боламах лаьцна, интернетехула вовшашца дагабовлучу нехан тоба 80 стаге хьалаюьзина, аьлла. Ιамеркахоша яздо нохчашка, «вай массо а Ιамеркахой ду, тхо шуна накъосталлехь ду, ма кхера, тхуна шу ган лаьа, оха декъалдо шу тхан махкахь», бохуш.

ХΙора а нохчочо санна емал до Бостонехь зулам дар, зуламхой а емал бо. Ас а яздо Фейсбукехь, хьовсал шу, нохчий, шуьца ма яц Ιамеркахойн гамо, бохуш. Нохчий вуно реза бу ишттачу хьажамна. ...Сайна хетарг эр ду ас, и ши кΙант хΙара ю аьлла кхин зΙе йолуш хилла а ма вац Нохчийчоьнца. Нохчийчоь бехказа йохуш къамелаш дан хьашт ду аьлла а ца хета суна цундела».
XS
SM
MD
LG