ТIекхочийла долу линкаш

Матанов къера хилла ша Бостонерчу талламхошна новкъарло ярна


Iамерка -- Бостон, Царнаев ЖовхIарна тIехь кхел ю йоьдуш, диллина сурт. 05Заз2015

Iамерка -- Бостон, Царнаев ЖовхIарна тIехь кхел ю йоьдуш, диллина сурт. 05Заз2015

ЦарнаевгIера накъост Матанов Хайрулложон къера хилла Бостонера терракт толлучу ФБР-н белхахошна ша новкъарло йина хиларна. Цу кепара иза сатесна ву суьдхочо 30 бутт набахтехь яккха хан а тоьхна, вуьтур вацар-те ша аьлла.

Бостонехь Царнаев ЖовхIарна тIехь йоьдуш кхел а йолуш, цуьнан накъосто Матанов Хайрулложон даре дина Iамеркан Федералан талламан бюрон белхахошна ша новкъарло ян гIоьртина хилар а, царна ша харц тоьшаллаш дина хилар а.

Къомах узбек волу Матанов Хайрулложон студентан визица Цхьаьнатоьхначу Штаташка веана хилла 2010-чу шарахь ГIиргIизойчура. ТIаьхьо цунна политикан тховкъело елла Iамеркан Iедалша.

Матановн адвокато ХIейден Эдварда дийцарехь, Матановс юккъера школа чекхяьккхина ГIиргIизойчохь Джалал-Абадехь. Цул тIаьхьа Москох вахана лелла иза гIишлош еш болх беш. 2008-чу шарахь цIавирзина Матанов ГIиргIизойчу. Цигахь Батыровн цIарахчу Халкъийн доттагIаллан университете деша хIоьттина хилла иза юристийн факултете. Цунах лаьцна яздо ББС-но.

Матановн адвокато дийцарехь, 2010-чу шарахь узбекийн маттахь Iилма Iамо университет дIачIаьгIна ГIиргIизойчоьнан Iедалша, меттигерчу гIиргIизоша тIелетарш дар бахьана долуш. Ткъа Матанов ведда Iамерке. Цигахь цо болх бина такси тIехь а, Man-O-Salwa цIе йолчу хIумакхоллучу меттехь а.

Бостонехь, адамаш а дойуш, ши эккхийтар дича, талламхоша шеконе хетта Матановс хIора шарахь кхечу пачхьалкхе 14 эзар доллар ахча дохьуьйтуш хилла хилар. Адвокато ХIейдена дийцира суьдехь, иза шен доьзална гIо деш хилла, тIелетийна декхарш дIадала гIерташ аьлла.

Декхар текхна ваьлча Матанов Хайрулложон деша дIатасавелла Бостонерчу Куинси-колледже информацион технологеш Iамо.

Матанов цхьана хеначохь петар чохь цхьана Iийна Тодашев ИбрехIимца. Ши шо хьалха Царнаев Тамерланца цхьаьна кхо стаг вийна ша аьлла къера а хилла, талламхошца тасавеллачохь цара герз диттина вийр и cтаг. Цул сов, Царнаев Тамерланца юкъаметтигаш лелош а хилла къона узбек. Царнаевс цунна буйнаш тухуш лата Iамош хилла, цхьаьна футболах ловзуш а хилла и шиъ.

Бостонехь марафонехь лелхийтарш динчул тIаьхьа 40 минот яьлча Царнаев Тамерлане телефон тоьхна хилла Матановс. Ткъа оццу сарахь шен машенахь Man-O-Salwa хIумакхоллчу мете дIавигина цо Царнаев Тамерлан а, цуьнан ваша ЖовхIар а.

Матановс суьдехь чIагIдарехь, ЦарнаевгIара теракт ярна лоьхуш буй хиина цунна кхин а 4 де даьлча, ЖовхIар хикеман къеллахь лечкъина а волуш. Матановс шен лаамехь телефон тоьхна хилла меттигерчу полице. Полисхоша Федералан талламан бюро дIахьажийна иза. Матанов мосуьйттоза ле вина хилла талламхоша, амма цара цалоцуш вуьтуш хилла иза.

Эххаре а Матанов дIалецира стохка Стигалкъекъа-баттахь. Федералан прокуратуро кхеле озийра иза ша левеш талламхошна цо харц дерг дийцарна.

ЦхьамогIа эксперташна хетарехь, цо боьттина аьшпаш дукха дийца оьшуш хIума а дац. Матановс, масала, ша ЦарнаевгIаьрца хIумакхаьллира аьллера. Амма уьш кафе кхайкханарг ша хиллехь а, цига цара кхайкхинера ша аьллера цо. Цул сов, цо нийса цадийицинера полице телефон тохале ша мвсозза хьаьжира церан интернетехь долчу сурташка бохург.

Амма къоначу узбекана бехке диллинарг дара таллам беш новкъарло ян гIортар. Иза иштта хиларна къера а хилла иза. Цул хьалха Матановс ша бехке вац бохуш чIагIдора. Иштта стохка Лахьан-баттахь Daily Beast олучу сайтана интервью луш цо дIахьедар дира, ФБР шен дахар дохо гIерташ ю аьлла.

Амма эххаре а официалан кепара ша бехке хилар даре дира Матановс, прокуратуро 30 бутт бен кхин хан тухур яц иза къера хилахь аьлла дош даларна. Делахь а ша бехке вац бохуш вара Матанов. Суьдхочуьнга цо элира, ша кхоьруш ву нагахь шен гIуллакх суьде далахь бехккъасторхоша ша бехке варна аьлла.

Суьдхочо Янг Уильяма кхелан сацам дIакхайкхор бу Мангал-беттан 18-чу дийнахь. Амма, цкъачунна и сацам бина бац ша элира суьдхочо. Iамеркерчу судхоша шаьш сацам беш тидаме оьцуш дерг ду бехке волчу стага шен бехк хилар, дохко а ваьлла, тIеэцар, таIзар лахдар Iалашонца а цадеш иза.

Цундела Янга билгалдаьккхира, нагахь ша Матанов къера хилар тидаме ца эцахь цунна кхел йийр ю аьлла. Нагахь иза бехккъасторшоша бехке ларахь Матановна хан тоха мега 20 шо набахтехь даккха.

Кхин цхьа хIума а ду. Суьдхочунна хетарехь, Матановс харц дерг дийцинехь а, талламхой Iехо аьтто цабаьлла цуьнан. Ткъа прокуроро Гарланд Скотта дIахьедар дина, Матановна хууш цахилла ЦарнаевгIара теракт ян дагахь хилар, цу юкъахь цхьана а кепара дакъа а ца лаьцна цо аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG