ТIекхочийла долу линкаш

ЦарнаевгΙеран доьзал зуьйш ву массо а


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Бостонерчу Вотертаунехь Царнаев Джовхар къайлаваьллачу меттигна тIекхозу беракема, 19Оха2013

Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Бостонерчу Вотертаунехь Царнаев Джовхар къайлаваьллачу меттигна тIекхозу беракема, 19Оха2013

Бостонерчу марафонехь лелхийтарш дарна бехке хила тарлуш лору талламчаша Юккъерчу Азера схьаваьлла, 10 шо гергга Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь веха ши ваша ЦарнаевгΙар – Тамерлан а, ДжовхΙар а. Охан-беттан 18-чу дийнан сарахь полицина дуьхьал герз даьккхинчохь велла Тамерлан, шолгΙачу дийнахь лаьцна къайлаваьлла хилла ДжовхΙар. ЦарнаевгΙеран доьзалх лаьцна хууш дерг гулдира Маршо Радион корреспонденташа.



Ши къона нохчо къастийра зен Бостонерчу марафонехь динчу лелхаршна бехкебечаралахь. ГΙиргΙазойчохь кхиинчу царех, къаьсттина воккхахверг, Тамерлан, хилла, чΙагΙдо массо а кепарчу хьостанаша, тΙаьххьарчу шерашкахь бусулба динна чувоьлла.

Иза хΙинца дийна вацаре терра, жимахволчунна, 19 шо долчу ДжовхΙарна, тΙехьажийна бу массеран а тидам.

ПΙераскан сарахь, полицех шайн лар яйъа гΙерташ, герзаш деттачохь, вийна лоруш ву 26 шо кхаьчна Тамерлан. Цунна тΙехула, ша водуш, хийрачу стагера ницкъаша ядийна машен а йоккхуш, къайлаваьлла ДжовхΙар лийхира Бостонна уллерчу Вотертаунехь дийнахь а, буса а.

Ιедалан урхаллаша а, журналисташа а схьагулдина ЦарнаевгΙарех лаьцна цкъачунна гулдан аьтто мел бериг.

Тамерлан вина ГΙиргΙазойчуьрчу Токмок-гΙалахь, ткъа ДжовхΙар – Дагестанан шахьарахь ХΙинжа-ГΙалахь. Токмокехь а, Дагестанехь а, Штаташкахь а хилла журналисташ, къамелаш дина вежарийн деца, ненаца, йишица, девежарца, дейишица.

Цхьаьанатоьхначу Штаташкахь вехачу оцу берийн девашас Царни Руслана меттигерчу зорбане дийцира шаьш Ιаьмерка 2003-чу шарахь даьхкина аьлла. Делахь а, шина вешин статусах дерг кхачам боллуш цхьалхадаьлла а дац.

Си-Эн-Эн агенталло дийцарехь, ДжовхΙар Штаташка веъна хилла шен деца-ненаца турист санна, цул тΙаьхьа массара а санна, ехна цигахь тховкъело. Ιедало чΙагΙдо, цунна 2012-чу шарахь Цхьанатоьхначу Штатийн махкалла а делла, иза хΙинца вуьззина Ιамеркахо а ву бохуш.

Оццу Си-Эн-Эно тоьшалла до, воккхахволу ваша Тамерлан тΙахьо кхечира Штаташка, цуьнан махкахь ваха бакъо кхачош баьццара карта бен а дацара бохуш.

Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка бахале ЦарнаевгΙара мелла а хан яьккхина Къилбаседа Кавказехь. Ша «Вконтакте»-машанехь лелийначу агΙон тΙехь Царнаев ДжовхΙара яздо, 1991-чу шарера 2001-гΙачу шаре кхаччалц ша ХΙинжа-ГΙаларчу хьалхарчу школехь бешна бохуш. Оцу школан директора Давыдов Темирмохьмада а чΙагΙдина «Интерфаксехь», ДжовхΙар хьалхарчу классе веара, ткъа цуьнан ваша Тамерлан шаьш 8-чу классе дΙаийцира аьлла.

Оцу школерчу секретара Бандурина Еленас а дийцира вежарех лаьцна.

Бандурина: «Цара шарахь дийшира школехь. Кхин а ши йиша а яра церан доьшуш. Уьш ГΙиргΙазойчуьра баьхкина бара, ткъа тΙаьхьо Ιамерка дΙабахара».

ДжовхΙара Кембриджерчу латинан школехь дешна, дика дешархо хиларна 2500 доллар стипенди а оьцуш. Охьатахарх лата Ιемачу школе а лелла иза.

Карарчу хенахь вара Масачусетсерчу Дартмут университетехь цергийн лоьран корматалла Ιамош.

Воккхахволу ваша Тамерлан боксехь олимпан жамΙашка гΙерташ схьавеъна. Бостонан чемпион а хилла. Цуьнан боксерчу хьехамчаша дагалоьцу, Тамерлана ша Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хиллалц, Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн цΙарх летар ву, элира цкъа, бохуш.

Интернетехь яздина Тамерлана: «Сан цхьа а доттагΙа а вац Ιамеркахошлахь. Со це кхета царех».

Инженер хила а везаш, Бункер ХΙил колледжехь доьшуш вара Тамерлан.

Берийн дейишица Царнаева Маретца а хила журналистийн къамел. Цунна хетарехь, Тамерлана тΙаьххьарчу муьрехь шен динна чуволар кхачийначух тера ду ДжовхΙаре а. Ткъа цΙарца вуьйцуш а воцчу доьзална герга волчу стага, Тамерлана динехь а къаргвелла, дешар дΙатеснера боху, даржадо "The Wall Street Journal-о". Иштта ДжовхΙар а хилла тΙаьххаьрчу хенахь алссам дине вирзина, боху оццу хьостано.

Тамерланан YouTube-ра агΙо а теллина талламчаша. Террорхой базбеш а, гΙишлош лоьлхуьйтуш а, исламан экстремизм яржош а йолу видеокийсигаш яра боху цу чохь.

Лелхийтарш дарна бехке вечу шина кΙентан деца Царнаев Анзорца а хилира Маршо Радион къамел. Иза ХΙинжа-ГΙалахь вара къамел хуьлуш.

Царнаев: «Воккхахверг маьждига водара. ФБР кест-кеста йогΙура тхоьга, зуьйра тхуна хетарг. Жимахверг гена вара оцу хΙуманашна. Цара иштта дΙа вийна сан воΙ. И ший а дΙаваккха гΙерта уьш".

Шен «Вконтакте» агΙон тΙехь ша бусулба ву, аьлла яздина ДжовхΙара. Дахарехь шен лехам бу боху даржашший, ахчий, меттанаш хаьа, боху, ингалсан, оьрсийн, нохчийн.

Иштта бегаш а бо шен оцу агΙон тΙехь. «Воьдуш ву машен чохь суьйлий, нохчой, гΙалгΙай. Хаттар хΙутту, мила ву машен лелош. Жоп: «Милцо».

Шозза Штаташкара дехьа-сехьа ваьлла а хилла Тамерлан. 2003-чу шарахь цо 10 де даьккхина шайн махкахь, аьлла хаам бина Туркойчоьнан чоьхьарчу гΙуллакхийн министра Гюлер Муаммара. Стохка Оьрсийчу вахана ах шо а даьккхина цо.

Кембриджехь дуккха а нахана бевзаш хилла вежарий ЦарнаевгΙар. Цаьргара даьлла аьлла хетачо цец а баьхна и нах.

Иза вевзаш хилла ву Гарвардан университетехь нека дан бераш Ιамош волу тренер МакМастерс Джордж. Маршо Радиога цо иштта элира.

МакМастерс: «Суна иза Оьрсийчуьра веъна вуйла хаьара, ас хаьттинера цуьнга, иза стенгара ву. Ткъа цунна, кхечу Ιаьмеркахойн берашна санна, хууш хиллера ас Иракъехь гΙуллакх динийла. Хаьара цунна со ОвхΙанистане ваха кечлуш вуйла а. Массо а тΙемаш вовшех тера бу, элира цо соьга хΙетахь. Ас жоп делира, атта дацахь а, и вайн декхар ма ду, аьлла. Амма цо цкъа а ца хаьттина соьга лелхачу коьчалех лаьцна хΙумма а».

Герби Самуэл ДжовхΙарца цхьана классехь дешна кΙант ву. «Товш» а, «дахарх токхе а», «дахарехь жигара жимха а» вара ДжовхΙар, цунна хетарехь. Бехк буьззина билгалбаллалц нах цунна кхел ян сихлойла ца лаьа шена, элира Самуэла.

Герби: «Оцу инциденто аьтто ца ло, муьлш хилла уьш Кембриджехь а, кху дуьнентΙехь а бехаш. Хууш дац, муьлш хилла уьш я Нохчийчохь а, бусулба хиларрий бен, ца хаьа муьлш бара эмиграцехь а».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG