ТIекхочийла долу линкаш

Царнаевн кхо накъост лаьцна Бостонехь полицино


Iамерка -- Царнаевн сурт ду Бостонехь йолчу цхьана йоккхачу туькан чохь телевизионехула гойтуш, 23Охан2013

Iамерка -- Царнаевн сурт ду Бостонехь йолчу цхьана йоккхачу туькан чохь телевизионехула гойтуш, 23Охан2013

Бостонехь марафон дIахьош бомбанаш лелхийтарна бехке хила мега кхин а 3 стаг лаьцна полицино. Царах шиъ Кадырбаев Диаc а, Тажаяков Азамат а Казахстанера ву. КхоалгIа ву Iамеркан вахархо Филлпос Робел.

Полицино лаьцна волу кхо стаг талламан изолятор чохь вуьсуш ву мел лаххара а уьш суьдхочунна хьалха хIитталц. Талламхошна хетарехь, 19 шо долу казахийн къомах волу ши кIант Тажаяков Азамат а, Кадырбеков Диас а дакъа лаьцна хила мегаш ву Охан-беттан 15-чу дийнахь 3 кхо стаг а вуьш, 260 сов стаг лаза а веш Бостонехь лелхийтарш деш.

И ши стаг Царнаев ЖовхIаран доттагI лоруш ву. Царна бехке дуьллуш ду нийсо лохуш беш болчу талламан тоьшаллаш долу хIуманаш лечкъа а йина, уьш хIаллак яр. Суьдхошна хьалха хIуттур волуш ву и шиъ кху беттан 14-чу дийнахь.

Полицино лаьцна кхоалгIниг ву Iамеркан вахархо Филиппос Робел. Иза бехке веш ву талламхой Iехо гIортарна. Цуьнан кхоллам бийцаре бийра бу суьдехь кху беттан 6-чу дийнахь.

И кхо стаг бехке веш вац нисса дIа терроран тIелатар деш дакъалацарна. Уьш бехке беш бу Царнаевн университетехь йолчу чура тоьрмиг а, цуьнан компьтер а дIакхоссарна, Царнаевгара СМС кехат кхаьчначул тIаьхьа. Iамеркан Iедалан векалша дийцарехь, чура эккхаш долу молха дIа а даьккхина, яссийна йолу цIераш кхуьссу ракеташ а йолуш и тIоьрмиг схьакарийна талламхошна.

19 шо долу Царнаев ЖовхIар дIалецира полицино Охан-беттан 19-чу дийнахь. Иза чевнаш хилла волун дела латтош ву Бостонан лулахь йолчу набахтийн дарбанан цIийнехь. Царнаев ЖовхIаран вокхах волу ваша Тамерлан вийра полицица хиллачу герзашдеттарехь. Цуьнан нанас чIагIдо нохчийн къомах волу шина вешега кхийдош долу бехкаш харц ду бохуш.

Кадырбаев а, Тажаяков а терроран тIелатар хиллачул тIаьхьа дIалецира Iамеркан иммиграцин сервисо, царшимма студентийн визех пайда эцаран низамаш дохийна аьлла. Федералан талламан сервисо хаам бина и кхо стаг Царнаев ЖовхIаран Массачусетсан университетехь болу накъостий хилла аьлла.

Кадырбаевн адвокато СтахIл Роберта Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь дIахьедар дира шен клиент Бостонехь хиллачу лелхийтршца цхьа а юкъаметтиг йолуш вац аьлла.

СтахIл Роберт: "Кадырбаев Диса аьттехьа а тIе ца буьту шена буьллуш болу бехк. Оха хьалха а аьлла ма хиллара, цо гIо дира Федералан талламан бюроно и таллам дIахьош. Ерриг а вайн юкъаралла санна иза вуно инзаречу балехь а, Iадийна а ву Бостонехь динарг бахьана долуш.

Цунна хууш дацара цу стага и зулам дина хилар. Иза цуьнах кхетар дукха тIаьхьа хиллера. Кадырбеков а, цуьнан доьзал а халахетта бу кхузахь Бостонехь хилларг бахьана долуш. Ткъа ша иза цхьа юкъаметтиг йолуш вац цу зуламца".

Тажаяковн адвокато Протасс ХIарлана а дина цу кеппара, шен клиент бехке вац аьлла долу дIахьедар.

Зорбанан гIирсаш яздо Кадырбаев а, Тажаяков а бехке хилахь царшинна хIоанне а пхеа шаре кхаччалц хан тоха а мега, 250 эзар доллар барамехь гIуда такхийта а мега. Филиппосна тоха мегаш ду 8 шо набахтехь даккха, 250 эзар доллар гIуда а токхуьйтуш.
XS
SM
MD
LG