ТIекхочийла долу линкаш

Царнаев Тамерлана хΙун деш даьккхина стохка Дагестанехь ахшо?


Дагестан- ЦарнаевгIар: Анзор, Зубейдат (карара бер - Тамерлан), and Ангзоран ваша Мохьмад, ХIинжа-ГIала.

Дагестан- ЦарнаевгIар: Анзор, Зубейдат (карара бер - Тамерлан), and Ангзоран ваша Мохьмад, ХIинжа-ГIала.

Бостонерчу марафонехь лелхийтарш дарна бехке вечу шина вешех цхьамма, Царнаев Тамерлана, стохка хΙун деш даьккхина ахшо Дагестанехь? Цигахь-м ца йоьлла те цунах радикалан исламан хьу? Оцу хеттаршна жоьпаш лоьху тахана Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн полицино а, лерринчу ницкъийн векалша а. Маршо Радион корреспондента Балмфорт Тома, ХΙинжа-ГΙала а вахана, оцу хьокъехь къамел дира ЦарнаевгΙеран ненайишица Сулейманова ПетIаматца.



Стохка, бΙаьстенан юьххьехь, кеманца ша цхьаъ веъна хилла ХΙинжа-ГΙала Тамерлан. Иза цигахь волу ши бутт а болуш, Штаташкара цΙехьадирзина цигахь мухΙажиралла дΙакхехьна да-нана а. Оцу муьрехь я тΙаьхьо, ша кхин а биъ бутт Дагестанехь боккхуш-м ца хьакхавелла те иза реакционан исламхойх, зуьйш ду тахана Штаташкара Ιедал. ХΙунда аьлча, кхеташ дац, Ιаьмеркахь шайн дерриг а хьелаш тоьллачех долчу шина вашас стенна дина оццул доккха зулам.

Шина вешин ненайишас Сулейманова ПетΙамата шега динчу хеттаршна дуьхьал делла жоьпаш а ду цхьа тамаше.


Сулейманова: «Гергахь да а воцуш, ши бутт баьккхира цо кхузахь. ТΙаьхьо цΙавеара да, амма Тамерлан хьалхо веанера».

Ткъа хΙун лелийна цо ХΙинжа-ГΙалахь бохург вуно мехала ду Царнаев Тамерланан дог-ойла муха хилла, цо стенна дина зулам хаа, бохура Ассошиэтед-Пресс-агенталлехула Штатийн конгрессехь республиканхойх а волуш, талламан комитетна куьйгалла дечу Роджерс Майкла.

Билггал аьлча, 2012-чу шеран Дечкен-беттан 12-чу дийнахь кхаьчна Царнаев Тамерлан ХΙинжа-ГΙала. Дена-нанна герга воцуш яьккхина хан, ерриг а бΙаьсте санна. Ткъа дас, Анзора, ша а, шен цΙийнана а цΙехьадирзинчул тΙаьхьа Тамерлан шайн бΙаьрган Ιуналлера ваьлла а вац, элира хьастагΙа Маршо Радионе. Цо тΙех дукха наб йора, ламазаш деш хан а хьора, шайн цΙенна цхьацца куьг Ιуттуш, гΙо деш а вара, ХΙинжа-ГΙаларчу гергара нахе а водара, шеца цхьаьна шозза Нохчийчу тайпан нах болчу а вахара, бохура.

Ткъа шолгΙачух, ДжовхΙарх дерг дуьйцуш, иза воккхахволчу вашас озийна хила тарло динан радикализме бохура берийн дас а, девашас а, дейишас а. 19 шо долу ДжовхΙар къинхьегамча а, дахарехь тоьлла лелачех а вара, боху гергарчара.

Суьйлийн доккха йовлакх тΙехь а долуш яра ЦарнаевгΙеран дейиша Сулейманова ПетΙамат. Тамерлан ХΙинжа-ГΙала веъначу хенахь кΙорга Делах тешаш жимха вара, цо леррина дора хΙора ламаз, ца хеддаш водара маьΙждига, муьлхачу маьждиге лелара шена ца хаьа, тоьшалла дира зудчо.

Сулейманова: «Бусулба нахе уьш ламазаш дан декхаре буйла дийца веанера Тамерлан кхуза. Доьхна хΙума ду те иза? Суна-м ца хета иза вон ду аьлла. Цо шен да-нана а, йижарий а, ваша а Ιамийра ламазаш дан. Цунах ма ца хилла наркоман, къаьркъан кад, иза-х вацарий харц новкъа ваьлла! Дино ма-хьоьхху лелара иза. ХΙинца массанхьа а дуьйцу, уьш террорхой бара, бохуш, царах лаьцна дуьйцучух дукхахдерг дац бакъ».

Тамерлан муьлхачу маьждига водара дагадаийтахьара аьлла, шега дехча, Сулейманова ПетΙамата иштта жоп делира: «Массарна а лаьа хаа, муьлхачу маьждига иза водара. Суна стенгара хаьа хьо муьлхачу маьждиге воьду! Кхузахь-х, дΙогахь цхьаъ ду, вукхунхьа – кхин ду, дуккха а ма ду маьждигаш! Нехан бакъо ю-кх муьлххачу а маьждиге лела! Уьш Далла Ιамалъян ма лела цига!»

Ша а, шен цΙийнда Мохьмад а волчу, кхузахь хан йоккхуш, хΙума кхалла иза дела денна а вогΙура, боху ЦарнаевгΙеран дейишас.

Сулейманова ПетIамата дийцира иштта Тамерлан дагахь вара шен Штаташкара бер, жима йоΙ, хенан йохалла Дагестане яло, цунна товра Дагестанехь нах Делах тешаш хилар, аьлла. Спортехь ирхенаш а Дагестанехь яха лууш вара Тамерлан, бохура дейишас.

Сулейманова: «Кхузахь шен бокс дΙакхехьа а, рингехь лата а лууш а вара иза. Амма хьалхе дуьйна иза шаьш Ιамийна вацарна тренерца мотт ца карийра цунна, суна хетарехь».

Сулеймановас бахарехь, Гιалмакхойчохь вина вара Тамерлан. Цо бахарехь, ГιиргΙазойчохь баьхна доьзал, хилла шозза Нохчийчохь а. ТΙаьххьара а дΙабахана Ιамерка. Нохчийчохь баха сецна а бара бохура цо ЦарнаевгΙеран доьзал, амма уьш севццачу Чуьйрий-Эвлахь дерриг а урам тΙамо дохийча, цигара бедира.

Сулейманова: «ЦΙа дохийнера. Дерриг а урам хьаьккхина дΙадаьккхинера. Нехан шайн цΙенош юха а меттахΙиттон дезара. Уьш дуккха а вонах чекхбевлла. Оццул дукха баланаш Ιаьвшина нах ма дац лелхарш дан, адамаш лелхийта арабевлла хуьлийла».
XS
SM
MD
LG