ТIекхочийла долу линкаш

77 стаг вийначу Брейвикан кхелехь тоьшаллаш дийр ду шина нохчочо


Норвеги -- dagbladet.no тIера яьккхина суьртан копи, Даудов Рустам (Аьр) Жамаев Мовсар (Аьт), Ман2011

Норвеги -- dagbladet.no тIера яьккхина суьртан копи, Даудов Рустам (Аьр) Жамаев Мовсар (Аьт), Ман2011

Норвегерчу Утойа гIайре тIехь 77 стаг вийначу Брейвик Андерсана тIехь кхел йолаелла Осло гIалахь. Дерриг а дуьненан тидам шена тIехь лаьтташ йолчу процессехь тешаш санна вистхила кхайкхина ву, даханчу шеран аьхка Брейвика шен зуламаш дечу хенахь, цу гIайренна тIехь нисвелла хилла волу ши нохчи кIант а.


Доллучу дуьнентIерчу хаамийн гIирсаш кIирбеллачу тидамехь латтош ю Норвегин коьртачу гIалахь Ослохь дIайолаелла йолу кхел. Даханчу шеран аьхка Утойа гIайренна тIехь кхузткъе ворхI стаг, шайна юккъехь дукхох дерш бераш а долуш, вийна волчу террорхочун Брейвик Андерсан бехк толлуш бу Iедалхой.

Зуламхо ша динчунна къера ву. Бакъду, цуо ша байъина болу нах шена а, шен къомана а, пачхьалкхана а, Европерачу ламасташна а, культурина а кхечу къаьмний, бусулба динан векалша деш долчу тIелатаршна дуьхьало еш дина бохуш чIагIдо. Процессан хьалхарчу дийнахь, оршот дийнахь, Брейвика ша дохко ваьлла вац ша динчунна, аьлла дIахьедар дира, цхьа дагахь балам бу шен- кхин а алсамох нах баъйа шен аьтто ца баьлла, аьлла.


Норвеги -- Брейвик Андерса шен аьтто куьг хьала айина ша Ослорчу кхеле валийначу хьалхарчу дийнахь, 16Оха2012

Норвеги -- Брейвик Андерса шен аьтто куьг хьала айина ша Ослорчу кхеле валийначу хьалхарчу дийнахь, 16Оха2012

Прокурора Брейвика баъйинчеран цIераш а, церан Iожаллин деталаш а йийцаре ечу хенахь ша прокурор а, иштта цу ладогIаршка гулбелла болу нах а бIаьрхиш саца а ца луш, боьлхуш бара. Ткъа зуламхочуо, шек а воцуш, ладуьгIира шен зуламаш дагардаре. Бакъду, жима тIаьхьа, ша да леринчу зуламийн бух балош, ша бина болу цхьа видеогайтам гулбеллачеран тидаме биллича, террорхо, дог чIехкина, велха волавелира.

Тидамхоша дийцарехь, Норвегехь дIахьочу процессан коьрта хаттар – иза Брейвик бехке ву я вац бохург дац. Иза коьртана галваьлла ву я ша динчу зуламех кхеташ а, царех жоп дала а гуьнахь ву бохург ду. Нагахь санна террорхо коьртаца шизофрения олуш долу я цунах тера цамгар долуш велахь, иза велла дIа валлалц нервийн цамгарш толлучу дIакъевлинчу лоьрийн цIийна хьажор волуш ву. Ша Брейвика, бакъду, ша могуш а ву, шен леламех жоп дала гуьнахь а ву бохуш чIагIдо. Ткъа кхелахоша иза могуш ларахь, цунна Норвергехь уггаре а лакхара таIзар тухур ду- набахтехь ткъе цхьаъ шо даккхар.

ШозлагIа дуьненан тIом дIабаьллачахьана уггаре а дукха маьрша нах байъаран зулам дина волчу террорхочунна Брейвик Андерсан тIехь дIахьош йолу кхел масех баттахь яхлур йолуш ю. Тешаш санна цу кхеле кхайкхина бу Утойа гIайре тIехь хилла а, террорхочун байъа ка ца долуш бисина а болу кхиазхой. Царна юккъехь ву иштта нохчий ши кIант а - Жамаев Мовсарий, Даудов Рустамий.

И шиъ кхечу берашца цхьаьна цу гIайре тIе садоIа вахна хиллера, террорхочуо шен тIелатар дечу дийнахь. Полицин белхалочун духарш доьхна волчу зуламхочуо шена гуонахьарчу нахана саццаза герз детта долийча, и ши кIант цкъа хьалха, ведда, кхечу кхиазхошца цхьаьна хьуьнан йистехь дIалечкъинера. ТIаккха цигара шен деца мобилан телефонехула зIене вала кадаьллера Жамаев Мовсарин.

Хуьлуш лаьттарг шега дIадийцича, дас кIанте, нохчийн фольклоран иллешкахь хуьлуш хилларг санна, хьехаме къамел динера. Воха а ца вухуш, хьуо цхьаъ кIелхьара валарх тоам ца беш, хьайн ка ма доллу алсам бераш кIелхьара даха гIорта, аьллера Мовсарин дас шен кIанте.

Шен деца къамел динчул тIаьхьа кхерар дIа а даьлла, мелла а меттавеара ша бохуш дийцира Мовсара журналисташка. Цой, Рустамсий тIакха тIулгаш а лахьийна, террорхочун агIор тIулгаш детта долийра, цуьнан тидам шайна тIеберзорхьама. ТIулгех цхьаъ Брейвикна тIе а кхетта, иза лазийнийла шайн гича, и шиъ, ведда, вуьш бераш долчу ваханера, царна орцах вала.

Цу шиммо цу дийнахь 23 бер кIелхьарадаьккхинера, хьунна гена йоцуш йолу цхьана тIулган тоьла а лехна, цу чохь уьш дIа а лачкъийна.

ХIинца къона нохчий ши турпалхо а ву Ослохь дIахьочу кхеле тешаш санна вистхила кхайхкина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG