ТIекхочийла долу линкаш

Цхьана а кепара хьулам бар доцуш, шатайпа, яздина доцу низамаш ду Нохчийчохь лелаш, Iедалца мел дозаделлачу хIуманна, бахархойн хьашташ-дезараш листарехь, базарахь санна, хIиттийна мехаш а долуш. Кхузахь бахархошна хууш ду, балха воьдург, пенсе вериг, банкера юхалург ахча оьцург, аттестат я диплом «нисдийриг», нохчашлахь олуш ма-хиллара, хьанна, мел «хIун яла» еза.


Йохка-эцарехь я кхечу декъехь къахьогуш болу нах тешаш бац, Оьрсийчохь, Къилбаседа Кавказехь къаьсттина, коррупцин кхетам а боцуш, кхаьънаш а ца оьцуш, Iедалдайша, маьхькIамхоша, гIуллакххоша хьаннала, дан ма-деззара, шайн декхарш кхочуш деш хан-зама йогIур ю бохучух.

Ма-дарра аьлча, цара иза цхьа дахарехь хила тарлуш доцу туьйра санна туьдуш хIума ду. Иштачех ву бизнесехь вахчавелла, зеделла совдегар, ХIирийчуьра вахархо Расул а. Цо хадам боллуш чIагIдо ша дуьйцург.

Расул: «Оьрсийчохь кхаьънаш эцар дIадер ду аьлча бакъ дац - цкъа цкъа а. Ахча ца делча хьо ца волу, мел и низамаца догIуш дацахь а. Кху пачхьалкхехь кхоьллина ду иштта хьелаш, лаахь а, ца лаахь а, айхьа долийна гIуллакх чекхдаккха ахча дала дезаш.»

Бизнесхочо Расула дийцарехь, иза вола а воьлла, низамехь иштта хила догIуш санна, цо бечу белхан цхьа агIо а хилла дIахIоьттина, шен гIуллакх дIадахийта, дIа а, схьа а ахчанаш декъар.

Лакхахь ма-аллара, эшнехь бен, цуьрриг а даладелла хьелаш дац Нохчийчохь а. Кхин дIоггара къахьега хьашто а йоцуш, могIарерчу нахехула хаа таро ю кхузахь, юкъараллехь, чIагIделла лелаш долчу, яздина а доцчу низамийн, цIоьмалгаш юкъахь аьлча «мехаш». 15-16 эзарнах эцало, масала, «права» олу машен хахка бакъо, 10 эзарнах доладаккхало ишкол чекхяьккхина тоьшалла, и. кх. дIа а.

Цу кеппара кхаьънаш эцаран хьокъехь шайн хьажам бу бахархойн а. Цхьаболчарна хетарехь, Нохчийчохь юкъадаьккхина а, шайггара кхоьллина хIумма а дац, дерриге а лакхара охьа, Москохара схьа ду. Цигара аьллар-лаам бу кхузахь кхочуш беш берг.

ЖамI деш аьлча, тахана Оьрсийчохь, Къилбаседа Кавказехь къаьсттина, тергалъялучу харцо-хьарамлонийн орам-корта Москохахь бу. Цо маггийтинарг бен дац, бахархошна хетарехь, кIошташкахь, яздина доцу низамаш а хилла, дахаре дерзош дерш, уьш кхочушдар могIарерчу нахана тIе а дожош.
XS
SM
MD
LG