ТIекхочийла долу линкаш

Бусулба дешархошна хьакхин жижиг луш хилар гучудаьлла Британехь


 Бусулба дешархошна хьакхин жижиг луш хилар гучудаьлла Британехь.

Бусулба дешархошна хьакхин жижиг луш хилар гучудаьлла Британехь.

Европехь шуьйра яьржина бежний жижигана метта говрийн жижиг духкуш хиларца йоьзна гIовгIа. ХIинца цунна тIе кхетта кхин цхьаъ скандал: Британерачу ишколашкахь бусулба берашна луш хиллачу кхачанашца хьакхин жижиг хилар гучудаьлла.

Дукхахйолчу Европерачу пачхьалкхашкахь лелачу Iадаташца, нагахь санна бераша я динан, я могашаллин, я иделологин бахьанашца хьакхин жижиг я муьлха а кхин жижиг даане а дууш дацахь, царна церан хьежамашца богIучу кепара кхачанаш латтон декхарийлахь ю ишкол.

Бусулбачарна, масала, хьанал дилха тоьхна йолу юург ло, ткъа дилха дууш доцучу берашна – вегетарианхойн кхачанаш латтабо. Ткъа цу кепара шайн берашна юучунна техь Iуналла дарна церан дай-наноша хIора баттахь мах ло ишколашна.

Амма хIинца гучудаьлла ма -хиллара, шайн ахчанах билгал хьанал кхача берашна луш бу бохучух тешийла ца хилла. Мел кIезга а цхьана британхойн ишколехь. Кхачанийн хьаналлех шекбевллачу дай-наноша бинчу кхайкхамца, меттигерачу Iедалхоша Бирмингем-гIалин дайшца цхьаьна таллам дIабаьхьнера ишколехь берашна лучу юучунна.

ТIаккха билгал а гучуделира, бусулбачу берийн кхачанна юккъехь хьакхин жижиг хиллийла. ХIинца ишколан куьйгалло берашка а, церан дай-наношка а къинтIера довлар доьхуш официала дIахьедар дина, царна хиллачу восана дуьхьал шаьш компенсаци ян кийча хилар а хьахош. Иштта цу ишколера дIаваьккхина бусулба берашна хьанал доцу жижиг даларна бехке лерина волу белхахо а.

ХIинцалераниг дуьххьара гIовгIа яц хьанал доцушшехь, „халял“ аьлла харц-сертификат тIе а латийна, бусулбачарна хьакхин жижиг даорца йоьзна ерг Британехь. Дукха хан йоцуш гучуделира цигарчу набахтерачу тутмакхашна а хьакхин жижиг даийна хилар, иза хьанал долучуха.

И бахьана долуш иштта гнахал делира, набахтешка харц хьанал жижиг латтош йолу McColgan Quality Foods фирма, цига хилла ца Iаш, иштта йоллучу Европехула а цIе яхханчу туьканийн машанашка, масала, Лидле я Шпаре, хьанал ларалуш долу жижиг латтош хилар. ХIинца цу фирман болх толлуш ду меттигера Iедал а, Британерачу бусулба нехан Кхеташо а.

Ткъа цу юкъана Европа мел ю яьржинчу говрийн жижигана гонахьарчу скандалан керла агIонаш гучуюьйлуш ю. Германехь а, Австрехь дIабаьхьанчу талламаша гайтина, бусулба нахана безна ца Iаш, иштта меттигерачу бахархоша а вуно чомехь хеташ бууш болчу „Доьнер“ олучу, туркоша а Iарбоша а бухкучу, хьанал жижигах бина ларалучу кхачанна юккъехь а говран а, хьакхин а жижиг хилар. Доккхачу декъехь и доьнерш юхкуш болчарна шайна а хууш а доцуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG