ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюсселехь адамаш дайарна бехке веш ву кхо стаг


Белги - Брюсселехь терроран тIелатарш дарна дуьхьал хиллачу акцин декъашхой. 03.2016.
Белги - Брюсселехь терроран тIелатарш дарна дуьхьал хиллачу акцин декъашхой. 03.2016.

Даханчу кIиарнахь террорхойн тIелатаршкахь баъйинчу нехан керла терахь далийра оршот дийнахь Белгерчу Iедалша – уьш 35 стаг ву. Иштта оршот дийнахь Белгерчу прокуратурано бехк дуьхьал деттина террорхойн декъа хиларна кхаа стагна.

КIирандийнахь Брюсселан масех кIоштанахь а, кхечу гIаланашкахь а потенциалан террорхошна дуьхьал лерина операцеш дIаяхьира Белгин Iедалхоша. Коьртачу шахьарехь йина ца Iаш, Брюсселан гена йоцуш Iуьллучу Мехелен гIалахь а, Дюффелехь а террорхойн агIончаш а, царна гIодеш хилларг а лаха арабевлла хиллачу полисхоша I3 рейдан жамIехь 4 стаг лаьцнера.

Царех цхьаъ иза бехк боцуш хилар билгалдаьллачул тIаьхьа дIахецна, ткъа вукху кхаанна оршот Iуьйранна террорхойн тобанийн декъахиларна бехк дуьхьал теттина. Брюсселерчу прокуратурано журналисташка бинчу хаамца, лийцинчеран цIераш Яссин, Мохьаммад, Абубакер ю, цул совнаха йолу информаци талламан белхашна новкъарло ца хилийтархьама яржон йиш яц.

Иштта оршот Iуьйранна Белгерчу полицин урхалло интернетехула а, телевизионехула а зорбане яьккхина зазадоккху беттан 22-чохь Брюсселерчу Завентем кеманийн портехь террорхоша динчу лелхийтарийн видеойоза. Цу тIехь гуш ву иккхинчу шина террорхочул совнаха, цаьрца цхьаьна чамдеш тIейохку гIудалкх теттина воьдуш волу кхозлаха жимстаг.

Цунна тIехь сирла духар а, коьртахь сирлачу басахь малхах ларвон шляпин тайпа а ю. Iедалхоша чIагIдарехь, цу кхозлагIчу стаго аэропорте яьхьна хилла йолу бома уггаре а йоккхах хилла, амма цкъачунна къастийна доцучу бахьанашца иза эккха ца эккхаш йисина.

Шегара бомба ца оьккхийла хиъча кхеравелла, иза кеманийн портерчу цхьана нехаш чукхуссучу контейнер чохь а йитина, къайлаваьлла хилла волу и Шеффу Фейсал цIе йолу жимстаг лаца каделира полисхойн кхо террорхо шинари Iуьйранна аэропорте дIакхетинчу таксин шопаран гIоьнца.

Кеманийн портан гIишлочуьра дIа ша вехачу Мезер майдане кхаччалца цуо бина некъ урамашкарчу видеокамерийн гIоьнца юхаметта а хIоттийна, шен петарехь лаьцнера иза Iедалхоша бохуш чIагIдо Малхбузерчу хаамийн гIирсаша.

Европерчу пачхьалкхийн кхерамазаллин хьукматаш карарчу хенахь кхин 8 потенциалан террорхо лохуш ю, цхьана кепара Парижехь а, Брюсселехь а хиллачу тIелатарийн декъа уьш хиларна шеконца. Германерчу Ди Велт газетано шен хьостанашна тIе а тевжаш дийцарехь, и нах Францин, Белгин бахархой бу. Царех цхьа дакъа Шемахь къайлабевлла хила тарлуш бу, ткъа вуьш берш Европехь.

ХIинца а амма къаьстина дац, оршот Iуьйранна Нидерландашкахь меттигерчу полисхоша лаьцна волу 32 шо долу Францин вахархо а цу бархIанна могIарех ву я вац. И цIе ца йоккхуш волу стаг ДаIиш тобан омрица Францехь терроран атака ян кечлуш хиларна шеконца лаьцна ву, гергарчу деношкахь Париже дIакхетор волуш а ву.

Цу юкъана Брюсселехь хиллачу терроройн тIелатаршна цхьана декъана бехке цу пачхьалкхан куьйгалла лору Европерчу цхьаццаболчу аналисташа, хIунда аьлча масех шо а ду массарна а хууш долу, цу махкахь дийна цхьа кIоштанаш юйла, радикалан исламхойн тIеIаткъамца ехаш. Масала, Брюсселера Моленбек я Андерлехт, уггаре а дукха джихадхой шайна чуьра бевлла йолу.

Иза хуушехь, тоъалла гIулчаш ца яьхнера пачхьалкхан куьйгалло, адамаллин гома идеологи яржош болчу радикалхошца къийсам барехь а, могIарера маьрша бусулбанаш церан тIеIаткъамах кIелхьарабахарехь а, аьлла хеташ ю немцойн аналиста Везел Барбара, цуо шен Дойче Велле агенталлина йазйинчу артиклехь билгал ма-даккхара.

Цул совнаха, Брюсселехь 35 стаг вуьйш, кхин 300 стагана чевнаш а еш болу бохам хиллачул тIаьхьа гучудаьлла, 2015-чу шарахь Францерчу къайлахчу сервисо лаьцначу шина джихадочуо Хаме Редас, Моро Николяс даре дина хилар, ДаIишо Европехь тIелатарш дан кечвина 400 герга террорхо ву аьлла даре дина хилар.

Амма иза хуушехь кхоччуш кхерамазалла ларйарехь гIулчаш ца яьхначу Iедалхойх кхета хала ду, иштта хала ду харц кхеточу торенталлин бахьанца радикалхойн леламаш Iедало ловш хиларх аьлла тешна ю аналист.

XS
SM
MD
LG