ТIекхочийла долу линкаш

Буданов вийна чIир оьцуш аьлла, сацам бина талламхоша


Оьсийчоь -- Буданов верна бехке веш волу Темерханов Юсуп-Хьаьжа (Аьрр), Москох кхелехь, 23Марс2012

Оьсийчоь -- Буданов верна бехке веш волу Темерханов Юсуп-Хьаьжа (Аьрр), Москох кхелехь, 23Марс2012

Москох талламхой зийна бевлла иттех шо хьалха нохчийн йоΙ Кунгаева Эльза ерна, набахтехь а Ιийна, араваьлла полковник Буданов Юрий верах долу гΙуллакх. ХΙинца иза прокуратуре кхаьчийна. Буданов верна бехке во Устрада-ГΙалин вахархо 42 шо долу Темерханов Юсуп-Хьаьжа.

Талламчашна хетарехь, цо борхΙазза тапча тоьхна Будановна, цунах иза вала а велла. Темерханов бехке хиларан тоьшаллехь ву, боху талламчаша, массех стаг. Буданов цо вийна, чΙагΙдо талламчаша, шен 2000-чу шарахь эскархоша хΙаллаквинчу дена дуьхьал бекхам беш.

Нохчийчохь, вийца ца оьшуш, вевзаш волу оьрсийн эпсар хилла Буданов Юрий вийра стохка Мангал-беттан 10-чу дийнахь Москох, Комсомольски проспектехь. Иза вийначу стага борхIазза тапча тоьхнера цунна. ЦултIаьхьа иза дIавахнера жимчу машена а хиина.

Марсхьокху-беттан 26-чу дийнахь Москох Пресненский суьдо дIалецира 41 шо долу Нохчийчура схьаваьлла волу Сулейманов Мохьмад. Талламхоша дийцарехь, цу стага шен накъосташца цхьаьна, план а хIоттийна, вийна хилла Буданов.

Амма Сулемановн адвокато Мусаев Мурада дийцира Маршо Радионе, и стаг Iедалша лацале муьлаш бу ца хуучу наха, нуьцкъаша дIа а вигина, хьийзийна хилла бохуш.

Мусаев Мурад: «Муьлаш бу ца хуучу наха, машен тIера охьа а ваьккхина, дIа а вигина, шайн яххьаш а ца гойтуш, пхи-ялх дийнахь вуно буьрса ницкъ бина цу стагана.

Цара ток етташ а, когех гIожмаш етташ а, бетах тоьрмиг а буллий, садукъош а, кхалла хIума ца луш а, наб ца йойтуш а, дуккха а ницкъ беш кIира ца кхоччуш хан яьккхийтина цуьнга, иза вийнарг хьо ву ала, и бехк хьайна тIелаца бохуш».

Судейманов къар ца велча, зуламхоша Марсхьокху-беттан 26-чу дийнахь буьйсанна, «Тропарево-Никулино» олучу парке а валийна, куьйгех гIоьмаш а тоьхна, диттах дIатесна хилла иза. Дукха хан ялале йийсархочунна тIаьхьа баьхкина талламхой. Оццу дийнахь суьдо бакъо елла иза дIалаца.

Тамашийна а, тIаьхьакхиа хала долуш а хIуманаш дуккха а ду цу гIуллакхехь. Масала, талламхошна Нохчийчохь ца карийра Сулеймановн цхьа а лар. Иза вевзаш стаг вацара цуьнан прописка йолчу Устрада-ГIалахь а, я иза ваьхначу Веданахь а.

Амма ша ларвийриг шен беза-бевзарш а болуш стаг ву бохуш дийцира вевзаш волчу адвокато Мусаев Мурада.

Мусаев Мурад: «Махкара араваьлла иза 20 шо муххале а хир ду. Цкъа дуьххьара кхузахь доьшуш хилла иза. ТIом баьллачул тIаьхьа цIа ваха меттиг боцуш а лелла. Москох Iаш волу дуккха а хан ю иза. Амма, мухха а делахь а, иза везарш а, вевзарш а болуш бу кху гIалахь. Цуьнан накъостий а бу, цуьнца цхьаьна болх бинарш а бу. Ша цхьаъ вац-кх иза мухха а делахь а».

ТIаьхьо талламхоша хаам бира экспертизо Сулейманов Мохьмад боккъалла Темерханов Юсуп-Хьаьжа хилар гайтина аьлла. Схьагарехь, ша и стаг шен бакъйолу цIе ца юьйцуш сецна хилла, шен гергарнаш ларбеш.
Адвокато Мусаев Мурада иштта элира цунах лаьцна.

Мусаев Мурад: «ХIара гIуллакх ахьа нахала даккхахь, хьо хьийзавар ахьа нахала даккхахь шаьш кхин цкъа а дист хир дац хьоьга, амма хьо а, хьан бала мел кхочуш верг а хIаллак вийра ву бохуш, кхерамаш тийсина цара.

Ша доьналла долу стаг хиларе терра, шех доьзначун тIехь мало а ца йина, бехк шена тIе а ца лаьцна цо. Амма гергарчарна а, доттагIашна а сагатдо цо. Цундела цхьа дукхах долу хIуманаш ца дуьйцуш сеца до оха».

Талламхоша чIагIдарехь, Темерханов Юсуп-Хьаьжас Буданов Юрий вийна шен дех чIир оьцуш. Церан версица Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Темерхановн да туьканан хехо болх беш хилла Куршлой-кIоштарчу Гелдагенахь. Иза заьIапхо хилла, Iасанаш лелош волу. Цхьана буса, малар лоьхуш цу туькана баьхкинчу оьрсийн салтташа, дийна воллуш вагийна иза, хехочуьнан цIа чу а воьллина, шайна дуьхьало ян гIоьртина аьлла.

Буданов цу хенахь кхечу кIоштахь хилла, амма, талламхошна хетарехь, Темерхановс иза вийна, Нохчийчохь акхалла гайтинчеран масал санна ша иза тIеоьцуш хиларна.

Цхьаъ шо ши бутт хан яьлла Темерханов Юсуп-Хьаьжа дIалаьцна. Шинарин дийнахь талламхой зийна бевлла цуьнан гΙуллакх. ХΙинца иза прокуратуре кхачийна. Буданов верна кхоччуш бехке веш ву Темерханов Юсуп-Хьаьжа.

«Коммерсант» газето дийцарехь, Будановх йисинчу цуьнан хIусамнанна кхин керла хIума а ца карийна прокуратуре дIакхачийначу талламан гIуллакхехь. Бехке веш волчу Темерхановгара ахча деха дагахь яц иза. Нагахь и стаг бехке хилар тIечIагIдахь, иза набахте хьажо веза аьлла, хета цунна, Кунгаева Эльза йийна волу шен хIусамда хьажийна ма-хиллара.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG