ТIекхочийла долу линкаш

Бюджет ца лачкъорна совгIаташ лучу даьлла гIуллакх!


Къилбаседа Кавказ деньян ахча хьажо дагахь ю Москох

Къилбаседа Кавказ деньян ахча хьажо дагахь ю Москох

Ιедало дΙахоьцу бюджет цΙена а, эвсаре а дахаран хьелаш тодарехьа ерзорца Оьрсийчоьнан Ιедалша билгалбаьхначу мехкийн декъаяхна Нохчийчоь. Иза иштта делахь, ала деза нохчийн дахарера юьстахъялла коррупци, шайн доцчу рицкъане хьаькамаша куьйгаш тΙекхехьар, кхаьънаш эцар. Амма и шеконе делахь а, вон хIума дац Москох Ιечу хьакамаша даржийнарг.



Бюджетера ахча лачкъош бац аьлла, сийллале баха мега Нохчийчоьнан куьйгалхой. 100 миллион сом гергга совгIат лур ду царна оцу хьокъехь, Москохахь кечбина сацам чекхбалахь . Нохчийчоьнна и совгIат догIу, аьлла хIокху деношкахь Оьрсийчоьнан шина министрлалло - финансийн а, регионийн а. Оцу хьокъехь шайна хетарг дIахаийтина цара Оьрсийчоьнан министрийн кабинете.

ХIекъалца ахча даъарехь Нохчийчоь хьалхарчу метте яллехь а, иза цхьалха яц ша санначаралахь. Ишшта ахчан совгIаташца билгалъяккха кечйина ю Оренбург а, Брянск а, Марманск а, Коми республика а.

Ахча хьахочохь Нохчийчоь даима а яцара ишшта дика юьйцуш. 2000-чу шерашкахь, республика лоруш яра Оьрсийчоьнан бIеннаш миллиардаш а, цаьрца цхьаьна пачхьалкхан гIора а дIадоьду меттиг. Ткъа, хьалхара тIом балале дерриге а дуьнено гезйохура «нохчийн авизо» олуш хилла банкашкара ахча лачкъоран кеп.Телевизионаша цхьамоггIа фильмаш а яьхнера, нохчаша ахча доккхуш лелаен кийтарлонаш ялхош.

Ала догIу, оцу фильмашкахь дакъалоцуш вара 3-4 де хьалха Соьлжа-гIалин де даздан веъна хилла оьрсийн актер Шакуров Сергей а. ХIинца санна, нохчашка болу шен безам ца буьйцура цо яхначу заманахь. Билгладохура, Оьрсийчоьнан бух малбан гIерташ, сийдоцчу нохчаша "авизо" олу долу зулам кечдина хиллера, бохуш.

Къилбседа Кавказна хIара шо чекхадалле дала кхачийна ду 12 миллиард сом. 2013-чу шарахь кхин 6 миллиард цига хьажон дагахь ду Оьрсийчоьнан Iедал. Премьер-министра Медведев Дмитрийс дина и дIахьедар регион кхиоран хьокъехь шен министршца хиллачу цхьанакхетарехь. Ткъа ерриг регионна гергарчу шерашкахь хьажон лерина ду 1 триллион 7 бIе миллиард сом ахча. Цунна дуьхьал меттигерчу республикийн Iедалша белхан меттигаш кхолла еза. Белхаш ца хиларан барам 16 процент тIера 5 проценте охьабаларе сатуьйсу и программа тIеэцначара.

Къилбаседа Кавказ кхион хьажош долчу ахчан доккхаха дакъа ду лаьмнашкахь курорташ яхка лерина. 451 миллиард ду цу гIуллакхна дала кечдина. Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а оцу ахчан декъахь. Амма цигахь а, кхузахь а шаьш оцу программи юккъе бахийтина ца хиларе а ца хьоьжуш, шаьш шайн курорташ еш бу нохчий, гIалгIай а.

Бакъду, Медведев Дмитрийс дукха хан йоцуш дIахьедар дира, Нохчийчуьрчу Хьачарахь бизнесмена Байсаров Руслана ян тIелаьцна йолу когасалазан курорт «Ведучи» а юкъайохийтар дийцаре дан мега, аьлла. Амма оцу дIахьедарал тIехдаьлла дац и гIуллакх. Цул совнаха, Нохчийчохь курорт ян йолаеллачу «Мостовик» компанин хьокъехь таллам бан болийна Краснодар-мехкан Талламан урхалло. Сибрехара еъна и компани Сочи-гIалахь Олимпиадан кечамашкахь бечу гIишлошъяран белхашкахь ахчанашца бозбуанчаллаш лелорна бехке йо.

Таханлерчу Оьрсийчоьнан мехкашкахь коррупци тIех сов яьржина хиларо талхийна латтош ду хьал. Пачхьалкхехь тахана даржхо хилар са йолуш хIума ду, бизнесхо хуьлучул а. Цундела Iилманехь болу кхиамаш кIезга бу Оьрсийчохь. Ткъа Iедалша луш долу ахча Iалашонца дойъуш йолчу республикана 100 миллион сом дала мегаш хилар, масала, Нохчийчоьнна, кхечу агIор аьлча, баркалла иза лачкъа цадарна бохург санна ду.
XS
SM
MD
LG