ТIекхочийла долу линкаш

Францойн Революци а, харжамаш а, буркини а


Австрали -- Сиднейхь буркинина реклама еш бу бусалба мехкарий.

Австрали -- Сиднейхь буркинина реклама еш бу бусалба мехкарий.

«Буркини», хIинццалц девзина а доцу дош. Я девзар ду ала а дацара иза, махка даьржинчу зуламаша дарбинчу францойн дегнаш тедечуха, шайн хIордйисте бусалба духарахь лийча богIу зударий лахка Ниццерчу а, цул тIаьхьа луларчу а гIаланийн мэрашна дага ца деанехь.

ХIун ду «машар», «маршо» къоман дозалла лоручу францошна хилларг? Стенна гIоьртина бердашца эзарнашкахь берзина Iохкучу, хичу лестачу нахалахь наггахь а карош йоцу буркини йоьхна зуда политикашна новкъа? Къаьсттина политикашна.

Тергамхошна гург хIара ду. 18-чу бIешерерчу Революцин муьрера схьа къовсамехь лаьтта Францехь ши кхетам. Пачхьалкх, цо халкъан дуьхьа до ша дийриг, иза бакъ ю, цо адамна дихкинарг дихкина латта деза, оццу адаман дуьхьа долундела, паччахь Далла герга ву, и ши ниIмат деза ду Францина – Руссо Жан-Жакан тIаьхье.

Русоисташ – республиканхой кху массех бIешарахь схьабогIу шайн кхетам кхечу партийн хьажамна дуьхьаллаттош.

Пачхьалкх адамна ю, адамо шена кхоьллина а ю, цунна лоллехь латта а еза, адаман бакъо, цуьнан хьашташ ду коьрта, ткъа пачхьалкх шолгIачу меттехь ю, вахархо – Iедалан корта, пачхьалкх а, дин а цхьана ца догIу, уьш къаьстина лела деза – Франсуа Вольтеран тIаьхье, махкахь хIоттам иштта кхетабе социалисташ.

Оцу шина партин къовсам тIебогIучу харжамашца бозалуш, марсабаьлла, ткъа царна юкъанисделла бахьана бен а дац бусалаба зударийн духар буркини, аьлла хета шера францойн мотт а хууш, пачхьалкхерчу политикан терго а еш, Парижехь вехачу историн докторна Вачагаев Майрбекна.

Вачагаев: «я Ниццехь а, я кхечу гIаланашкахь а ахь денош хIордайистехь дахар, наггахь а яц гуш хичохь бусалба зуда бурикини йоьхна. Харжамаш бу тIекхочуш, партеш ю къийсалуш. Цхьана партино йийцаяьккхина буркини. Ткъа вукхунна иза ца йийцича, ша оьшур ю моьтту. Кхин ден а бахьана дац Францехь зударийн духар дийца".

Политикан агIо Вачагаев Майрбекна иштта го, и ша цхаьъ а вац оцу ойланца – массех дуьненаюкъарчу зорбан хьостано а кхетадо Францера хьал а, буркини гезъяха йолор а оцу кепехь.

Ткъа муха лов шена тIера духар дийцаре даккхар Францехь диллина иза леладеш ехачу бусалбанна?

Страсбургера ю Iайшат. Иза еха шена дино ма-хьоьхху, ойланца а, духарца а. Ша лору гонахара адам а, меттигера кхетамаш а, гIиллакхаш а боху цо. Амма бан-м бо дегабаам а.

Iайшат: «Соьга цхьаммо а цкъа ца аьлла сан духарх ша кхоьру. ГIеххьа ахь лелийча тоьа бусалбан кеп, хьашт дац кIаруг хьаьржачу кучамех а хьаьрчина, бIаьргаш бен а ца гуш лела, соьга хаьттича. Бусалбанна хIума ма алахьара-кх бохуш со-м лела.Суна кхузахь и проблема ю аьлла ца хета".

ХитIехь буркини лелор, кхечу дешнашца аьлча, зудчо оьздангалла ларъеш шен кепехь духар къастор, ткъа цунах цIеххьана цхьа проблема йина дийцадаккхар туьду тахана бусалбанна эриг бен-башха а доцчу Нохчийчохь а.

Хьиджаб ца лелайо Исаева Заремас. Амма цуьнан хьажам бац Францерчу Iайшатчуьнца гараболуш. Демократин бIогIам ша лоручу Францино буркини йийцаяккхар зене ду, ткъа тIебаьхкина бусалбанаш а хила беза шаьш хьошалгIахь дуйла хууш, боху цо.

Зарема: «Зудчун шен бакъо ю дегI хьулдан а, шена товш йоцу шен кеп къайлаяхьа а. Хьашт дац буркини йийца, дуьнена кхин баланаш а боцуш санна. ...Цхьа хIума ду, хьо ваха тIевеанехь, бухарчу низамех а , гIиллакхех а ваша веза. Бухарчу адамашца барт карийчхьана чекхдолу дерриг а".

Цхьа дика доцуш ца догIу вон а, аьлла хета Австралехь ехачу буркини 2004-чу шарахь кхоьллинчу Зинетти АхIедина. Динах политика еш хьийзачу хьаькамех беркат а даьлла, ша арахеца долийна духар тадоьлла бусалба боцчу, амма шайн догIамаш къовла луучу зударшна а, аьлла цо зорбанехь.

Ниццехь а, цунна гонахарчу массех гIалахь а буркини йоьхна зударий хитIа цабитар Iаьткъина далхадо вуно дукха зорбанехь, интернетехь. Бу бехкам бакъбийраш а. Масала, Ставропол-махкарчу Ессентукехь деношкахь «Русь» санаторехь куьйгалло дихкира зударшна буркини а тIехь шайн луьйчийлашка бахка.

Иштта нисделира Францехь политикаша шайна аьттонаш лоьхуш йийца яьккхина буркини Оьрсийчохь а тергоне эца йолор.

...ХIара программа кечъечу юкъанна серлонан къуьда баьржира зама а санна сихачу зорбанехь – Францерччу Вильнев-Луб гIалин кхело юхабаьккхина цигарчу мэро буркини йоьхкуш тIеэцна хилла сацам. Меттигерчу Iедалан бакъо яц нехан маршонаш хьеша, нагахь санна цара юкъараллина сингаттам бохьуш бацахь, аьлла ю кхелан вердикт. Ткъа хIордайистошкахь буркини лелор-м дехка кххина Францин 30 гIалин мэр.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG