ТIекхочийла долу линкаш

Машенийн Долахойн Бакъонаш Йохайо Нохчийчохь


Кадыров Рамзан ву (Аьт) оьрсийн Lada Priora машенаш еш йолу завод схьайоьллучу церемонехь дакъа лоцуш, Устрада-гIала, 26Деч2012

Кадыров Рамзан ву (Аьт) оьрсийн Lada Priora машенаш еш йолу завод схьайоьллучу церемонехь дакъа лоцуш, Устрада-гIала, 26Деч2012

Цхьа хан мосазза йолу, тулгIенан хьесапехь, карла а долуш, зеделла хIума ду Нохчийчохь шайн долахь машенаш йолчу бахархошна тIеIаткъам бар, Оьрсийчоьнан низамашца догIуш а доцуш, токхамаш байтар.


Кхушара дуьххьара а доцуш, ницкъаллин структураша тIом латтош дерш, машенийн коран бIаьргаш ду. Уьш Iаьржа хилар ца магош, тIеман операци дIахьуш санна, зераш дIадаьхьна Iедалан герзахоша полицин белхошца цхьаьна нохчийн гIаланашкахь а, кIошташкахь а, ярташкахь а. БIеннашкахь ягарло оцу бIаьргех бахьана а дина, бахархошкара схьаяьхна машенаш.

Оьрсийчоьнан низамца бIоста нислуш делахь а, стохка я лурчаха магийтинарг а дац хIинца магош - жимма а Iаьржа моха йолуш машенан бIаьрг белахь, иза а дIаюьгуш ю цхьана билггалчу метте. Чоьте оьцуш дац и бIаьргаш заводехь доьхкина хилар а, машенан долахочо и машен эцчхьана а, хийцина хIума ца хилар а.

«Аш лелорг нийса дац, низамаца догIуш дац» аьлла, дуьхьало ян гIоьртиначуьнан, масса тоьпийн баххаш детташ, дамаран цу беш отуш ду бIаьргаш. Ткъа машен, гIуда охьадилча бен дIа а ца луш, лаьцна дIаюьгуш ю.

Теркаца йолчу Новр, Теркйист кIошташкахь уьш дIагульеш йолу меттиг Рубежное эвлана юххехь ю. Кху Чиллан беттан 13-чу дийнахь цигахь низамхоша гулъйинарг бIе гергга машен яра.

Бахархоша тоьшалла а, деш уьш юхаялар а ду ша тайпа нисдина: цкъа хьалха гIуда охьадилла деза пхи эзарна тIера итта эзарне кхаччалц, ахь дийцаре хьаьжжина. Цул тIаьхьа дохийна дIа даьхна я ца магийна корабIаьргаш дохьуш ван веза долахо, шен машен дIайига. Гинчара дийцарехь, даккхий некъаш-м стенна дуьйцу, яртийн урамашкахула леха а лоьхуш, тIаьхьа а хоьхкуш, леца а лоьцуш дIабигна цхьаберш ницкъаллин структураша.

Ма-дарра аьлча, бахархошна хууш дац уьш хIун структураш ю а,тIеман барзакъ дуьйхина, Iедалан герзахой хилар доцург. Шена гинчух дуьйцуш ву Теркйист кIоштера могIарера вахархо Салман.

«ЦIеххьана ярташка а баьржина, милцоша дукха машенаш дIайигна. Жимма а Iаьржа бIаьргаш долуш машен хилча къамел дан а ца до. Цхьа процент а уьш Iаьржа хилар могуьйтуш дац. Машенаш дIаюьгуш ю. Циггахь хийца а хийцина бIаьргаш, гIуда охьа а диллина схьаяло еза тIаккха. Оьрсийчохь мегаш дерг а кхузахь мегаш дац. Суна-м ца хаьа хIара хIун ду. Урамашкахула тIаьхьа а хоьхкуш, леца а лоьцуш, дIа-м йигна. Къамел деш а дац. Схьалол кехаташ олий, машен дIаюьгу. Ур-атталла, нехан кетIахь лаьтташ йолу машенаш йигина меттигаш а ю»

Салмана дийцарехь, хIинца санна нехан хам-пусар а лерам а ца беш, цкъа а нисдина дац ницкъаллин структураша машенаш схьаяхар. Цара адам дIасалелочу газелаш а, автобусаш а тIера дIаяхийтина коре ухку шаруш а,бойнаш а, элира цо.

Газелаш, автобусаш хIун хила еза? Царна тIера а, лаххьийна дIаяхийтина коре оьхкина хIумнаш. ХIинца цхьана баха бевлла некъахой малх белахь а, бацахь а са а детташ, Iа беза. Кхузахь дерг доккха хIума ду. Уьш ца хилча, корабIаьргаш чекх сагуш хилча, шайна зуламхо а, талорхо а го боху-кх, низамхоша»

Ала дашна цу кепара бахархошна тIеIаткъам беш карзахе, нехан синтем ларбар хьалхара декхар долу низамхой хьийзар цхьана а кепара кхетош дац чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин куьйгалхоша. Кхетош дац иза кIоршаме низамаш дохор делахь а.
XS
SM
MD
LG