ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бадалов Руслан: Адамаш Iедалх ца теша


Бадалов Руслан, нохчийн бакъонашларъярхо.
Бадалов Руслан, нохчийн бакъонашларъярхо.

ГΙалгΙайчоьнан куьйгалхочо рогΙера дIахьедар дина, махкахь нах лечкъорна а, уьш бовш хиларна а бехке, цхьана декъанна, Iедалfy низамхой а бу, аьлла. И дIахьедар цо дуьххьара деш дацахь а, оцу зуламшна талламаш беш бац. Цуьнца доза мегаш нисло, цхьаболчу бакъоларъярхоша а, политологаша а Къилбаседа Кавказехь лелачу харцонийн а, Ιедалера юьйлучу къизаллийн а бух Москохахь бу бохург...


ГIалгIайнчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек Кавказерачу мехкийн дайшна юкъахь уггаре а тIекхача атта болчех цхьаъ ву. Цуьнан мобилан телефон ю журналисташна юккъахь гIараъяьлла лелаш. ТIекхача аьтто хиларал совнаха, гIалгIайн куьйгалхочо цкъацкъа дIахьедарш до, хIора хIуман шен-шен цIе а йоккхуш.

Оьрсийчохь Iедалшна сел дукха ца езачу «Кавказский узел» интернет-сайтана ша еллачу интервьюхь, цо дIахьедар дина, махкахь нах лечкъорна наггахь бехке шаьш ницкъаллийн структурийн белхахой а хуьлу, аьлла. Цо бахарехь, дIадаьллачу шарахь а, хIара шо долалучу юкъанна а республикехь лачкъийна ларалуш вара 13 стаг.

Царах 6 стаг, лачкъийна аьлла кеп а хIоттийна, хьаннашкарчу тIемалойн тобанашна юккъабахана карийна. Ткъа оцу 13 стагах важа 7 варна, официалан низамхойн ларш гуш ю. БТРШ-ца баьхкина, стаг дIавигинчул тIаьхьа, уьш низамхой бацара олийла дац, боху ГIалгIайнчоьнан куьйгалхочо.

И тайпа дIахьедар Евкуров Юнус-Бека дуьххьара деш дац. Масех бутт хьалха Несара-гIалахь бакъонашларъярхоша дIахьочу регионалан цхьана форумехь цо изза элира, гулбелларш цец а бохуш. Амма я хIетахь а я хIинца а цо вуьйцучу ворхI стагах, уьш барах а болу таллам дIахьош бац и дан декхаре йолчу Iедалан урхаллаша.

Тахана низамхошкара юьйлучу харцоно кегийнахах бузу гIаттамхойн могIарш. Цунах а, кхечу бахьнех а лаьцна Маршо радиога дийцира Несара-гIаларчу бакъонашларъярхочо Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: "Адамийн тешам дIабаьлла дуккха а хан ю. ХIунда аьлча, харцонаш дукха йийлина. Даредеш меттигаш а хилла,бакъдерг аьлча, шаьш гIалат хиллера бохуш. Ишта хьал ду кхузахь. И болх дIахьош бу. Цхьаберш (тIемалой) цIа боьрзуш а бу. Оцу юккъехула, цхьаберш хьуьнах дIабоьлхуш а бу. Я дега, нене хаьттина боьлхуш а бац уьш.

Цхьаберш Iехалой хуьлу, Iехабой а хуьлу. Цхьаберш, харцо лан а ца лой, боьлху. Махкахь къепе а, нийсо а дIахIоттахь, и хIуманаш а, лахлуш, дIадевр ду.

Нохчийчуьра Iедалан система Кремлерчу Iедало кхоьллинчех кхиам бериг а, уггаре диканиг а хетало таханлерчу дийнахь Къилбаседа Кавказехь лаьттачу хьоле хьаьжча. Амма и система, тамаше далахь а, юкъа ца яьккхаелла я Дагестанехь а я ГIалгIайнчохь а. Иза дан гIиртина, амма цуьнах гIуллакх ца хилла, бохуш, кхидIа а дийцира бакъонашларъярхочо.

Бадалов Руслан: "Ша мел йолу бакъонаш Кадыров Рамзане дIаелла, цо иза шена тIелаьцна дела. Ткъа оьрсийн эскархой шаьш-шаьш болчу меттигашкахь бийшина Iоьхкуш бу. Ткъа вукху республикашна ишшта модель ца елла, аьлча, со ца теша. Гарехь, гIуллакх ца хуьлучух тера ду-кх".

Къилбаседа Кавказера хьал куьйга кIел далийна лоруш ду. Амма Оьрсийчоьнан низамашца регион ехаш елахь а, оьрсийн юккъараллана герга хIетте а ца яхна, мелхо а, кавказхойх мостагIех тарбелла пачхьалкхарчу титулан къоман дукхах долчу декъанна. Кавказехь тийналла ца хIуттуьйту ницкъаш Москохахь бу аьлла хета Бадалов Русланна.

Бадалов Руслан: "Оьрсийчоьн цхьайолчу урхаллаша шайггара лелош дукха хIуманаш ду кхузахь. ГIуллакх дIадерзийта ца лууш дуккха а стурктураш а, нах а бу. Цигахь ду и бахьана. ХIара гIуллакх дIадоьрзийла ца луучу тобанийн аьтто болу хир бу-кх".
XS
SM
MD
LG