ТIекхочийла долу линкаш

Ша тΙехьекхначу нехех Кавказ цо цΙан ца яхь...


Нохчийчоь -- Оьрсийн ксенофобина дуьхьало еш хIоттийначу гуламехь, Соьлж-ГIала, 21Мар2013

Нохчийчоь -- Оьрсийн ксенофобина дуьхьало еш хIоттийначу гуламехь, Соьлж-ГIала, 21Мар2013

Пачхьалкхехь кхин ца хиллал эрчаевлла юйла къаьмнийн юкъаметтигаш кхеташ йолчу Кремло керла хΙукмат схьайиллина Къилбаседа Кавказан шахьар хилла дΙахΙоьттинчу Пятигорск-гΙалахь. «Вайзаманара Кавказан политикан Центр» тиллина цунна цΙе. Амма Кавказера политикаш кΙезиг теша оцу цхьана гΙулчо кавказхой оьрсийн ксенобина бухар бохур бу бохучух.




Къаьмнийн юкъаметтигаш балансехь латтош ша тайпа кепаш ю Кремлан, ша пелхьон волучо лелабе эрз санна. Шен карахь цхьа кеп, ирча, къиза, цим тосу кеп сов а иккхина, хьал дестадоьлча, кхин, маслаΙате хетало кепаш чухоьцу Ιедалша. «Вовшах а дохуш, олаллехь кхаба халкъ» боху къена кеп яц юьтуш цкъа а.

Кавказхошца барт чΙагΙбен, кхидолу къаьмнаш цаьрга безаме хьоьжуьйту некъаш баха беза, аьлла долийра стохка хΙетта дарже хΙоттийначу Оьрсийчоьнан культуран министра Мединский Владимира. Кинохь, теле-радио журналистикехь, газеташкахь аьшнаш а ца беш, мелхо а дикачу амалшца гойтийла хΙинцачул тΙаьхьа кавказхой, бохура шен къоман синкхетам ксенофобин сакхтех цΙанбан оьшу аьлла хетаделлачу министра.

Ткъа хΙинццалц, кху ткъе иттех шарахь стенгахь яра Кремль? Иза ша яц тΙемашца а, къаьмнаш аьшнашка даьхна дийцарца а пачхьалкхехь национализм а, нацизм а яржийнарг, боху хаттар гΙаттадора Мединскийс айдиначун дикачу тΙаьхьалонах тешаш а боцчу кавказхоша.

Амма оцу юкъанна стохка а, кхушара а дуккха а дΙовш тийсина къаьмнийн юкъаметтигаш къахьъеш баккхийчу а, кегийчу а политикаша. Масала, стохкалера ду, дерриг къаьмнаш а и шайца гома хиларх доьллачу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думин хьаькамех волчу Жириновский Владимира дина хΙара къамел.

Жириновский: «Проблема цхьаъ ю - Москох, Къилбаседа Кавказ. Кхин проблема яц. Вай царна массарначул дукха ахча ло бюджетера. Уггаре къезиг оьцу цаьргара ял. Ткъа хьовсийша цаьрга. Цигахь сов дуьзина ду бераш. Дикачу духарахь ду. Тоьлла хΙусамаш, ...машен ю хΙораннан. Цу юккъехула боху, шаьш массо а белхаш боцуш ду. Ца лаьа, болх бан ца лаьа».

Кхечу политика, оппозиционера Лимонов Эдуарда иштта дуьйцу кавказхойх, аьлча а, нохчех лаьцна.

Лимонов: «Нохчийн дан хΙума дац вайца. Уггаре хьекъалениг ду царех дозан асанца дΙакъастар. Бехийла уьш цигахь, вай – кхузахь. Ца тоьарий Оьрсийчоьнан эскаран, оьрсийн пачхьалкхан берраш нохчий хΙаллабан доьналла, я Сталина санна, уьш дехьаховшо – ца тоьанехь, дΙаяла еза-кх оцу къизачу, барт боцчу нахана церан маршо».

Тахана юха а гΙаттийна Кремлан гонаша, кавказхошна оьрсий а, кхидолу къаьмнаш а герга дуьгу программаш юкъаяха еза, аьлла. Цунна лерина кхуллуш ю Москох а, ша Кавказехь а и болх бен йолу хьукматаш.
Амма шек бу тахана Кремлан омаранаша хийцамаш бохьур бу, цо ша кхиийна, яржийна, чΙагΙйина ксенофоби цΙеххьашха юхаер ю бохучух дукха политикаш, къаьсттина кавказхой.

Дукха шераш ду кхарачо Таганидзе Султан Москох мел хуьлучу къамьнийн юкъаметтигаш дикачу хьоле йига тарло аьлла хеталучу барамашка лела а, цигахь цо ерриг Оьрсийчоьнан кавказхойн конгресс олучу юкъараллехь кегийрхошца болх бечу декъа тΙехь куьйгалла леладен а. Ксенофобица дерг а, цуьнца латточу къийсаман а хатΙ иштта го Султанна.

Тогонидзе: «Социологийн хаттамо ма-гайттара, Москох цхьа процент бахархой бен бац кавказхой гича ловш, еккъа цхьа процент. Вайна баккъала а го Москох урамашкахь нах кавказхошца мел чΙогΙа гома бу. Национализм хеза, вайна, цуьнца ийна го ваьшца лелаен юкъаметтигаш кеп-кепарчу хьаькамийн.

Селхана иза арахь бен нислуш цахиллехь, хΙинца и ду пачхьалкхан дайн кхетамца. Иза цара, эхь а ца хеташ, даржадо, гойту ерриг пачхьалкхан телехьожийлашкахь, радиочухула, газеташкахь. Я нехан а я пачхьалкхан структурашкахь а хуьлуш бац цхьа а хийцам. Вайна гуш ду юкъараллехь хьал телхаш».

Кавказан васт тодеш, цΙиндеш болх бан кхуллуш ю Оьрсийчоьнан президентна тΙе а тевжаш болх бан декхар долу "Вайзаманалара Кавказан политикан Центр" шен цΙе лелор йолу хьукмат. Цуьнан директор хΙоттийна Осенников Андрей. Центро куп тухуш ю Пятигорскехь.


Гарехь, къаьмнийн юкъаметтигаш галморзах йовларан барам совбаьллийла, иза шена а, махкана зуламе дуйла кхета Кремль. Тахана къаьмнашна юкъара херонаш яшаен, йохъен мур болош ю иза. Ткъа хууш дац цхьанненна а цуьнан мел аьтто бер бу, пачхьалкхан политика мел хийцалур ю оцу новкъаяла.

Хила тарло, дегΙ семан тΙехь латтаде шен карара эрз тΙех разбаьллийла Кремлан дена гуш хила а. Хьал иштта делахь, цхьа пайда бан а мега керла кхуллучу Центро.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG