ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказан Турпалхо къастош ю "Кавказский Узел"


Кавказ -- Кавказан Турпалхо къастош ю "Кавказский Узел" бакъонашларъярхойн интернет агенталла.
Кавказ -- Кавказан Турпалхо къастош ю "Кавказский Узел" бакъонашларъярхойн интернет агенталла.

Кавказерачу хиламехь язъеш йолчу "Кавказский узел" цIе йолчу сайто, конкурс кхайкхина, регионехь турпалхо аьлла цIе лелош мегар волуш стаг къасторхьам. Царна юккъахь, итт стаг ву, тайпа-тайпана мехкашкара, цхьацца дахаран хьелашкахь билгалбоьвла. ХIинцале долчу терахьашца хьалхаваьлла воьдуш ву Нохчийчуьра векал.

«Кавказский узел» цIе йолчу сайто кхайкхина и конкурс. Шаьш къастийначу I0 стагах, цхьаъ билгалаваккха веза, сайтан хьовсархоша. Азербайджанера дуьйна, Краснодара кIошта кхаччалца, йолчу республикашкахь, бакъонашларъярхой а, журналисташ а, адвокаташ а, юккъаралхой а, бу цу юккъахь. Оцу иттана юккъе ваха, дахаран шен хьежам а болуш, йолчу харцонна доьхьала латта майралла а йолуш болу нах бу бохуш ду сайт тIехь.

Масла, Азербайджанан журналист Исмаилова Хадижо теллина, пачхьалкхехь уггаре а шуьйра яьржина йолу «Азерфон» мобила телефонан компани президентан Алиев Ильхаман шина йоIан долаллехь ю аьлла. Оцу таллам бахьанехь, цунна Iаткъамаш бина хилла. Адыгийн республикера лоьро Шишхов Давлета, коьртах ах метар дечк чекхаяьлла стаг лечуьра кIелхьараваьккхина, операции а йина.

Иштта, ГIалгIайн мехка, адамийн бакъонехула векал Оздоев Джамбулат а ву оцу списки юккъахь. Дарже хоьттинчу дуьйна, адамийн бакъонашца долу гIуллакх мелла а тадала дуоладелла аьлла хета, и конкурс кхайкхинчарна.

Ву цу юккъахь, Нохчийчоьнан векал а. Иза ву «Дош» журналан коьрта редактор Шовхалов Исрапил. Москохахь арадолучу оцу журнало яздеш ду, КъилбаСеда Кавказерачу хиламехь а, политикех а. Конкурсехь дакъалацара Шовхаловна хьакъ хилар, ду боху, цуьнан болх халонца а, дахаран кхерамца а ийна. 3 шо хьалха цунна а, цуьнан гIовс волчу Дудуев Iабдулина а, ГIалгIайн махкахь тIелатар динера муьлша бу ца хуучу герзхоша, и шиъ Плиево олучу оьвлахь митинге а вахана Несар-гIала дIавоьдучу хенахь.

Ишшта оцу списки юккъахь бу, Абхазера а, Дагестанера , ХIирийн махкара а векалша. ХIора а стаг, шен-шен цхьацца хиламашкахь билгалваьлла ву, шайна хетарг чекхадаккхарехь чIагIам гайтина болу.

«Кавказский узел» сайт тIехь, хIинцале гуш ду, хьанна алсам кхаж тосуш бу. Кхечарах дикка хьалхаваьлла воьдуш верг ву нохчийн журналист Шовхалов Исрапил. Цул тIаьхьа йогIуш ю, могIарерачу бахархойн бакъонаш меттахIотторехь къахьоьгуш йолу Дагестанера адвокат Магомедова СапихIат а, лакхахь йийцина йолу Азербайджанера журналист Исмаилова Хадишт а.
XS
SM
MD
LG