ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуккха а тамаше хIуманаш гучудаьхна тIаьххьарчу Оьрсийчохь бахархойн хьесапдаро


Оьрсийчоь -- 2010 шарахь Оьрсийчохь бахархойн хьесапдар дIахьучу жигархочуьнан хилла болу гIирс, 11ГIад2010
Оьрсийчоь -- 2010 шарахь Оьрсийчохь бахархойн хьесапдар дIахьучу жигархочуьнан хилла болу гIирс, 11ГIад2010

Вай хьалха дийцина ма-хиллара, 2002-чу шарца дуьстича Къилбаседа Кавказерачу бахархойн терахь тIекхетна 500 эзар стагана, вуьшта аьлча, 5,5 %. Оцу кепара, карарчу хенахь цу регионехь вехаш ву 9 миллион 400 эзар стаг. Оьрсийчохь лаьттачу хьолаца дуьстича, Къилбаседа Кавказехь алсам бу зуда ялоза а, маре бахаза а нах.


Росстатан куьйгалхочо Суринов Александара далочу терахьашца, кху тIаьхьарчу 10 шарахь, ГIебартойн-Балкхаройчоь а, ГIалгIайчоь а дIаяьккхича, вукха республикашкахь а, кIошташкахь а бахархойн терахь алсам даьлла.

ГIебартойн-Балкхаройчохь бахархойн терахь лахделла 4,6 %. Цуьнан бахьана ду, аьлла, хета говзанчашна цу республикера адамаш дIаэхаран терахь алсам хилар, цигахь дуьненчу довлучу берийн терахьелла а.

Адам дIадоьдуш ду ГIалгIайчура а.Цигара нохчий дIабахарца доьзна ду, аьлла, хета говзанчашна цу республикерачу бахархойн терахь лахдалар.

Къилбаседа Кавказехь уггара дукха бахархой тIекхетна болу меттиг ю Нохчийчоь (15%). ШолгIачу меттехь ю Дагестан (13%), тIаккха - Кхарачой-Чергазийчоь (8,7 %).

Росстатан куьйгалхочо Суриновс дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь дукхах болу бахархой ярташкахь бехаш бу. Баккхийн хийцамаш хилла цигахь деха адам мел хенаш йолуш ду, бохучех а. Къонан бахархой хиларехь хьалхара позициш дIалоцуш ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а (24, 25 шо), ткъа иштта Дагестан (27 шо 3 бутт).

2002-чу шарахь хиллачу лаларца дуьстича Оьрсийчохь тIекхетна 11 керлачу къаьмнийн бахархой. ХIинца цу пачхьалкхехь бехаш бу 193 къоман а, этникан тобанийн а векалш.

Уггара дукха къаьмнаш деха Оьрсийчоьнан Федерацин субъект ю Дагестан. Цу республикехь бехаш бу 117 къоман а, этникан тобанийн а векалш. Бахархой тIекхетарца Дагестан шолгIачу меттехь ю Оьрсийчоьнан субъекташна юкъахь.

Массо а кавказерачу регионехь лахделла оьрсийн къомах болчу нехан терахь, шайна юкъахь Ставропол-кIошта а йолуш.

Къилбаседа Кавказехь къезиг доьзалш бу, доьзал бу, аьлла, кехаташ доцуш. Цигарчу республикашкахь масийтта зуда йолу доьзалш хилар а гучудаьлла. ГiалгIайчохь 30 стаг ву шиъ, я масийтта зуда йолуш. Нохчийчохь - 75. Ставропол-кIоштахь - 6. Ерриг а Оьрсийчохь и хьал ду 1616 доьзалехь. Уггара дукха ши зуда йолу нах бехаш бу Москох (732) а, Петарбухехь (382) а.

15 шо кхачанца долу бераш шозза дукха ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, кхечу регионашкахь чулла а. Ткъа дукха бераш долу доьзалш шозза дукха бу цу шина республикехь.

Оьрсийчохь лаьттачу хьолаца дуьстича, Къилбаседа Кавказехь алсам бу зуда ялоза а, маре бахаза а нах. Божаршна юкъахь и терахь ду 29,7 %, ткъа зударшна юкъахь – 21,2 %. Уггара дукха зуда ялоза нах бу бехаш ГIалгIайчохь – 37, 7% (божарий), 35,4 % (зударий).

Кхин цхьа тамашийна дерг ду 2010-чу шарахь дIадаьхьначу бахархой лаларца а догIуш, 25 % Къилбаседа Кавказера бахархой хенах бовлуш хилар пособиш а оьцуш. Ткъа хIора ялхолгIа стаг хенах волуш ву гергарчеран гIоьнца. Къилбаседа Кавказехь юккъерачу барамехь болх беш бу 34 % бахархой. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь юкъъерачу барамехь ду 48 %.

2010-чу шарахь хиллачу бахархой лараран жамIашца Оьрсийчохь вехаш ву 142 миллион 900 эзар стаг. Оьрсийчоь борхIалгIа меттиг дIалоцуш ю кху дуьнентIехь бахархойн терахь доккха хиларца, Китай а, Инди а, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, Индонези а, Бразили а, Пакистан а, Бангладеш а дIаяьккхича.

2002-чу шарца дуьстича, Оьрсийчоьнан бахархойн терахь жимделла 2 миллион 300 эзар стаганна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG